Isaiah 41
Дала исраилхой иракарахӀиттор
1«Тийна ладогӀа Соьга, хӀордан йистера къаьмнаш! Халкъаша шайн ницкъаш карлабохийла!Улло а даьхкина, дистхуьлийла уьш.
ГӀуллакх къасто, цхьаьнатохийла вай.
2Малхбалера волу стаг хьан самаваьккхина,
иза дӀавахханчохь цуьнга толам а боккхуьйтуш?
Цо халкъаш цуьнан кара дӀало,
паччахьаш цунна муьтӀахь бойту.
Цуьнан туьро царах чан йо,
цуьнан Ӏедо уьш дӀасакхуьссу,
мохо ча дӀаса ма-кхоссара.
3Цо лаьхкина буьгу уьш, иза паргӀат дӀавоьду
ша хьалха цкъа а ца ваханчу новкъахула.
4Хьан кхочушдина иза, хьан чекхдаьккхина иза?
Хинйолу тӀаьхьенаш юьхьанцара дуьйна схьа хьан кхайкхина?
Со, Веза Эла, хьалхарниг ву,
тӀаьххьарчаьрца а Со изза хир ву.
5ХӀордан йистера къаьмнаш,
иза а гина, кхераделла ду.
Лаьттан йистера халкъаш дегош ду.
Уьш схьа а догӀу, схьа а кхочу.
6ХӀораммо а шен накъостана гӀо до,
шен веше а олу: „ЧӀагӀлолахь!“
7Пхьеро дашо пхьар иракарахӀиттаво.
ЖӀаьвнаца болх бечо иракарахӀиттаво
нуьйжина тӀехь тухуш верг.
Латийначух боху: „Дика болх бина!“
Цо хьостамашца цӀу чӀагӀво, иза охьа ца вожийта.
8 aАмма хьо, Сан ялхо долу Исраилан халкъ,
Ас хаьржина йолу Якъубан тӀаьхье,
Сан доттагӀчун ИбрахӀимах схьадаьлларг, –
9Ас лаьттан йистера схьаэцна хьо,
генарчу маьӀигашкара Ас схьакхайкхина хьо.
Ас аьлла хьоьга: „Хьо Сан ялхо ву“.
Ас хаьржина хьо, Ас хьо дӀа ца тесна.
10Кхера ма кхера – Со хьоьца ву.
Воха ма воха – Со хьан Дела ву.
Ас хьо чӀагӀ а дийр ду, хьуна гӀо а дийр ду.
Со хьуна гӀортор хилла дӀахӀуттур ву
нийсо лелаечу Сайн аьтту куьйгаца.
11Хьуна оьгӀазбаханарш
юьхьӀаьржачу хӀиттина а,
тӀе эхь деана а хир бу.
Хьуна дуьхьалбевлларш,
хӀумма йоцург а хилла, хӀаллакьхир бу.
12Ахь хьайн мостагӀий лехахь а, хьуна уьш карор бац.
Хьуна дуьхьал тӀом беш берш, хӀумма а йоцург хилла, дӀабевр бу.
13ХӀунда аьлча Со Веза Эла ву, хьан Дела.
Хьан аьтту куьг схьа а лаьцна, Ас боху хьоьга:
„Ма кхера, Ас хьуна гӀо дийр ду“.
14Ма кхера, гӀийла а, кӀезиг а долу Исраилан халкъ,
Ас гӀо дийр ду хьуна, – боху Везачу Эло,
хьо мах баларца ПаргӀатдоккхучо, Исраилан Везачу Дала. –
15Ас хьох ира ялта орург йийр ю.
Иза керла а, цергаш йолуш а хир ю.
Ахь лаьмнаш, эрина, хьаькхна дӀадохур ду,
ткъа гунех кегаш йийр ю.
16Ахь ирхдугӀур ду уьш,
амма мохо дӀасахьур ду уьш.
Ткъа чӀогӀачу мохо,
довдийна, къайладохур ду уьш.
Юха хьо Везачу Элаца хиларна, самукъадаьлла хир ду,
Исраилан Везачу Делах дозалла деш хир ду.
17Къенаш а, мисканаш а хи лоьхуш бу, амма иза дац.
Церан меттанаш дакъаделла хьогаллина.
Амма Ас, Везачу Эло, жоп лур ду царна.
Ас, Исраилан Дала, буьтур бац уьш.
18Ерзинчу лакхенашкахь хиш дуьйладолуьйтур ду Ас,
тогӀешкахь шовданаш хьаладуьйлуьйтур ду.
Яьссачу аренах хин Ӏам бийр бу Ас,
декъачу лаьттах хин хьостанаш дийр ду.
19Яьссачу арахь баган-дитт а, акаци а,
турс а, акха зайт а дитташ дугӀур ду.
Эрначу аренгахь зез-дитт а, база-дитт а,
баганан дитт а дугӀур ду цхьаьний.
20Халкъана гайта а, хаийта а,
иза хьажийта а, кхетийта а,
Везачу Элан куьйго иза динийла,
Исраилан Везачу Дала иза кхоьллинийла».
Шайн говзалла гайтархьама харцделанашна тӀекхайкхар
21«Къастадайта шайн гӀуллакх», – боху Везачу Эло.«Шайн тоьшаллаш даладе, – боху Якъубан Паччахьо. –
22Шайн цӀушка тоьшаллаш даладайта,
цаьрга хиндерг дийцийта тхуна.
Хиллачух лаьцна тхо кхетадайта цаьрга,
цунах лаьцна тхоьга ойланаш яйтархьама а,
иза чекх муха дер ду тхуна хаийтархьама а.
Я хиндолу хӀуманаш схьакхайкхадайта тхуна.
23Ала тхоьга, хӀун хир ду йогӀучу хенахь,
тӀаккха тхуна хуур ду, шу деланаш дуйла.
Диканиг я вониг цхьаъ де,
тхо цецдовлийта а, кхерадалийта а.
24Амма шу хӀумма а йоцурш ю,
шун гӀуллакхаш а ду пайда боцуш.
Шу хоржуш верг а дегаза ву.
25Ас къилбаседера стаг самаваьккхина, иза тӀегӀуртуш ву.
Малхбалехь а волуш, Сан цӀе къобалйо цо.
Цо хьоьшур бу куьйгалхой, хатт санна,
кхийра пхьегӀа ечу пхьеро поппар санна, хьуьйр бу уьш.
26Юьхьанца дуьйна хьан дийцина цунах лаьцна,
вайна иза хаийтархьама?
И хӀума хилале хьан дийцина цунах лаьцна,
вайга: „Иза бакъ ву“– алийтархьама?
Цхьаммо а ца дийцина цунах лаьцна, иза хир ду а ца аьлла,
цхьанна а ца хезна шуьгара дош.
27Хьалхарниг санна Ас аьлла Цийоне: „ХӀорш бу хьуна уьш!“
Ярушалайме хаза кхаъ эцна геланча вахийтина Ас.
28Со хьаьжира, амма цхьа а вацара,
хьехар дала царна юкъахь цхьа а вацара.
Ас хаьттинчунна жоп дала цхьа а вацара.
29Хьажал, уьш хӀумма а яц!
Церан гӀуллакхаш а пайда боцуш ду.
Мох а, яьссалла а ю церан цӀуш».
Copyright information for
CheCAC2012