Isaiah 46
1«Вел-харцдела дог доьхна ву,Набу-харцдела охьатаьӀна ву.
Оцу деланийн суьрташ хӀинца
бежанашна тӀехь дӀахьош ду.
Хьалха аша дӀакхехьначарах
кӀадделлачу даьхнина беза мохь хилла.
2Цхьаьний уьш дог доьхна а, охьатаьӀна а хилла.
Шайн суьрташ кӀелхьар ца дахало оцу харцделанашка.
ХӀинца уьш шаьш а йийсаре дӀабахана бу!
3ЛадогӀа Соьга, Якъубан тӀаьхьенах дерш –
Исраилан халкъах дийна мел диснарш.
Ненан кийрара схьадевлчхьана дуьйна,
Ас карахь лелийна ду шу.
4Со шун Дела ву, Ас шун гӀайгӀа бийр бу,
шу къандаллалц а, шун месаш къежъяллалц а.
Ас кхоьллина ду шу, Ас шу карахь лелор ду.
Ас шуна гӀо а дийр ду, шу кӀелхьар а дохур ду.
5Аша Со хьаьнца вустур вара?
Аша хьанах Со тарволуьйтур вара?
Со санна, кхин мила ву?
6Наха, шайн бохчанаш схьа а достуш, деши охьахоьцу,
терзанаш тӀехь дети узу цара.
Дашо пхьере а кхойкхий, шайна цӀу войту цара.
Юха, цунна хьалха охьа а теӀаш, Ӏибадат до цара.
7Шайн белшаш тӀе а вуьллий, дӀахьо цара цӀу.
Шен метта дӀахӀоттаво цара иза, цигахь иза лаьтта.
Цигара меттах а ца волуш, лаьтта иза.
Цхьаммо шега мохь хьекхахь а, цо дуьхьал жоп а ца ло
я вочу балхах цхьа а кӀелхьар а ца воккху.
8Дагадаийта иза, латтаде иза шайн коьртехь,
шайн дага тӀе эца иза, аьрха нах.
9Дагадаийта дуккха а зама хьалха хилларг.
Со Дела ву, Со воцург, кхин дела вац,
Со Дела ву, Со санна, кхин цхьа а вац.
10Юьхьанцара дуьйна чаккхенехь хин дерг дийцина Ас.
Ширачу заманашкахь Ас аьлла хӀинца а хилазчух лаьцна.
Ас аьлла: Сан Ӏалашо кхочушхир ю,
Сайн лаам берг Ас дерриг а дийр ду.
11Малхбалера Ас аьрзу схьакхойкхур ю.
Генарчу махкара Ас стаг схьакхойкхур ву,
Сан Ӏалашо цуьнгахула кхочушъяйтархьама.
Айса аьлларг Аса кхочушдойтур ду.
Сайна дагадеънарг Аса дийр а ду.
12ЛадогӀа Соьга, аьрха адамаш,
нийса долчунна генахь дерш.
13Ас Сайн нийсо улло схьаеана –
иза генахь яц.
Ас лун долу кӀелхьардовлар хьелур дац.
Цийонна кӀелхьардовлар лур ду Ас,
Исраилан халкъана Сайн сийлалла лур ю».
Copyright information for
CheCAC2012