‏ Isaiah 49

Исраилан халкъ кхечу къаьмнашна серло хилар

1 aЛадогӀа соьга, хӀордан йистера долу къаьмнаш,
ладогӀа, генахь Ӏаш долу халкъаш!
Со дуьнен чу а валале, Везачу Эло тӀекхайкхина Со,
ненан кийрахь волчу хенахь дуьйна, Сан цӀе тиллина Цо.
2 bСан маттах ира тур дина Цо,
Шен куьйган ӀиндагӀехь Со Ӏалаш а вина.
Сох ирбина пха бина Цо,
Шен Ӏад-батта чохь Со лар а вина.
3Цо соьга элира: «Хьо Сан Ялхо ву, Исраил саннарг,
Хьоьгахула Сайна хастамаш бойтур бу Аса».

4Ас элира: «Эрна къахьегна ас!
Сайн ницкъ пайдабоцуш кхачийна ас.
ХӀетте а, суна кхочург Везачу Элера хир ду,
суна доггӀург сан Делера хир ду».

5Ткъа хӀинца Шен Ялхо хила а,
Якъубан тӀаьхье Шена юхаерзорхьама а,
Исраилан халкъ Шена тӀе схьагулдайтархьама а
кийрахь дуьйна Со винчу Везачу Эло боху –
Везачу Элан бӀаьргашкахь Сан сийдийр ду,
ткъа Сан ницкъ Сан Делера бу. –
6 cЦо соьга боху: «Хьо Сан Ялхо хилла Ӏийр вац,
Якъубан тайпанаш юхаметтахӀитто а,
Исраилан халкъах бухабиснарш цӀа берзо а.
Ас хьох кхечу къаьмнашна серло йийр ю,
Сан кӀелхьардаккхар дуьненан массо а маьӀӀе кхачийта».

7Исраилан халкъ мах баларца ПаргӀатдаьккхинчо,
цуьнан Веза Дела волчу Везачу Эло,
нахана дегаза хеташ волчу а,
къаьмнашна ца везаш волчу а
куьйгалхойн Ялхочуьнга иштта боху:
«Паччахьаш, Хьо ган а гина,
хьалагӀовттур бу ларамца.
Паччахьийн кӀентий а, Хьо ган а гина,
лохха охьатаьӀар бу,
хӀунда аьлча тешаме волчу Везачу Эло,
Исраилан халкъан Везачу Дала, хаьржина Хьо».

Исраилан мохк юхаметтахӀоттор

8 dВезачу Эло боху: «Со реза хуьлучу хенахь Аса жоп лур ду хьуна,
Хьо кӀелхьарвоккху хан тӀееача, гӀо дийр ду хьуна.
Ас Ӏалаш а, лар а вийр ву Хьо,
Хьоьгахула Ас халкъаца барт бийр бу,
латта меттахӀотто а, дассаделла дакъош
юха шун долахь хилийта а,
9йийсаре дӀабигна болчаьрга: „Арадовла!“– ала а,
боданехь болчаьрга: „Гучудовла!“– ала а.
УьстагӀий санна, уьш некъийн йистошкахь бежаш хир бу,
дерзинчу гунаш тӀехь церан дежийлаш хир ю.
10 eУьш цкъа а меца а, хьогах а хир бац.
Малхо а, товно а ницкъ бийр бац царна,
хӀунда аьлча царах къинхетам беш Волчо дӀабуьгур бу уьш.
Цо хин хьостанашна тӀе балор бу уьш.

11Ас Сайн массо а лаьмнех тачанаш дийр ду,
Сайн массо а коьрта некъаш хьалаойур ду.
12Хьовсал, уьш генара схьабогӀур бу –
цхьаберш къилбаседехьара,
вуьш малхбузехьара,
кхиберш Синайм цӀе йолчу махкара».

13Йоккхаехьа, стигал! Самукъадаьлла хилахьа, латта!
Хазахетаран илли декадейша, лаьмнаш!
Везачу Эло Шен халкъан дог оьцу,
Цо къинхетам бо гӀело хьоьгучу Шен къомах.

14Амма Цийоно элира: «Везачу Эло йити со,
Хьалдолчу Элана со йицъелла!»

15Везачу Эло жоп делира: «Нанна дицлур дуй те шен декхаш долу бер,
ша динчу берах къахета йицлур юй те иза?
Нагахь нанна шен бер дицлахь а,
Суна цкъа а йицлур яц хьо.
16Хьажал, Ас хьан цӀе Сайн куьйгийн кераюккъехь дӀаязйина.
Хьан пенаш гуттара а Сан бӀаьргашна хьалха ду.

17Хьан кӀентий хьуна тӀе юхаберза сихлуш бу,
хьо йохийнарш дӀагӀур бу хьо йолчуьра.
18Хьайн корта хьала а айий, гонах дӀасахьажа.
Берриг а хьан кӀентий, гул а белла, хьо йолчу цӀа боьрзуш бу!
Дийна волчу Сох чӀагӀо йо Ас, – боху Везачу Эло, –
зудчун туьтеш санна, цаьрца массаьрца а хазлур ю хьо,
нускалан хаза духар санна, уьш хир бу хьуна.

19Хьан мохк бохийна а, бассийна а бара,
цунах къапалгаш йина яра,
ткъа хӀинца иза чӀогӀа жима хир бу
цу тӀехь даха хиинчу дебначу хьан халкъана.
Хьан мохк дӀакхаьллинарш
хьо йолчуьра дӀагӀур бу.
20Хьох бераш дӀадаьхначу хенахь
халкъана юкъахь динчу бераша
хьуна а хезаш, эр ду цхьана дийнахь:
„ХӀара меттиг чӀогӀа жима ю,
жимма дӀакхалха, со а Ӏайтархьама“.
21ТӀаккха хьайн дагахь ахьа эр ду:
„Хьан дина суна хӀара бераш?
Сох бераш дӀадаьхнера, со уьш хуьлуш а яцара.
Со йийсарехь а, махках яьккхина а яра.
Хьан кхиийна хӀара бераш?
Со массара а цхьа йитина ма яра –
хӀара бераш мичахь дара?“»

22Хьалдолчу Эло иштта боху: «Хьовсал, Ас халкъашна цхьа билгало лур ю,
Сайн байракх ойур ю Ас царна,
тӀаккха цара куьйгаш тӀехь шайн кӀентий а,
белшаш тӀехь мехкарий а схьабахьар бу.
23Паччахьаш дай санна хир бу хьуна,
паччахьийн зударий наной санна хир бу.
Уьш хьуна хьалха охьатаьӀар бу,
цара хьан когашкара чан юур ю.
ТӀаккха хуур ду хьуна Со Веза Эла вуйла.
Ас гӀо даре сатуьйсуш верг дохковер вац».

24Ондачуьнгара ижу схьаяккхалур юй?
Къизачу куьйгалхочуьнгара йийсархой схьабахалур буй?

25Амма хӀара боху Везачу Эло: «Ондачуьнгара йийсархой а схьабохур бу,
къизачу куьйгалхочуьнгара ижу а дӀахоьцур ю.
Хьоьца тӀом беш болчаьрца Со тӀом беш хир ву,
хьан бераш Ас кӀелхьардохур ду.
Хьуна ницкъ биначаьрга Ас шайн дилха доуьйтур ду.
Шайн цӀийно бахор бу уьш, чагӀаро санна.
ТӀаккха массо а адамашна хуур ду Со Веза Эла а,
хьо КӀелхьарйоккхург а, мах баларца
хьо ПаргӀатйоккхург а, Якъубан Нуьцкъалниг а вуйла».
26

Copyright information for CheCAC2012