‏ Isaiah 52

Дала Ярушалайм кӀелхьаръяккхар

1 aГӀаттахьа Цийон, гӀаттахьа!
Ницкъ хьайна тӀебухахьа!
Ва Ярушалайм, ва еза гӀала,
хьайн исбаьхьа бедарш тӀеюхахьа!
Сунтваза верг а, боьха верг а
кхин вогӀур вац хьуна чу.
2Хьайна тӀера чан дӀаегаехьа,
гӀаттахьа, Ярушалайм!
Паччахьан гӀанта тӀе охьахаахьа!
Хьайн вортанна тӀера зӀенаш схьаяхахьа,
йийсаре лаьцна Цийонан йоӀ!

3Везачу Эло хӀара боху шен халкъе: «ХӀумма а йоцучу хӀуманах доьхкина а дара шу, мах а ца луш, оьцур ду шу». 4Сан Хьалдолчу Эло иштта боху: «Хьалха Сан халкъ Мисар-махка даханера, цигахь дахархьама. ТӀаьхьо ашурхоша Ӏазапехь даллийра иза. 5 bТкъа хӀинца хӀун ду Сан кхузахь? – хоьтту Везачу Эло. – Мах а ца луш, йийсаре дӀадигна ду Сан халкъ, ткъа цуьнан куьйгалхой угӀуш бу, – боху Везачу Эло. – Дерриг а дийнахь Сан цӀе емалъеш лаьтташ ю. 6Цундела Сан халкъана Сан цӀе евзар ю, цундела царна хуур ду цу дийнахь: „Со хӀара ву!“– аьлларг Со вуйла».

7 cМашар дӀакхайкхош волчу а,
хаза кхаъ бахьаш волчу а,
кӀелхьардовлар дӀакхайкхош волчу а,
Цийоне: «Хьан Дала паччахьалла до!»
олуш волчу а геланчин когаш
лаьмнашкахула схьабогӀуш мел хаза ду!
8ЛадогӀа! Хьан хехоша шайн аьзнаш айдина,
хазахетарца цхьаьний маьхьарий детта цара.
Шайн бӀаьргашца го царна,
Веза Эла Цийоне юхавоьрзуш.

9Яккхийейша, хазахетарца цхьаьна эшарш лакхийша,
Ярушалайман херцораш!
ХӀунда аьлча Везачу Эло Шен халкъан догъэцна,
Цо мах баларца паргӀатъяьккхина Ярушалайм.
10Везачу Эло Шен беза пхьарс берзина
баьккхина дерриг а халкъашна хьалха.
Дуьненан массо а йистошна
вайн Дала делла кӀелхьардаккхар гур ду.
11 dДӀадуьло, дӀадуьло, арадовла цигара!
Боьхачух дӀа ма хьакхало.
Арадовла цу чуьра, шаьш цӀанде,
Везачу Элан пхьегӀаш лелош дерш!
12Амма шу меллаша девр ду ара, дӀадовдур дац,
хӀунда аьлча Веза Эла гӀур ву шуна хьалхаваьлла.
Исраилан халкъан Веза Дела хир ву,
шу лардеш, шуна тӀаьхьаваьлла вогӀуш.

Ялхочо бала хьегар

13Везачу Эло боху: «Хьовсал, Сан Ялхо Ша дечунна тӀехь кхиам болуш хир ву.
Иза чӀогӀа лакхаваьккхина а, айвина а хир ву.
14Иза гича, дукха адам инзардаьллера, хӀунда аьлча
цхьана а адаман йоцучу кепара цӀармата дара Цуьнан сибат,
цхьана а стеган ца хуьлу хатӀ дара Цуьнан.
eАмма Цо дукха халкъаш инзардохур ду,
паччахьаша шайн баганаш дӀакъовлур ю Цунна хьалха.
Шайга ца дийцинарг гур ду царна,
шайна ца хезначух кхетар бу уьш».
15

Copyright information for CheCAC2012