Isaiah 42
Везачу Элан ялхо
1 a b«ХӀара Сан Ялхо ву, Ас чӀагӀвеш волу.Иза Ас хаьржина ву, Цунах воккхавеш ву Со.
Сайн Са дуьллур ду Ас Цунна тӀе,
Цо халкъашна нийсо схьайоккхур ю.
2Цо мохь а хьоькхур бац, Шен аз а айдийр дац.
Урамашкахь Шен аз а хозуьйтур дац Цо.
3Кагбалла боллуш болу эрз а кагбийр бац Цо,
дӀаян гӀерташ сийсаш йогуш йолу милт а дӀайойур яц.
Цо баккъалла а нийсо схьайоккхур ю.
4Иза гӀел а лур вац, дог эшна а хир вац,
лаьтта тӀехь Ша нийсо дӀахӀоттаяллалц.
ХӀордан йистера дехаш долу къаьмнаш
Цуьнан хьехамах дог тешна хир ду».
5 cИштта боху, стигал а кхоьллина, иза дӀасаяржийначу а,
латта а, цунна тӀехь долу массо хӀума а дӀасадаржийначу а,
цунна тӀехула лелачу адамашна садеӀар а, дахар а лучу а Везачу Дала:
6 d«Ас, Везачу Эло, нийсоне хьаьжжина, тӀекхайкхина хьо.
Хьан куьг схьалаьцна латтор ду Ас, хьо Ӏалаш а вийр ву.
Хьох халкъаца бечу бертан юкъалеларг а,
кхечу къаьмнашна серло а йийр ю Аса,
7Хьоьга бӀаьрзечарна са гайтийтархьама а,
тутмакхаш набахтера арабахийтархьама а,
боданехь Ӏаш берш серлонга бахийтархьама а.
8Со Веза Эла ву, иза ю Сан цӀе.
Сайна йогӀу сийлалла кхечу далла дӀа ца йолуьйту Ас.
Сайна богӀу хастам цӀушна ца бойту Ас.
9Хьовсал, хьалха аьлларг кхочушхилла.
ХӀинца керланиг кхайкхор ду Ас.
Иза хилале, Ас хоуьйтур ду шуна».
Хастаман йиш
10Везачу Элана керла эшар лакха.Хастам бу Цунна лаьттан йистошкара!
Хастам бе Цунна аш, хӀорда тӀехула леларш,
хӀорда чуьра дерриг а дийнаташ,
хӀордан йистера мехкаш а,
царна тӀехь Ӏаш берш а.
11Яьссачу арено а, цунна тӀера гӀаланаша а шайн аьзнаш ойийла!
Къедархой Ӏаш йолу меттигаш самукъадаьлла хуьлийла!
СилаӀ-гӀалара бахархой, хазахеташ, эшарш лоькхуш хуьлийла!
лаьмнийн баххьаш тӀера кхайкхамаш бойла!
12Везачу Элана сийлалла кхайкхадойла,
Цунна хастам бойла хӀордан йистерчу мехкашкахь.
13Веза Эла аравер ву, майра стаг санна.
ТӀемалочо санна, тӀом баран лаам карзахбоккхур бу Цо.
Цо кхайкхам а бийр бу, тӀеман цӀогӀа а тухур ду.
Шен ницкъ гойтур бу Цо мостагӀашна тӀехь.
Дала Шен халкъана гӀо дийр ду
14«Дуккха а хенахь вист ца хуьлуш Ӏийра Со,садетташ а, собаре хилла а Ӏийра.
Амма хӀинца, бер дечу зудчо санна,
Ас мохь хьокхур бу, Сан садукъалур ду.
15Ас лаьмнаш а, гунаш а дассор ду,
царна тӀера буц а якъор ю.
Хиш дӀа а лакъийна, гӀайренаш йийр ю Ас,
Ӏаьмнаш а дакъийна дӀахӀиттор ду, хиш дӀа а даьхна.
16БӀаьрзенаш царна ца бевзачу новкъахула дӀабуьгур бу Ас,
царна ца хууш долчу некъашкахь куьйгалла а дийр ду церан.
Боданах царна хьалха серло йийр ю Ас,
ситтина некъаш нис а дийр ду.
Иза ду Ас церан дуьхьа ден дерг.
Уьш дӀатосур бац Ас.
17Амма цӀунех тешна Ӏаш берш,
цӀушка: „Шу тхан деланаш ду“бохурш,
юхабоьрзур бу, доккха эхь тӀе а деана».
Исраилан халкъ бӀаьрзе а, къора а хилар
18Везачу Эло боху: «ЛадогӀа, къоранаш,хьовса, бӀаьрзенаш, са гархьама!
19Мила ву, Сан ялхо санна, бӀаьрзе,
Ас вахийтина, Сан геланча санна, къора?
Мила ву бӀаьрзе, Ас барт бинарг санна верг?
Везачу Элан ялхо санна, бӀаьрзе верг мила ву?
20Хьуна дуккха а хӀума гина,
амма ахь церан тидам ца бина.
Хьан лергаш схьадиллина дара,
амма хьуна хӀумма а ца хезна».
21Шен нийсонан дуьхьа Везачу Элана лиира,
товрат-хьехам айа а, иза хасто а.
22Амма хӀара халкъ талор дина ду,
нахана тӀера хӀонс схьаяьккхина ду.
Уьш массо а Ӏаннашкахь латтош бу,
я набахтехь бахкийна къайлабохуш бу.
Царах хӀонс хилла, цхьа а вац уьш кӀелхьарбаха.
Царах талор хилла, цхьаммо а ца боху: «Схьало уьш юха».
23Цу хӀумане хьан ладугӀур ду шух,
я тӀейогӀучу заманахь цунна тӀе тидам шух хьан бийр бу?
24Хьан дӀаелла Якъубан тӀаьхье, хӀонс санна?
Хьан дӀаделла Исраилан халкъ талорхойн кара?
Вай Цунна дуьхьал къинош летийначу
Везачу Эло ца дина иза?
Ца лиира царна Цуьнан некъашкахула лела,
Цуьнан хьехамашка ла а ца дуьйгӀира.
25Цо царна тӀеюттура
Шен оьгӀазалла а, тӀеман къизалла а.
Цуьнан оьгӀазалло, цӀеро санна, го лецира церан,
амма уьш ца кхийтира хиллачух.
Цуьнан дералла царна дуьхьал йогуш яра,
амма шайн дегнаш тӀе ца ийцира цара иза.
Copyright information for
CheCAC2012