‏ Isaiah 50

1Иштта боху Везачу Эло: «Мичахь ду шун ненан дӀасакъастаран кехат,
Ас иза дӀайохуьйтуш цуьнгахь хилла долу?
Я Сайна духалург ахча деллачух
хьанна доьхкина Ас шу?
Шу доьхкина ду, шайн къинош бахьана долуш.
Шун зуламаш бахьана долуш, дӀаяхийтина ю шун нана.

2Со схьавеанчу хенахь, цхьа а хӀунда вацара?
Ас кхайкхича, дуьхьал жоп хӀунда ца делира?
Сан куьг дацделла ткъа шуна гӀо дан,
я Сан ницкъ дӀабаьлла ткъа шу кӀелхьардаха?
Ас Сайн омрица хӀорд бакъабо,
хих яьсса аре йо,
тӀаккха царна чуьра чӀерий, хи а ца тоьий,
дахкало, хьогаллина ле.
3Ас стигалш боданехь дӀахьулйо,
сингаттаман духар тӀе а тосий».

Везачу Элан Ялхочун ладугӀуш хилар

4Хьалдолчу Эло Ӏеминчеран мотт белла Суна,
гӀелвеллачунна гӀо даран дош суна довзийтархьама.
ХӀора Ӏуьйранна Цо самавоккху Со,
дешархочуьнга санна, тидамца соьга ладогӀийта.
5Хьалдолчу Эло Сан лергаш схьадиллина,
ткъа Со аьрха а вацара,
я Со юха а ца велира.
6 aСайна еттачарна букъ кӀелхӀоттийра Ас,
ткъа Сайн маж дӀаийзочарна – беснеш.
Ас юьхь дӀа ца лачкъийра,
Сайна дов деш а, шеташ етташ а.

7Хьалдолчу Эло Суна гӀо дарна,
Суна эхь хетар дац.
Цундела Ас Сайн юьхь, мокхаз санна, латтайо.
Суна хаьа, Со юьхьӀаьржачу хӀуттур воцийла.
8 bСо бакъвеш волу Дела уллохь ву.
Мила ву Соьца къовсавала лууш?
ДӀахӀоттаве тхойшиъ дуьхь-дуьхьал!
Мила ву Со бехкеван лууш верг?
ТӀеваийта иза Суна!
9Хьалдолчу Эло гӀо до Суна.
Хьаьнга ялур ю Суна кхел?
Уьш массо а, бедар санна, тишлур бу,
нецано йиъна хӀума санна, дӀабевр бу.

10Мила ву шуна юкъахь Везачу Эле ларамах вуьзна а,
Цуьнан Ялхочо дуьйцучуьнга ладугӀуш а?
Бодашкахь, серло а йоцуш, лелаш верг,
Везачу Элан цӀарах тешна Ӏаш а хуьлийла,
шен Далла тӀетевжаш а хуьлийла.
11Ткъа шу, цӀе латош дерш,
шаьш латийначу цӀера юккъе гӀо!
Догуш долу пхерчий схьаэцнарш,
шаьш латийначу пхерчашна юккъехь лела!
Иза Сан куьйго дийр ду шуна:
Ӏазап а хьоьгуш, охьаховшур ду шу.
Copyright information for CheCAC2012