‏ Isaiah 38

Хьузакх-ЯхӀу-паччахь цомгуш хилар а, товалар а

(Сулим 20:1-11; 2 Шерашкахь 32:24-26; ТӀаьххьарнаш 20:1-11)

1Цу деношкахь Хьузакх-ЯхӀу, цомгуш а хилла, валарна гергакхаьчнера. Амосан кӀант волчу ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро, иза волчу а веана, элира цуьнга: «Иштта боху Везачу Эло: „Хьайн цӀентӀехь болчаьрга весет де, хӀунда аьлча, цомгуш волчуьра то а ца луш, хьо лийр ву“».

2Юьхь пенехьа дӀа а ерзийна, Везачу Эле иштта доӀа дира Хьузакх-ЯхӀус: 3«Ва, Веза Эла! Дагадаийтахьа, Хьуна тешаме а волуш, доггах тӀевирзина а хуьлуш, со Хьайна хьалха лелар. Ас гуттар а Хьуна нийса хеташ дерг леладора». ТӀаккха къаьхьа вилхира Хьузакх-ЯхӀу.

4Юха Везачу Элан дош кхечира ЕшаӀ-ЯхӀуга: 5«Хьузакх-ЯхӀу волчу а гӀой, иштта дӀаала цуьнга: „Иштта боху хьо схьаваьллачу Даудан Дела волчу Везачу Эло: ‘Суна хьан доӀа а хези, хьан бӀаьрхиш а ги. Ас хьан дахарна тӀе пхийтта шо хан тухур ю. 6Ашурхойн паччахьан куьйгах хьо а, хӀара гӀала а кӀелхьарйоккхур ю Ас, гӀала лар а йийр ю’“.

7Везачу Эло Ша аьлларг кхочушдийриг хиларан хӀара билгало ю хьуна. 8„Ахьаз-паччахьо бинчу лами тӀера маьлхан ӀиндагӀ итт тӀегӀанна юхадоккхур ду Ас“, – боху Везачу Эло». Ша чубаханчуьра итт тӀегӀанна юхабелира малх.

9ХӀара ду яхӀудхойн паччахьо Хьузакх-ЯхӀус, цамгарх ша товелча, дӀаяздинарг: 10«Ас аьллера сайга: „Сайн дахаран тоьллачу хенахь
Ӏожаллин кевнах чекхвала везаш ву со.
Дахаран дисинчу шерех дӀахаьдда ву со“.
11Ас аьллера: „Дийначийн лаьтта тӀехь
кхин гур вац суна Веза Эла.
Дахар дӀахедош долчу дуьнен тӀехь
кхин цкъа а адам гур дац суна.
12Сан дахар сох дӀадоккхуш ду,
дӀадоккхуш долу жаӀуйн четар санна.
КӀадидархочо санна, сан оьмар карчийна ас.
КӀади дечу чарха тӀера дӀахададо кӀади санна,
Везачу Эло сан дахар чекхдоккху цӀеххьана,
Ӏуьйренна тӀера суьйре тӀекхачале.
13Сахиллалц хьоьжуш Ӏийра со,
лоьмо санна, Цо кегйора сан даьӀахкаш.
Везачу Эло сан дахар чекхдоккху цӀеххьана,
Ӏуьйренна тӀера суьйре тӀекхаччалц.
14ГӀаргӀулин а, чӀегӀардиган а санна дара сан аз.
Кхокхано санна, сагатдора ас.
Сан бӀаьргаш гӀийла стигала хьоьжура.
Веза Эла, кӀелхьарваккхахьа со! Ма баланехь ву-кх со!“
15ХӀун эр ду ас? Везачу Эло ала а элира,
Цо иза дан а дира.
Сайн дахаран дерриг а шерашкахь собарца лелар ву со,
сайн са чохь хилла бала дагахь а латтош.

16Хьалдолу Эла, Хьан дешнашца Ӏаш ма бу нах,
сан синан дахар Ахь мел дечуьнца доьзна ма ду.
Ахь со товеш ву, Ахь суна дахар а лур ду.
17Сайн боккхачу баланах суна дика болх хили.
Хьайн безамца Ахь эрналлин Ӏинах ларви со.
Сан къинош Хьайна тӀехьа тийси Ахь.
18ХӀунда аьлча эхарто ца хаставо Хьо,
Ӏожалло Хьуна хастам ца бо.
Коша чу бирзинчеран дегайовхо яц
Хьо царна тешаме хиларх.
19Дийна волчо бен Хьо хастор вац,
ас Хьо хӀинца хаста-ма-варра.
Дайша шайн берашна дуьйцур ду
Хьан тешаме хиларх лаьцна.
20Везачу Эло со кӀелхьарвоккхур ву.
Мерзаш долу пондарш а лоькхуш, оха хастор ву Хьо.
Тхаьш дийна мел ду, Везачу Элан цӀа долчохь Иза хастор ву оха».

21ЕшаӀ-ЯхӀус аьллера: «Ӏаьвдина инжирийн курс схьа а эций, иза оцу ноткъа ечу меттигна тӀейилла, тӀаккха паччахь товийр ву». 22Ткъа Хьузакх-ЯхӀус хаьттинера: «ХӀун билгало хир ю, со Везачу Элан цӀийне гӀур ву аьлла?»
Copyright information for CheCAC2012