Isaiah 44
Исраилан халкъ декъалдар
1Везачу Эло боху: «ЛадогӀа Соьга хӀинца, Сан ялхо йолу Якъубан тӀаьхье,Ас хаьржина долу Исраилан халкъ, ладогӀа Соьга.
2Хьо кхоьллинчу а, ненан кийрахь долуш дуьйна
хьо дӀанисдинчу а Везачу Эло иштта боху,
ткъа Цо хьуна гӀо дийр ду:
„Кхера ма кхера, Сан ялхо йолу Якъубан тӀаьхье,
ма кхера, Ас хаьржина долу Сан хьоме халкъ ▼
▼Сан хьоме халкъ – Ӏебархойн тептар тӀехь ма-дарра аьлча «Яшурон» дӀаяздина ду. Иза Исраилан халкъан кхин цӀе ю, ткъа иза «бакъахьараниг» маьӀна долуш ду.
.3Ас хи доссор ду хьогах долчу лаьттана,
татолаш хоьцур ду екъачу аренашка.
Ас Сайн Деза Са хьан берашна тӀе доссор ду,
Сан декъалдар хоьцур ю хьан тӀаьхьенашка.
4Бай тӀера буц санна, кхуьур бу уьш,
хин йистера акхтаргаш санна, хьалабевр бу.
5Цхьаммо ша Везачу Элан ву эр ду,
вукхо ша Якъубан лорур ву.
Шен куьйга ша Везачу Элан ву аьлла дӀа а яздина,
кхоалгӀачо ша Делан Исраилан халкъан лорур ву“».
ЦӀушна Ӏибадат дийраш юьхьӀаьржачу хӀиттор
6 bИштта боху Везачу Эло, Исраилан халкъан Паччахьо а,и халкъ ПаргӀатдоккхучо а, массо а ницкъийн Везачу Эло:
«Со Дуьххьарлерниг а, ТӀаьххьарлераниг а ву,
Со воцург, кхин Дела вац.
7Ас шира халкъ дӀанисдинчу заманахь дуьйна хилларг
Со воцучуьнга кхин хьаьнга кхайкхалур а,
дӀадийцалур а, Суна хьалха охьадиллалур а дара?
Хиндолчу гӀуллакхех лаьцна аьлча,
хиндерг дийцийта цуьнга!
8Кхера а ма кхера, доха а ма доха.
Ширачу заманахь дуьйна хӀокху хене кхаччалц,
дерриг а хиндерг Ас дӀакхайкхийна.
Ткъа шу Сан тешаш а ду.
Со воцург, кхин Дела вуй?
ХӀан-хӀа, кхин цхьа а Тарх яц.
Суна ца евза цхьа а».
9ЦӀуш беш берш – берриш а хӀумма а йоцу хӀуманаш ю. Царна дукхаезаш йолу хӀуманаш пайда боцуш ю. Оцу цӀуйх тоьшалла дечарна хӀумма а ца го, хӀумма а ца хаало. Уьш юьхьӀаьржачу хӀиттор бу. 10Шена цхьа а пайда ца бахьан волу дела хьан вийр ву лалийна воьттинчу цӀунах? 11Иза деш верг а, цуьнан уллоранаш а юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу. Пхьераш шаьш а адамаш бен ма дац. Массо а схьа а гулбалийтий, цхьаьна дӀахӀиттийта уьш. Нахала а баьхна, уьш кхоьруш хир бу. 12Аьчкапхьеро шен гӀирсаца кӀоранан алу тӀехь болх бо. Цо жӀаьвнашца аьчках цӀунан кеп йо. Цо, шен куьйгийн ницкъ ма-кхоччу, болх бо. Иза мац а ло, гӀоранах а оьшу, хьаг а ло, кӀад а ло. 13Дечигпхьеро дечиг тӀехь юстаран тӀийраг кховдайо. Суьртана гонах къоламца сизаш хьокху цо. Уьрсаца дӀа а хедийна, шен гӀирсаца леррина кеп гойту. Дечигах стеган кеп йо цо, хазачу адаман аматехь сурт до цо, и цӀу цхьана цӀа чохь Ӏайтархьама. 14Цо баганан дитташ хедадо, шена ножан я зоьзан дитт схьакхоьхьу. Хьуьнан юккъера шена дитташ схьа а хоржу. Цу стага къахьаштонан дитт дӀадугӀу, ткъа догӀано иза доккха хуьлуьйту. 15Цу дечигех стагана ягориг хуьлу. Царах цхьа дакъа, цӀе а латийна, вохвала а, бепиг датта а схьаоьцу цо, ткъа вукху декъах цӀу а вой, цунна Ӏибадат до. 16Дечиган цхьа дакъа цӀергахь дагадо, цу тӀехь кхача а кечбо, жижиг а дотту, иза вуззалц даа а доу. Цул сов, цӀера уллохь вох а луш, стага олу: «Ма дика ду! Со хӀинца вохвелла. Суна йовхо хаало». 17Бухадисинчу дечигах цо дела во, шен цӀу. Цунна Ӏибадат а деш, стага боху: «КӀелхьарваккхахьа со, хьо сан дела ма ву». 18Царна хӀумма а ца хаьа, уьш хӀумманах а ца кхета. Церан бӀаьргаш а, дегнаш а дӀакъевлина ду, царна са ца гайта а, церан кхетам ца хилийта а. 19Стаг ца кхета, цуьнан хьекъал ца кхочу ала: «Ах дечиг цӀергахь дага а дина, цу тӀехь бепиг а деттина, жижиг а кхерзина ас. Ткъа дисинчух аса дегаза цӀу вийр варий те? Дечиган юьхкана со сужда гӀур варий те?» 20Овкъарна тӀаьхьаваьлла лела иза, Ӏехийначу даго харц новкъа ваьккхина иза. Шен са паргӀат а даьккхина, цуьнга ца алало: «Сан аьтту куьйгахь харцо юй теша?»
Кхоьллинарг а, КӀелхьардоккхург а волу Веза Эла
21Везачу Эло боху: «Дагахь латтаде иза, ва Якъубан тӀаьхье,ва Исраилан халкъ, хьо Сан ялхо хиларна.
Ас кхоьллина хьо, хьо Сан ялхо ду.
Ва Исраил, Суна цкъа а дицлур дац хьо.
22Ас хьан зуламаш, дохк санна, дӀадаьхна,
Ас хьан къинош, марха санна, дӀадайина.
Юхаверза Суна тӀе, хӀунда аьлча
Ас мах баларца паргӀатваьккхина хьо».
23Хазахетарца, яккхийъейша, стигалаш,
хӀунда аьлча Везачу Эло дина иза!
Хазахетаран гӀовгӀа яккхийша,
лаьттан бухахь йолу меттигаш!
Хазахетарца декийша, лаьмнаш,
хьаннаш, церан дерриг а дитташ!
Якъубан тӀаьхье Везачу Эло паргӀатъяьккхина ю,
Исраилан халкъана юкъахь Шен сийлалла гойту Цо.
24Хьан ПаргӀатдоккхург а, ненан кийрахь долуш дуьйна хьо дӀанисдинчу а Везачу Эло иштта боху:
«Дерриг а хӀума кхоьллина волу Веза Эла ву Со.
Ас-Айса дӀасаяржийна стигалш,
Сайн ницкъаца латта а дӀадаржийна.
25 cХарцпайхамарийн билгалонаш талхайо Ас,
пал тосуш болчийн сонталла гучу а йоккху.
Хьекъалчийн хьехам Ас бохабо,
церан хьекъалх сонталла а йо.
26Сайн ялхойн дешнаш дӀачӀагӀдо Ас,
Сайн геланчаша аьлларг кхочуш а до.
Ас аьлла Ярушалайме: „Цунна чохь халкъ дехаш хир ду“,
ткъа ЯхӀудан гӀаланашка: „Уьш юха а дӀахӀиттийна хир ю,
церан къапалгаш Аса юхаметтахӀиттор ю“.
27КӀоргачу хине Ас боху: „Дакъало!
Ас дӀалакъор ду хьан татолаш“.
28 dКъуреш-паччахьах боху Ас: „Иза Сан Ӏу ву.
Цо Сан лаам кхочушбийр бу.
Ярушалаймах цо эр ду: ‘ЮхаметтахӀоттае и гӀала!’
Делан цӀийнах эр ду цо: ‘Цуьнан бух дӀахӀоттабе!’“»
Copyright information for
CheCAC2012