‏ Isaiah 39

Бавел-махкара болу геланчаш

(Сулим 20:12-19; ТӀаьххьарнаш 20:12-19)

1Цу хенахь Бавел-мехкан паччахь волчу Балу-Адданан кӀанта Мардух-Балу-Адданана кехаташ а, совгӀат а дахьийтира Хьузакх-ЯхӀуна, иза цомгуш хиллачул тӀаьхьа товелла аьлла шена хезна дела. 2Геланчаш хазахетарца тӀе а эцна, Хьузакх-ЯхӀус царна гайтира шен чӀоь-цӀа
ЧӀоь-цӀа – иза тӀаьхьалонна йолу хӀума дӀаюьллуш долу цӀа ду.
чохь мел дерг – дети а, деши а, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а, деза хьакхарш а, герз чохь долу цӀа а, шен хазнашкахь кхин мел карош дерг. Хьузакх-ЯхӀус шен паччахьан цӀа чохь а, шен массо а пачхьалкхехь а царна гайтаза хӀумма а ца дисира.
3Юха ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро, Хьузакх-ЯхӀу-паччахь волчу а веана, хаьттира цуьнга: «ХӀун бохура оцу наха? Мичара баьхкинера уьш?»

Хьузакх-ЯхӀус жоп делира: «Уьш генарчу Бавел-махкара баьхкинера», – аьлла.

4«Хьан цӀа чуьра хӀун гира царна?» – аьлла, хаьттира ЕшаӀ-ЯхӀус.

«Сан цӀахь мел долу хӀума а гира царна. Сан хазнаш чохь хӀумма а ца йисна ас царна гайтаза», – элира Хьузакх-ЯхӀус.

5ТӀаккха ЕшаӀ-ЯхӀус элира Хьузакх-ЯхӀуга: «ЛадогӀа, массо а ницкъийн Везачу Эло хӀун боху: 6„Цхьа хан йогӀур ю, хьан цӀа чохь мел дерг а, хьан дайша кху дийне кхаччалц гулдинарг а Бавеле дӀахьош. ХӀумма а бухадуьсур дац, – боху Везачу Эло. – 7 bАхьа байтина болчу, хьох схьабевллачу хьан кӀентех цхьаберш а дӀабуьгур бу. Бавелан паччахьан цӀахь баьӀна ялхой бийр бу царах“».

8Хьузакх-ЯхӀус жоп делира: «Ахь Везачу Элера беана хаам дика бу». Амма шен дагахь цо ойла йира: «Сан дахаран деношкахь машар а, синтем а хир бу» – бохуш.
Copyright information for CheCAC2012