‏ Isaiah 35

Деза долчун некъ

1Яьсса а, екъа а аре йоккхаеш хуьлийла,
эрна аре самукъадаьлла хуьлийла,
акха зезаг санна цо заза доккхийла.
2ЧӀогӀа заза доккхуш хуьлийла и аре,
йоккха а еш, самукъане иза кхойкхийла.
Ливанунан сийлалла цунна дӀалур ду,
Кармал-ломан а, Шарон-аренан а исбаьхьалла цунна лур ю.
Везачу Элан сийлалла гуш хир ю,
вайн Делан исбаьхьалла гур ю.

3 aАндде шайн кӀадделла куьйгаш,
чӀагӀъе шайн егош йолу голаш.
4Кхоьруш долу дегнаш долчаьрга дӀаала:
«Доьналлехь а хила, кхера а ма кхера!
Дела схьавогӀур ву, шун мостагӀашна бекхам бархьама.
Царна доггӀург а делла, шу кӀелхьардаха Иза вогӀур ву».

5 bТӀаккха бӀаьрзечийн бӀаьргаш са гуш хир бу,
ткъа къорачийн лергаш дӀадоьллур ду.
6АстагӀниг, сай санна, кхоссалур ву,
мотт сецна волчо, хазахеташ, мохь хьоькхур бу.
Хиш яьссачу арахула дӀахецалур ду,
хин Ӏовраш эрначу арахула оьхур ю.
7Йовхачу гӀамарх хин Ӏам хир бу,
декъа латта хьостанаша дузор ду.
ЧангӀалкхаша шайна баннаш дина меттигашкахь
шач а, эрз а хьалабер бу.

8Коьрта некъ а хир бу цигахь,
цунах «Деза долчун некъ» эр ду.
Хьарам берш цу новкъахула гӀур бац,
сонта берш цунна тӀехь кхерстар бац.
Делан новкъахула леларш бен,
уьш бен цу новкъахула лелар бац.
9Цхьа а лом хир дац цигахь,
дера акхаро а ер яц цу тӀе.
Уьш цигахь карор яц.
Дала, мах а белла, паргӀатбаьхнарш
гӀур бу цу новкъахула.
10Везачу Эло кӀелхьарбаьхнарш юхабоьрзур бу,
хазахетарца кхойкхуш Цийон-гӀалина чу гӀур бу.
Гуттаренна а долу ирс церан кортош тӀехь хир ду.
Самукъадалар а, хазахетар а царна тӀаьхьакхуьур ду,
сингаттам а, узарш а царах дӀакъаьстар ду.
Copyright information for CheCAC2012