‏ Isaiah 54

Везачу Элан Исраилан халкъе болу безам

1 a«Мохь хьекха, бер ца хуьлуш ерг,
цкъа а бер хилла а йоцург!
Хазахетаран цӀогӀа тоха, мохь хьекха,
бер хуьлуш лазарша ца хьийзийнарг,
хӀунда аьлча йитинчун бераш сов ду,
майра волуш йолчун чул», – боху Везачу Эло.
2«ДӀасашоръе хьайн четар лаьтта меттиг,
хьайн хӀусамийн шаршуш дӀаяржае!
Юха ма оза! Четар чӀагӀдеш долу машшаш дӀахеца,
ткъа машшийн хьостамаш лаьттах чӀагӀде!
3ХӀунда аьлча хьо аьтту а, аьрру а агӀор дӀасаяьржар ю.
Хьан тӀаьхьенах болчара халкъаш карадерзор ду,
яссийна церан гӀаланаш хьалаюзур ю.

4Кхера ма кхера – кхин юьхьӀаьржачу хӀуттур яц хьо.
Эхь хеташ ма хила – кхин аьшнаш йийр яц хьо.
Хьайн жимачу хенахь юьхьӀаьржачу хӀоттар дицлур ду хьуна,
хьайн йисина Ӏаш сий дайна хилар дага а догӀур дац хьуна.
5Хьо Кхоьллинарг ву хьан майра –
Цуьнан цӀе массо а ницкъийн Веза Эла ю.
Хьо ПаргӀатъяьккхинарг Исраилан халкъан Веза Дела ву,
Цунах дерриге а лаьттан Дела олу.

6Везачу Эло кхойкху хьоьга,
йитина а, дог доьхна а йолчу зудчуьнга санна,
жимачу хенахь ялийна а,
юха дӀатесна а йолчу зудчуьнга санна, –
боху хьан Дала. –
7КӀеззигчу ханна Ас йитинера хьо,
амма боккхачу къинхетамца Ас юхаялор ю хьо.
8ОьгӀазваханчохь Сайн юьхь хьох къайлаяьккхинера Ас,
амма хедар боцучу безамца Ас къинхетам бийр бу хьох», –
боху хьо КӀелхьарйоккхуш волчу Везачу Эло.

9 b«Суна иза Нохьин деношкахь санна ду.
Цу хенахь Ас чӀагӀо йира, кхин цкъа а лаьтта тӀе Нохьин хиш дер дац аьлла.
ХӀинца Ас чӀагӀо йо кхин хьуна оьгӀаз ца ваха а,
бехкаш ца даха а.
10Лаьмнаш дегадахь а,
гунаш меттахдовлахь а,
Сан хьоьга болу хедар боцу безам дӀабер бац,
Сан хьоьца бина машаран барт меттахбер бац», –
боху хьох къинхетам беш волчу Везачу Эло.

Керла Ярушалайм

11 c«Пекъар йолу, мохо дӀасалестош йолу,
шена синтем ца бина йолу гӀала!
Ас-Айса хьан тӀулгаш поппарца дуттур ду,
хьан бух саппир-тӀулгех буттур бу,
12хьан бӀаьвнаш рубинех йийр ю,
кевнаш – къегачу жовхӀарех,
ткъа дерриг а пенаш дезачу тӀулгех дуттур ду.

13 dВезачу Эло Ӏамор бу хьан берриг а кӀентий,
церан машар а, беркат а доккха хир ду.
14Нийсонна тӀехь чӀагӀйина хир ю хьо.
Ӏазап дар хьуна генадер ду,
хьо кхера оьшуш хӀумма а дац.
Къемат хьуна генадер ду,
иза хьуна улло догӀур дац.
15Нагахь хьуна тӀе цхьаъ латахь а,
иза Соьгара хир дац.
Милла а хьох латахь а, иза ша вужур ву.

16Хьажал, Ас аьчка пхьар кхоьллина,
цо, алу алсам а йоккхий,
балхана догӀуш долу герз кечдо.
Ткъа иштта Ас кхуллу хӀаллакдийриг а,
цуьнга адамаш хӀаллакдайтархьама.
17Хьуна дуьхьал даьккхинчу цхьана а герзо хьуна зулам дийр дац.
Хьо бехке вечу муьлххачу а маттана дуьхьало ялур ю хьоьга.
Иза Везачу Элан ялхойн тӀаьхье ю,
Соьгара долу церан бакъдар ду», –
боху Везачу Эло.
Copyright information for CheCAC2012