‏ Isaiah 40

Дегайовхонан дешнаш

1«Синтем луо, синтем луо Сан халкъана, –
боху шун Дала. –
2ДӀаала Ярушалайме эсала,
дӀахаийта цуьнан халкъе,
бала хьегна шераш чекхдевлла хилар,
цуьнан къинойх мах дӀабелла хилар.
Везачу Элан куьйгах шалха таӀзар
тӀеэцна цо дерриг а шен къинойх».

3 a bКхойкхучун аз хезаш ду:
«Яьссачу аренгахь Везачу Элана некъ кечбе!
Эрначу аренгахь нисде тхан Далла некъан тача!
4ХӀора тогӀи хьалайоккхур ю,
хӀора лам а, гу а лахабоккхур бу.
Харц некъаш нислур ду,
доьхнарш шарлур ду.
5Везачу Элан сийлалла гучуяьккхина хир ю,
ткъа дерриге а адамашна иза гур ю,
хӀунда аьлча Везачу Эло Ша аьлла иза».

6 cОзо боху: «ДӀакхайкхаде!»
Ас хоьтту: «ХӀун кхайкхо деза ас?»
«Кхайкхаде, хӀора адам буц санна ду,
цуьнан хазалла арарчу зезагийн санна ю.
7Буц а якъало, зезаг а маргӀалдулу,
Везачу Эло царна тӀе мох тоьхча.
Баккъалла, буц санна, адамаш а ду.
8Буц а якъало, зезаг а маргӀалдулу,
амма вайн Делан дош гуттар а лаьтташ ду».

9 Хаза кхаъ бахьаш йолу Цийон,
лекхачу лам тӀе хьалаяла!
Хаза кхаъ бахьаш йолу Ярушалайм,
хьайн аз айдеш, дӀаала чӀоггӀа!
ДӀаала, ма кхера!
ЯхӀуд-мехкан гӀаланашка дӀаала:
«Хьажал, шун Дела схьавогӀуш ву!»

10 dХьажал, Хьалдолу Эла ницкъаца вогӀуш ву,
Цуьнан куьг ду урхалла деш.
Цуьнан совгӀат а Цуьнца ду,
Цуьнан ял а Цунна хьалха йогӀуш ю.
11 eЦо Ӏалашдийр ду Шен жа, Ӏуьно санна.
Ӏахарий караоьцур ду Цо,
уьш Шен дага уллохь лелор ду.
Узуш дерш а лерина Ӏалашдийр ду Цо.

Исраилан башха Дела

12Канашкахь хи хьан дуьстина,
я, ше а лоцуш, стигал хьан юьстина?
Лаьттан чан тускар чу хьан ерзийна,
я лаьмнаш а, гунаш а терзан тӀехь хьан оьзна?
13 fВезачу Элан хьекъал довза мила кхаьчна?
Цуьнан хьехамча санна хьан Ӏамийна Иза?
14Хьанах дагаваьлла Веза Эла?
Мила ву Цунна къастор луш а, Иза нийсачу новкъа воккхуш а?
Мила ву Иза кхетош а, Цунна кхетаман некъ гойтуш а?

15Везачу Элана халкъаш хӀумма а йоцург ю,
хин тӀадамал бен дац уьш Цунна.
Терзанна тӀера ченан буьртиг санна ду уьш.
ГӀайренаш, хӀур санна, хьалаойу Цо.
16Ливанунан хьаннаш тоьуш яц,
Цунна догӀуш долу сагӀанаш цӀера тӀехь даккхархьама.
Цигара долу бежанаш а тоьуш дац
Цунна догӀуш долчу дийнаташ дагоран сагӀина.
17Дерриг а халкъаш Цунна хьалха хӀумма а яц.
Уьш хӀумма йоцучу хӀуманал кӀезиг а, даьсса а лоруш ду Цуьнан.

18 gИштта, хьаьнца вустур вара аш Дела?
Цуьнца юста хӀун кеп хир яра шун?
19ЦӀунах лаьцна аьлча, пхьеро иза эчигах вутту,
ткъа дашо пхьеро цунна тӀе деши а дуьллу,
дато зӀенашца иза кеч а во.
20Иштта совгӀат дан къен волчо
ца телхаш долу дитт хоржу.
Цо, говза пхьар а лохий,
цуьнга охьа ца вужу волу цӀу войту.

21Шуна ца хаьара?
Шуна ца хезнера?
Юьххьенца дуьйна аьлла дацара шуьга?
Латта кхоьллинчхьана дуьйна ца кхеттера шу?
22Лаьттан гон тӀехула йолчу Ӏарш тӀехь Ӏаш ву Иза,
адамаш цаьпцалгаш санна ду Цунна хьалха.
Цо стигал дӀасаяржийна, дуткъа кӀади санна,
чохь Ӏан дина четар санна, дӀахӀоттийна иза.

23Цо баьччанех хӀумма а йоцург йо,
кху лаьттан куьйгалхой тӀепаза бойу.
24Уьш дӀа ма-дийггӀи,
уьш дӀа ма-дий,
цара орамаш ма-хийцци,
Везачу Эло царна тӀе Ӏаь туху,
уьш маргӀал а дулу,
ткъа мохо уьш, ча санна, дӀахьо.

25«Со хьаьнца вустур ву аш?
Мила ву Соьга кхочуш?» –
боху Везачу Дала.
26Шайн бӀаьргашца стигала хьалахьовсал!
Хьан кхоьллина и дерриге а седарчий?
Эскар санна цхьацца арадоккхучо уьш кхоьллина.
Цунна церан хӀораннан цӀе хаьа.
Цуьнан ницкъ сел боккха хиларна,
царах цхьа а вовш вац.

27Ахь хӀунда боху, Якъуб,
арз хӀунда до, Исраил:
«Сан некъ Везачу Элах лачкъийна бу,
сан гӀуллакх Далла дицделла», – бохуш?
28Хьуна ца хаьа?
Хьуна ца хезна?
Веза Эла гуттар а волуш волу Дела ву.
Цо лаьттан йистош кхоьллина.
Иза цкъа а кӀад а ца ло, хӀотта а ца хӀутту.
Цуьнан хьекъалх цхьа а кхетар вац.
29Цо кӀадвеллачунна ницкъ а ло,
хӀоьттинчунна гӀора а ло.
30Ур-атталла кегий нах кӀад а ло, хӀотта а хӀутту,
ур-атталла къонанаш, гӀел а белла, охьаэга.
31Амма Везачу Эле хьоьжуш болчара
шайн ницкъ карлабоккху.
Аьрзунан тӀемаш шайн хилча санна,
уьш лакхахь оьхуш хир бу.
Бевдча а, уьш хӀуттур бац,
новкъа дӀабахача а, уьш кӀадлур бац.
Copyright information for CheCAC2012