‏ Isaiah 53

1 aМила тешна хир вара тхоьгара хезначух?
Хьанна гайтина бара Везачу Элан нуьцкъала пхьарс?
2Иза Цунна хьалха, ховха маргӀал санна,
декъачу лаьттара хьалаболу орам санна, кхиъна ву.
Цуьнгахь я куц а, я исбаьхьалла а яцара
вайн тидам цунна тӀебахийта.
Цуьнга хьаьжча, цхьа а хӀума дацара
вай Цунна тӀеозалуш долу.
3Нах ца баьшна а, наха дӀатесна а вара Иза.
Лазарш хааделла а, эгӀазаллаш евзина а стаг вара Иза.
Шена тӀера юьхь дӀаерзаечу стагах санна,
Цунах даша а ца даьшна, вай Цуьнан хама а ца бинера.

4 bАмма, вайн эгӀазаллаш тӀе а лаьцна,
Цо вайн лазарш дӀадаьхьира.
Ткъа вайна моьттура, Иза таӀзар динарг, –
Дала тоьхнарг а, Цо ницкъ бинарг а вара.
5 cВайн аьрхаллина чов йина вара Иза,
вайн къиношна хьаьшна вара Иза.
Вайна машар бахьаш долу таӀзар дара Цунна тӀехь,
ткъа Цуьнан чевнаш бахьана долуш вай тодина лаьтта.
6 dВай массо а тиладелла уьстагӀий санна дара,
хӀора а шен-шен новкъа тӀевирзина вара.
Амма Везачу Эло дахкийтина Цунна тӀе
вайн массеран а къинош а, бехк а.

7 eЦунна гӀело а йора, ницкъ а бора,
амма Шен бага хьала ца гӀаттийра Цо.
Урс хьакха дӀабуьгуш болчу Ӏахаро санна,
ша лоргучунна хьалха шен Ӏаь ца йолуьйтучу уьстагӀо санна,
Шен бага хьала ца гӀаттийра Цо.
8Цуьнан гӀуллакх харц къасторна, Иза дӀаваьккхира.
Амма Цуьнан тӀаьхьенах лаьцна хьан ойла йора?
Дийначеран лаьтта тӀера дӀаваьккхина вара Иза.
Сан халкъан къинош бахьанехь Цунна ницкъ бира.
9 fЗуламхошца цхьаьна каш кечдинера Цунна,
хьалдерг волчохь дӀавоьллинера Иза,
Цо цкъа а къизалла ца йинехь а,
Цуьнан багахь харцдерг дацахь а.

10Амма Везачу Элан лаамехь дара Иза хьашийта а, Цуьнга баланаш хьегийта а.
Нагахь Шен синах Цо гӀуда такхаран сагӀа дахь,
тӀаьхьенах берш гур бу Цунна,
Цуьнан дахар дах а дийр ду Цо,
ткъа Цуьнан куьйгахула кхиамца
Везачу Элан лаам кхочушхир бу.
11Шен сино бала хьегначул тӀаьхьа,
Цунна юха а дахаран серло а гур ю,
Шена тосаделлачуьнгахула Ша тӀекхаьчначунна Иза реза а хир ву.
Нийсаверг волчу Сан Ялхочо
дуккха а нах Суна хьалха бакъбийр бу,
церан къинош Шена тӀехь дӀа а хьур ду.
12 gЦундела Ас сийлахьчарна юкъахь дакъа лур ду Цунна,
ондачаьрца ижу йоькъур ю Цо,
Цо Шен дахар Ӏожаллина дӀадаларна а,
зуламхойх Иза дӀатоьхна хиларна а.
Цо дуккха а болчеран къинош дӀа а даьхьира,
зуламхошна тӀера доӀанаш а дора.
Copyright information for CheCAC2012