‏ Isaiah 51

Исраил-мохк тебеш аьлла дешнаш

1Везачу Эло боху: «ЛадогӀа Соьга, нийсонна тӀе гӀертарш,
Веза Эла лоьхурш!
Шаьш схьахьаькхначу тархе хьовса,
шаьш чуьра схьадаьхначу оре хьовса.
2Хьовсал шайн дега ИбрахӀиме а,
шаьш динчу Сарате а.
Ас тӀекхайкхинчу хенахь иза цхьаъ бен вацара,
амма иза декъал а вина, бераш а делла,
Аса цуьнан тӀаьхье дебийтира.

3Иштта Везачу Эло Цийонан догъоьцур ду,
цуьнан херцораш юкъахь болчарна синтем а лур бу.
Цуьнан яьсса аренаш Ӏедан-беш санна йийр ю,
цуьнан эрна аренаш Везачу Элан беш санна йийр ю.
Самукъадалар а, хазахетар а хир ду цигахь,
баркаллаш бохур ду, эшарш а лоькхур ю.

4ЛадогӀа Соьга, Сан халкъ,
ладогӀа Ас бохучуьнга:
Соьгара товрат-хьехам схьабер бу,
Сайн нийсо Ас къаьмнашна серло йина дӀахӀоттор ю.
5Сан нийсо гергакхочуш ю,
Ас лун долу кӀелхьардаккхар новкъа даьлла ду.
Ас-Айса нийсонца олалла дийр ду халкъашна тӀехь.
ХӀордан йистера халкъаш хир ду Со варе сатуьйсуш,
шайна гӀо ден долчу Сан куьйге хьоьжуш.
6Хьалахьовсал стигала, охьахьовсал лаьтта!
Стигалш дӀаевр ю, кӀур санна.
Латта тишлур ду, бедар санна,
цуьнан бахархой а лийр бу, мозий санна.
Амма Сан кӀелхьардаккхар гуттар а хир ду.
Сан нийсо цкъа а дӀаер яц.

7ЛадогӀа Соьга, бакъдерг девзаш дерш,
Сан товрат-хьехам шайн дегнашкахь болу халкъ.
Наха шайна кхиссарш ярх ма кхера,
уьш шайх кхардарх а ма къахка.
8Бедар санна, нецано дӀабуур бу уьш,
тӀаргӀа санна, нӀаьно дӀакхоллур бу.
Ткъа Сан нийсо гуттар а хир ю,
Сан кӀелхьардаккхар тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка кхочур ду».

9ГӀаттахьа, Веза Эла, гӀо дехьа тхуна!
Хьайн ницкъаца тхо кӀелхьардахахьа.
ГӀаттахьа, хьалхалерчу заманашкахь санна,
дӀаяханчу тӀаьхьенийн деношкахь санна!
РахӀаб-саьрмик дӀахедийнарг Хьо вацара ткъа?
Цу хӀордан саьрмиках тур Ӏоьттинарг Хьо вацара ткъа?
10Ахь ца бакъийна хӀорд, йоккхачу кӀоргаллин хиш,
хӀордан бухахула некъ а буьллуш,
кӀелхьарбевлларш цунна тӀехула дехьабовлийта?
11Ахь мах баларца паргӀатбаьхнарш юхабоьрзур бу.
Эшаршца Цийон-лам тӀе богӀур бу уьш,
гуттар а долу хазахетар хир ду церан кортош тӀехула.
Хазахетар а, самукъадалар а карор ду царна,
сингаттам а, даккхий синош дахар а дӀадевр ду.

12Везачу Эло боху:
«Со-суо ву шун догъоьцуш Верг.
Хьо хӀунда кхоьру лийр волчу стагах,
буц санна телхачу адамийн кӀантах?
13Хьуна хӀунда вицло хьо кхоьллина волу а,
стигалш дӀасаяржийна волу а,
лаьттан баххаш дӀахӀиттийна волу а Веза Эла?
Хьо хӀаллакван кийча волуш волчу,
хьуна гӀело ечун дералла бахьана долуш,
дерриг а дийнахь хьо хӀунда кхоьруш лаьтта?
Мичахь ю хьуна гӀело ечун дералла?
14Йийсархо кестта паргӀатвоккхур ву.
Иза ор чохь а лийр вац,
цунна бепиг ца тоьуш а хир дац.

15Со Веза Эла, хьан Дела, ву.
Ас хӀорд ловзабоккху,
цуьнан тулгӀенашка гӀовгӀа а йойтуш.
Сан цӀе массо а ницкъийн Веза Эла ю!
16Ас Сайн дешнаш хьан бага дехкина,
Сайн куьйган ӀиндагӀехь хьо къайлаваьккхина,
хьоьга стигалш дӀасаяржаяйта а,
лаьттан баххаш дӀахӀиттадайта а,
Цийоне: „Хьо Сан халкъ ду!“– алийта а».

Ярушалаймо Ӏазап хьегаран чаккхе

17 aСамаялахьа, самаялахьа,
гӀаттахьа, Ярушалайм!
Везачу Элан карара
Цуьнан дераллин кад мелла ахь.
Кад берриг а бассийна ахь,
цо хьо тахкийна.
18Ахь мел бинчу кӀенташна юкъахь
цхьа а вацара хьо дӀайига.
Ахь мел кхиийначу берашна юкъахь
цхьа а дацара хьан куьг схьалаца.

19Хьуна тӀе ши бохам беана –
хьан бийр бу хьуна синтем?
ЧӀанадаккхар а, хӀаллакдар а,
мацалла а, туьра кӀел дахар а –
и дерриге а хьуна тӀе деана –
хьан дог Ас хьаьнгахула оьцур ду?
20ГӀелбелла хьан кӀентий
хӀора ураман гола тухучохь Ӏохкуш бу.
РечӀано лаьцна сай санна бу уьш.
Уьш Везачу Элан оьгӀазаллах а,
хьан Делан къематах а буьзна бу.

21ЛадогӀа хӀокху хӀумане,
бала хьоьгуш верг а,
чагӀар малаза вехна верг а.
22Иштта боху хьан Хьалдолчу Эло,
Шен халкъ лардеш волчу хьан Дала:
«Хьан куьйгара схьаоьцу Ас
хьо тахкийна болу кад.
Сан дераллах буьзна болчу
хӀокху кедара ахь кхин мер дац.
23Ас хьуна ницкъ биначеран кара лур бу иза. Цара хьоьга элира:
„Охьайижа лаьтта, тхо хьайна тӀехула дӀасалелийта“.
Ахь хьайн букъах латта а, урам а бира, нах тӀехула лелийта».
Copyright information for CheCAC2012