Isaiah 37:1-7
Хьузакх-ЯхӀус ЕшаӀ-ЯхӀуга шена хьехар дар доьху
(ТӀаьххьарнаш 19:1-7)
1Шена и хабар ма-хеззи, шен тӀехулара бедарш а этӀийна, сингаттаман духар тӀе а дуьйхина, Везачу Элан цӀа долчу вахара Хьузакх-ЯхӀу. 2Паччахьан цӀийнан хьаькам Элъякъим а, йозанча Шибна а, динан дайн тхьамданаш а, сингаттаман духарш тӀе а духийтина, Амосан кӀантана ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамарна тӀебахийтира цо. 3Цара элира ЕшаӀ-ЯхӀуга: «Иштта боху Хьузакх-ЯхӀус: „Сингаттаман а, таӀзар даран а, эхь тӀедаран а де ду хӀара, хӀунда аьлча бер дуьнен чу доккхучу, ткъа и бер дан ницкъ ца кхочучу зудчух тарделла вай. 4Цуьнан олахо волчу ашурхойн паччахьо схьахьажийначу эскаран хьаькамо аьлла, дийна волу Дела емалвеш долу дешнаш хьан Везачу Далла дӀахаза тарло. Хьан Везачу Дала цунна таӀзар дан тарло, Шена дӀахезна дешнаш бахьана долуш. Ткъа ахь дийна бисинчарах доӀа дехьа“». 5Хьузакх-ЯхӀу-паччахьан ялхой шена тӀе баьхкича, 6ЕшаӀ-ЯхӀус цаьрга элира: «ДӀаала шайн паччахье, Везачу Эло иштта боху: „Ашурхойн паччахьан ялхоша, Со емал а веш, аьллачу, хьайна хезначу дешнех ма кхера. 7Хьажалахь! Аса цунна чу са дуьллуьйтур ду, тӀаккха цхьа хаам а хезна, иза шен махка юхавоьрзур ву. Ткъа Аса шен махкахь туьраца хӀаллаквийр ву иза“».
Copyright information for
CheCAC2012