Isaiah 5
Кемсийн бешах долу илли
1 aСайн Хьомсарчунна илли эр ду аса,Хьомсарчун кемсийн бешах долу илли.
Сан Хьомсарчун кемсийн беш яра
хьийкъинчу лам тӀехь.
2Бешара латта а аьхкина, тӀулгаш дӀа а даьхна,
тоьлла йолу кемсийн таьллангаш юьйгӀира Цо цига.
Цул тӀаьхьа беша юккъехь бӀов а йира,
муттдоккхург ян цунна чохь ор а даьккхира.
Бешо дика кемсаш яларе хьоьжуш Ӏийра Иза,
амма цо муьста кемсаш бен ца елира.
3Ткъа хӀинца оцу кемсийн бешан Олахочо боху: «Ярушалайман бахархой а, ЯхӀуд-мехкан адамаш а, Суна а, Сан кемсийн бешана а юкъахь долу гӀуллакх къастадейша. 4Айса динчул сов Аса Сайн кемсийн бешана дан дисинарг кхин хӀун дара? Со дикачу кемсашка сатуьйсуш Ӏаш хилча, муьста кемсаш хӀунда елла цо? 5Аса эр ду шуьга Сайн кемсийн бешана Айса ден дерг: цуьнан коканийн керт дӀайоккхур ю Аса, тӀаккха беш бежанаша яссор ю. Цуьнан пенаш дохор ду аса, тӀаккха иза массара а хьоьшур ю. 6Бешах дассийна латта дийр ду Аса, гаьннаш а хедор дац, охкур а яц, тӀаккха цу тӀехь коканан а, эртхан а коьллаш евр ю. Мархашна омра дийр ду Аса, беша тӀе догӀа ма даийта аьлла». 7Берриге а ницкъийн Везачу Элан кемсийн беш – иза Исраилан халкъ ду,
ЯхӀудан халкъан адамаш Цунна хазахетта йолу таьллангаш ю.
Иза нийсо хиларе хьийжира,
амма ницкъ бар хилира,
бакъдолчуьнга хьийжира,
амма бакъонаш йохор хилира.
Вониг а, цунна догӀу таӀзар а
8Къа ду шун, цӀенна тӀе цӀа а, аренна тӀе аре а оьцучеран. Кхечарна меттиг ца юьту аша, шаьш бен хӀокху лаьтта тӀехь доцуш санна. 9Сан лергашна хезаш берриг а ницкъийн Везачу Эло чӀагӀо йира: «Дуккха а долу и цӀенош даьсса хир ду, даккхий а, хаза а долу уьш чохь Ӏаш нах а боцуш хир ду. 10Итт шуьстане цхьана дийнахь ахалучу аренал йолчу кемсийн бешо цхьа черма чагӀар бен лур дац. Пхи гали дӀадийначу хӀуьно цхьа мазал ▼▼Мазал – хӀуманан йозаллин барам. Цхьа мазал шина гирданан барам бу.
кӀа бен лур дац». 11Къа ду, Ӏуьйранна хьалххе мала йий лаха хьала а гӀевттина, чагӀаро шаьш дох а деш, сарралц Ӏийначийн. 12Церан тойнашкахь тайп-тайпанара дечиг-пондарш а, жиргӀанаш а, зурманаш а, иштта чагӀар а ду. Амма Везачу Элан гӀуллакхашка ца хьовсу уьш, Цуьнан куьйгаша мел дийриг царна ца го. 13Иштта, сан халкъ йийсаре гӀур ду, Везачу Эло дечух уьш ца кхетарна. Сан халкъан баьччанаш мацалла лийр бу, ткъа халкъах кхиберш хьогах лийр бу. 14Эхарто, шор а делла, барам боцуш шен бага гӀаттор ю. Халкъан баьччанаш а, кхиберш а, церан гӀовгӀа а, дерриг а самукъадоккхург а цу чу охьадуссур ду. 15Нах лахбийр бу, адамаш охьатаӀор ду, ткъа курачийн бӀаьргаш а охьахьовсуьйтур бу. 16Ткъа массо а ницкъийн Веза Эла вазвийр ву Цо нийсо лелош хиларца, Везачу Дала бакъдерг лелорца Шен возалла гойтур ду. 17Шайн дежийлашкахь санна, Ӏахарий дежар ду, ткъа хьолахоша дӀатесначу боьхначу бахамашкахь хийрачу наха хӀума кхоллур ю. 18Харцонийн машшашца шайна тӀаьхьа къа кхоьхьучеран а, гӀудалкхийн доьхкаршца санна, зулам шайна тӀеийзочеран а къа ду. 19Цара боху: «Дела сихлойла, Ша аьлларг Цо сиха кхочушдойла, вайна иза гархьама. Схьакхочийла иза, Исраилан халкъан Везачу Делан сацам кхочушбойла, вайна иза хаархьама!» 20Къа ду вонах дика ду а, диканах вон ду а олучийн, царна боданах серло а, серлонах бода а тарло, къаьхьаниг мерза а, мерзаниг къаьхьа а хета! 21Къа ду шаьш шайна хьекъал долуш а, кхетам болуш а хетачийн! 22Къа ду чагӀар мала майрачийн а, чӀогӀа малар кечдан говзачийн а. 23Цара харцверг бакъво, шайна кхаьънаш делча, ткъа догцӀеначарна нийсаниг дан ца магадо! 24ЦӀеро ча дӀакхаллар санна а, екъа буц цӀеран алунашкахь дӀаялар санна а, церан орам телхар бу, ткъа церан заза, чан санна, дӀасадер ду, хӀунда аьлча цара Берриг а ницкъийн Везачу Элан товрат-хьехам дӀатесна, Исраилан Везачу Делан дашах ца баьшна уьш. 25Цу бахьаненна Везачу Эло оьгӀазалла Шен халкъана тӀе йоссор ю, Цо, тӀе куьг а кховдийна, таӀзар дийр ду цунна. Цу хенахь лаьмнаш хир ду дегош, адамийн декъий а хир ду арахь Ӏохкуш, гоьргаш санна. И дерриг а хилча а, Везачу Элан оьгӀазалла дӀаялаза хир ю, Цуьнан куьг а дӀакховдийна лаьтташ хир ду. 26Дала генарчу халкъашна байракх хьалаойур ю, лаьттан йистошкахь Ӏачарна билгало лур ю. Хьажал, мостагӀа сиха а, атта а схьакхочуш ву! 27Царна юкъара цхьа а кӀад ца ло, цхьаннан а ког а ца тасало. Царах цхьанна а наб оза ца йо, цхьа а ца тхьаьвса. Цхьаммо а гӀодаюкъ а ца йосту, цхьаннан а мачийн бахтар а ца хеда. 28МостагӀчун пхерчий ира ду, Ӏедаш дуьйлина ду, цуьнан говрийн бергаш мокхазах тера ю, гӀудалкхийн чкъургаш, мох санна, хьийзаш ю. 29Цо яьккхина гӀовгӀа лоьман санна ю, цо до гӀигӀ къоначу лоьмийн Ӏахарх тера ду. МостагӀчо, гӀигӀ а деш, бовда гӀерта нах схьалоьцу, цхьаммо а уьш цуьнгара схьабохур бац. 30Оцу дийнахь марсбаьллачу хӀордо ен гӀовгӀа санна лаьтта тӀехь мостагӀа гӀергӀаш хир ву. Нагахь санна цхьаъ лаьтта хьаьжча, цунна бода а, бала а гур бу, ткъа мархаша серло дӀакхоллур ю.
Copyright information for
CheCAC2012