‏ Isaiah 47

Бавелна йина кхел

1 a«Чу а йоссий, чена тӀе охьахаа, йоӀстаг санна йолу Бавел-гӀала.
Олаллин гӀантан метта, лаьтта тӀе хаа,
хашадхойн йоӀ санна йолу гӀала.
Хьох кхин цкъа а эр дац
ховханиг а, экамниг а.
2Хьеран тӀулгаш схьа а эций, дама ахьа!
ДӀадаккха хьайн йовлакх,
хьалаайае хьайн коч.
Голаш гучу а яхий,
хийх дехьаяла.
3Хьан ерзина хилар гуш хир ду,
хьан эхь нахана гучудер ду.
Ас бекхам бийр бу,
цхьаннах а къинхетам бийр бац».

4Вай мехах ПаргӀатдохург Исраилан Веза Дела ву,
ткъа Цуьнан цӀе – массо а ницкъийн Веза Эла ю.

5Везачу Эло Бавеле боху: «Тийналлехь а Ӏе, бодашка дӀа а гӀо,
хашадхойн йоӀ санна йолу гӀала.
Кхин цкъа а эр дац хьох
пачхьалкхийн зуда-паччахь.
6Сайн халкъана оьгӀазвахнера Со,
Сайн долахь дерг сийсаздинера Ас.
Ас уьш хьан кара дӀаделлера,
амма ахь царах къинхетам ца бира.
Ур-атталла къанвеллачунна а
хьайн деза дукъ тӀедуьллура ахь.
7Ахь олура, хьо гуттара а зуда-паччахь хир ю.
Амма и хилларш хьайн даг тӀе ца эцна ахь,
паччахьаллин чаккхенан ахь ойла ца йина.

8 bХӀинца ладогӀа, хьолехь ехаш телхинарг.
Хьуна моьтту, хьо, кхерамехь а йоцуш, Ӏаш ю.
Деле а кхочуш, хьайн даг чохь боху ахь:
„Со Дела ву, соьга кхочуш цхьа а вац.
Со йисина Ӏаш а хир яц цкъа а,
бераш а дайна, ас бала а хьоьгур бац“.
9Амма цӀеххьана, цхьана дийнахь,
и ший а хӀума хьуна тӀе догӀур ду:
хьан майра а, бераш а довр ду.
Дерриге а хьан бозбунчаллашка хьаьжна доцуш,
Ахь мел лелийначу молханашка хьаьжна доцуш,
и хӀуманаш кхоччуш хьуна тӀе догӀур ду.

10Хьо хьайн мекарлонех тешна яра.
Хьуна моьттура, хьо цхьанна а гур яц.
Хьан хьекъалалло а, хаарша а хьо некъах тилийна.
Хьо Делаца а нисъеш, хьайн дагахь боху ахь:
„Со Дела ву, соьга кхочуш цхьа а вац“.
11Амма хьуна тӀе бохам богӀур бу,
бозбунчаллица иза дӀабаккха ахь могуьйтур дац.
Сингаттам хьоьга кхочур бу,
хьан ницкъ кхочур бац иза сацо.
Хьуна дагахь а доцуш долу
хӀаллакьхилар цӀеххьана догӀур ду хьуна тӀе.
12ДӀаӀе айхьа лелочу молханашца а,
хьайн дерриге а бозбунчаллашца а,
ахь жима йолуш дуьйна лелийна уьш.
Цара хьуна гӀо дан а там бу,
цара хьан мостагӀий Ӏадо а там бу.
13Хьо кӀадъелла, хьайна дукха хьехарш дарна.
Хиндерг хаархьама стигалш дӀасайоькъучаьрга а,
стигаларчу седарчех дерг толлучаьрга а,
хӀора баттахь хьуна хиндерг дуьйцучаьрга а,
шайн метта схьа а хӀиттина, хьо кӀелхьаръяккхийта.

14Уьш чен юьхкаш санна ю:
цӀеро уьш багор бу!
Цаьрга ур-атталла шаьш а
кӀелхьар ца бахало цӀерах.
Ша вохвалархьама кӀоранах йолу цӀе иза хир яц,
уллохь хиъна Ӏархьама йолу цӀе иза хир яц.
15Церан дуьхьа хьо къахьоьгуш а яра,
цаьрца хьо, жима йолуш дуьйна, йохкаэцар лелош а яра,
амма хьан дуьхьа цаьрга хӀумма а далур дац.
Царах хӀора а шен новкъа дӀавахана,
цхьа а ца висна хьо кӀелхьаръяккха».
Copyright information for CheCAC2012