Isaiah 45
Везачу Эло Къуреш къобалво
1Паччахь хила Ша къобалвинчу а,цуьнга халкъаш карадерзадайта а,
паччахьашна тӀера гӀаьгӀнаш схьадахийта а,
хьалха неӀарш схьаеллаялийта а,
кевнаш дӀа ца къовладалийта а
цуьнан аьтту куьг Ша схьалаьцначу а
Къуреше иштта боху Везачу Эло:
2«Со хьуна хьалхаваьлла дӀагӀур ву,
лаьмнаш дӀа а шардеш.
ЦӀестан кевнаш кегдийр ду Ас,
аьчка гӀораш отур ду.
3Боданехь Ӏалашъеш йолу хазна а,
хьелаш дӀахьулдина къайлаха меттигаш а
Ас хьуна дӀалур ю, хьуна хаийтархьама,
Со хьан Исраилан халкъан Веза Дела вуйла,
хьайн цӀарца хьо Соьга кхайкхина волу.
4Сайн ялхочун Якъубан дуьхьа,
Айса хаьржинчу Исраилан дуьхьа,
хьайн цӀарца хьо схьакхайкхина Ас,
сийлаллин цӀе хьуна дӀало Ас,
хьуна Со вевзаш вацахь а.
5Со Веза Эла ву, Со воцург, кхин дела вац.
Ас хьуна ницкъ лур бу,
хьуна Со вевзаш вацахь а.
6Ас иза дийр ду, массо а нахана массанхьа а,
малх хьалагӀоттучу меттера иза дӀабузучу метте кхаччалц,
Со воцург кхин дела воцийла хаийтархьама.
Со Веза Эла ву, ткъа Со воцург, кхин дела вац.
7Со ву серло Йийриг а, бода Кхуллург а,
беркат Латториг а, бохам Бийриг а.
Ас, Везачу Эло, деш ду и дерриг а хӀуманаш.
8Лакхахь йолу стигалаш, хин тӀадамаш санна,
мархаш, догӀа санна, нийсо яийтийша охьа.
Лаьтто, дӀаса а делладелла, кӀелхьардовлар кхиадайта,
цуьнца цхьаьна нийсо а хьалаялийта!
Ас, Везачу Эло, кхоьллина иза».
Кхоьллинчун а, хиллачун а да
9 aДекъаза ву ша Кхоьллинчуьнца къийсалуш верг,лаьттах йинчу кхабанашна юкъахь цхьаъ бен йоцург!
Поппаро куьпчичуьнга хоттур дуй те: «Хьо хӀун деш ву?»
Йинчу хӀумано ша йиначух эр дуй те: «Цуьнан куьйгаш дац»?
10Декъаза ву дега бохуш верг:
«И мила ву, ахь дуьнен тӀе ваьккхинарг?»
Я нене бохуш верг:
«И мила ву, ахь винарг?»
11Иштта боху Исраилан Везачу Дала,
иза Кхоьллинчу Везачу Эло:
«Сан берийн хиндолчух лаьцна Соьга хетта муха хӀуьтту шу?
Сан куьйгаша бан безачу балха тӀехь Суна омра дан муха гӀерта шу?
12Со ву латта кхоьллинарг,
цунна тӀехь адам а Ас кхоьллина.
Сайн куьйгашца стигалш дӀасаяржийна Ас.
Малх а, бутт а, седарчий а Сан омрица лелаш ду.
13Къуреш карзахваьккхинарг Со ма ву,
цуьнгахула нийсо кхочушъяйтархьама.
Дерриг а цуьнан некъаш нисдийр ду Ас.
Цо Сан гӀала юхаметтахӀоттор ю,
йийсаре дӀадигна Сан халкъ паргӀатдер ду,
цунах мах я совгӀаташ а ца луш», –
боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
14Везачу Эло иштта боху: «Мисархоша йина хӀуманаш а,
хушахойн йохкаэцар а,
лекха нах болу себахой а,
шун дола а бевлла, шун хир бу.
Уьш шуна тӀаьххье дӀабогӀур бу,
шайна тӀехь буржалш а долуш.
Шуна хьалха охьа а таьӀна,
цара дехарца бохур ду:
„Дела шуьца билггал ву,
Иза воцург, кхин дела вац“».
15Билггал Ша къайлавоккхуш волу а,
Шен халкъ кӀелхьардаьккхина волу а
исраилхойн Дела ву Иза.
16ЦӀуш беш берш массо а юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу.
Цхьаьна дӀабахар хир ду церан, юьхьӀаьржо тӀеярна.
17Исраилан халкъ Везачу Эло кӀелхьардоккхур ду
гуттаренна а долчу кӀелхьардаккхарца.
ТӀейогӀучу хенахь цкъа а
юьхьӀаьржачу хӀуттур дац и халкъ.
18Стигалш кхоьллина волу Веза Эла –
Иза билггал Дела ву.
Латта а кхоьллина, цунна кеп а елла,
иза чӀогӀа латтийтира Цо.
Эрна дитархьама ца кхоьллина Цо иза,
тӀехь адамаш дахийта иза кхоьллина Цо.
Оцу Дала боху: «Со Веза Эла ву,
кхин цхьа а дела вац, Со воцург.
19Ас къайлаха а ца дийцина,
я боданечу меттехь а ца дийцина.
Якъубан тӀаьхьенах болчаьрга
Ас ца аьлла: „Эрна леха Со“.
Со бакъдерг дуьйцуш волу Веза Эла ву.
Нийса дерг дӀакхайкхадо Ас».
Дуьненан Веза Эла а, Бавелан цӀуш а
20Везачу Эло боху: «Вовшах а кхетий, тӀедуьйла,халкъашна юкъара дийна дисинарш.
Сонта бу, дечигах вина шайн цӀу а лелош,
шаьш кӀелхьардахалур доцучу деланашка
доӀанаш деш берш.
21Схьа а дуьйлий, тоьшаллаш дӀакховдаде.
ГӀуллакхах лаьцна вовшех дагадовла.
Мила ву дукха хенахь дуьйна хьалха иза аьлларг?
Мила ву ширачу заманашкахь хиндерг аьлларг?
Со, Веза Эла, вац Иза?
Со воцург, кхин дела вац,
нийсонан Дела а, КӀелхьардохург а.
Кхин цхьа а дела вац.
22Суна тӀедерза, тӀаккха кӀелхьардевр ду шу,
дуьненан массо а маьӀӀера адамаш!
Со Дела ву. Со воцург, кхин дела вац.
23 bСайх чӀагӀо йо Ас,
Сан багара схьадолург бакъ ду,
Ас аьлла дош хийцалур дац:
хӀора а адам Суна хьалха горахӀуттур ду,
ткъа хӀора маттахь Со къобалвина хир ву.
24Сох лаьцна дуьйцур ду:
„Везачу Элехь ю нийсо а, ницкъ а“, – бохуш.
Цунна тӀе а баьхкина, юьхьӀаьржачу хӀиттина
хир бу Цунна дуьхьалбевлла лелларш.
Исраилан тӀаьхьенах болу берриш а
Везачу Эло бакъбина хир бу,
Цунах цара дозаллаш дийр ду».
25
Copyright information for
CheCAC2012