‏ Isaiah 48

Дела хиндолчун Да ву

1ЛадогӀа хӀокхуьнга, Якъубан цӀа,
ЯхӀудана тӀера схьадогӀуш долу
Исраилан тӀаьхье хьайх олуш долу.
Ахьа Везачу Элан цӀарах дуй а боу,
Исраилан халкъан Везачу Далла Ӏамал а йо –
бакъдолчуьнца а, нийсонца а иза ца дахь а.
2Аша шаьш езачу гӀалех схьадевлла а,
Шен цӀе массо а ницкъийн Веза Эла йолчу,
Исраилан халкъан Везачу Делах дозуш ду а боху.

3Везачу Эло боху Исраилан халкъе: «Дуккха а хьалха дуьйцура Ас хин долу хӀуманаш.
Сан багахула царах лаьцна Ас бохура,
нахана Ас уьш дӀахозуьйтура.
ЦӀеххьана Со лела волавелира,
ткъа и хӀуманаш кхочушхуьлура.
4Суна хаьара, хьо къар ца луш дуйла а,
хьан вортана тӀера пхенаш аьчка а,
хьаж цӀестан дуйла а.
5Цундела Ас хьалххе дӀакхайкхадора хьоьга,
хиндерг хилла далале.
Хьан ала йиш ца хилийта:
„И хӀуманаш сан цӀуша дина ду.
Дечиган я лалийначу сан суьрто
сацам бира и хӀуманаш хилийта“.

6Хьуна хезна и дерриг а, хьажал цу тӀе!
Ахьа тӀе ца лоцу иза?
ХӀинца дуьйна Ас керлачу хӀуманех лаьцна дуьйцур ду хьуна.
Ас йовзуьйтур ю хьуна хьалха ца евзина йолу къайленаш.
7Тоххара дуьйна дац, уьш хӀинцца кхоьллина ду.
ХӀинццалц царах лаьцна хьуна ца хезна.
Цундела хьан ала йиш яц:
„ХӀаъ, уьш хууш дара суна!“
8Хьуна иза хезна а дац, цунах хууш хӀумма а дац.
Хьан лергаш хьалха схьадиллина дацара.
ХӀунда аьлча Суна хаьара, хьо мел ямарта ву,
ненан кийрара схьаваьлчхьана дуьйна, дуьхьалваьлларг ю хьан цӀе.

9Сайн цӀе бахьана долуш, Ас юхайоккху Сайн оьгӀазалла.
Суна болу хастам бахьана долуш,
хьо хӀаллак ца ван Со сецаво Ас.
10Хьажал, хьо цӀанъярхьма Ас лалийна хьо,
амма дети санна ца лалийна хьо.
Ас зийра хьо баланийн кхерчахь.
11Аса Сайн дуьхьа до иза –
Сайн цӀе емалйойтур яц Ас,
Сайн сийлалла цхьанна а дӀалур яц».

Къуреш Везачу Эло хаьржина куьйгалхо хилар

12 aВезачу Эло боху: «ЛадогӀа Соьга, Якъубан тӀаьхье,
Исраилан халкъ, Ас тӀекхайкхина долу!
Со – волуш волу Дела ву,
Со Дуьххьарлерниг а, ТӀаьххьарлераниг а ву!
13Сан куьйгаша кхоьллина латта,
Сан аьтту куьйго дӀасаяржийна стигалш.
Ас латта а, стигал а тӀекхайкхича,
уьш Суна хьалха хӀуьттур ду.

14Схьа а гуллой, ладогӀа, аш массара а!
ЦӀушна юкъара хьан аьлла кху хиндолчух лаьцна?
Везачу Эло хаьржинчу стага Бавелна дуьхьал йолу Цуьнан Ӏалашо кхочушйийр ю.
Хашадхошна тӀехь Шен ницкъ гойтур бу цо.
15Со цхьаъ ву вистхилларг а,
цуьнга схьакхайкхинарг а.
Со ву – иза схьавалориг,
цуьнан аьтто хир бу ша арабаьккхинчу новкъахь.

16ХӀинца, Суна улло тӀе а дуьйлий, ладогӀа Ас бохучуьнга.
Хьалхе дуьйна а ас къайлаха ца дуьйцура.
ХӀара хила доладелчхьана а, Со цигахь ву», – иштта боху Везачу Эло,
ткъа хӀинца Хьалдолчу Эло ваийтина со Шен Синца.

Везачу Эло Шен халкъан гӀайгӀа бар

17Иштта боху Везачу Эло,
хьо КӀелхьардоккхучо а,
Исраилан халкъан Везачу Дала а:
«Со Веза Эла ву, хьан Дела,
хьуна пайденна дерг Ӏамош волу,
хьо ваха везачу новкъа дӀавуьгуш волу.

18Ас деш долу омранаш ахь тидаме оьцуш делахьара!
ТӀаккха хьан синтем дӀадоьду хи санна хир бара,
хьан нийсо хӀордан тулгӀенаш санна хир яра.
19Хьан тӀаьхье хир яра гӀум санна дукха,
хьох схьабевлларш – гӀамаран буьртигаш санна.
Церан цӀе цкъа а йовр яцара,
Суна хьалха уьш дӀахедар бацара».

20 bБавелера арадовла,
хашадхойх дӀадовда!
Хазахетаран маьхьаршца дӀакхайкхаде иза,
массо меттехула дӀасабаржабе и кхаъ:
«Везачу Эло мах баларца паргӀатъяьккхина
Шен ялхо йолу Якъубан тӀаьхье!» – алий.
21Везачу Эло Шен халкъ яьссачу аренехула дӀадуьгучу хенахь,
наха хьогаллина бала ца лайна.
Дала тархах хи даьккхина царна.
Цо тарх екъча, хи охьадоладелла.

22 c«Ӏесачарна машар хир бац», – боху Везачу Эло.
Copyright information for CheCAC2012