Isaiah 55
Делера болу къинхетам
1 aВезачу Эло боху: «Ва дерриге а хьогах дерш,хиш тӀе схьадуьйла!
Ва шайгахь ахча доцурш,
схьадуьйла, эца, яа!
Схьадуьйла, дети доцуш эца,
ахча а ца луш, чагӀар а, шура а эца!
2Аш хӀунда луш ду ахча шайна пайденна доцучух?
Мах а луш, меца хӀунда дуьсуш ду шу?
Дика Соьга ла а догӀий, мерзаниг дӀадаа,
тӀаккха аша тоьллачу кхачанах дезар оьцур ду.
3 bХӀинца тидам бе, Суна тӀедуьйла!
ЛадогӀа Соьга, шайн синош дахийтархьама!
Ас гуттар а хин болу барт бийр бу шуьца,
Даудана лур ду аьлла долу тешаме диканаш лур ду шуна.
4Хьовсал, Ас Цунах дуккха а халкъашна теш вира,
тхьамда а, куьйгалхо а вира царна.
5Хьайна девзаш доцу халкъаш тӀекхойкхур ду ахь,
хӀинццалц царна хьо а ца девзара.
Уьш хьуна тӀекхача сихлур бу,
хьан Везачу Делан, Исраилан халкъан Везачу Делан, дуьхьа,
хӀунда аьлча Цо хьан сий лакхадаьккхина».
6Лаха Веза Эла Иза каро мегачу хенахь.
Кхайкха Цуьнга, Иза уллохь волчу хенахь.
7Ӏесачо шен некъ буьтийла,
ткъа къинош летийначо – шен ойланаш.
Везачу Элана тӀевоьрзийла иза – Цо цунах къинхетам бийр бу –
Вайн Далла тӀе, хӀунда аьлча Цо комаьршаллица нахана гечдийр ду.
8«Сан ойланаш шун ойланаш яц,
шун некъаш Сан некъаш дац, –
боху Везачу Эло. –
9Стигалш лаьттал лекха ма-хиллара,
Сан некъаш а ду шун некъел лекха,
Сан ойланаш а ю шун ойланел лекха.
10 cДогӀа а, ло а, стигалара охьа а догӀий,
цара латта даша а дой,
цу тӀехь хьаладолург кхуьуьйту,
ялта дӀадуьйш волчунна хӀу а,
юуш волчунна юург а хуьлуьйтуш.
ТӀаккха бен уьш стигала юха ца доьрзу.
11Иштта ду Сан багара схьадолу дош а –
иза даьсса юха ца доьрзу Суна тӀе.
Цо Суна луург кхочушдо,
Ас даийтина дош Ӏалашоне кхочу.
12Делахь, шу самукъадаларца арадевр ду,
машарца новкъа а дохур ду.
Лаьмнаша а, гунаша а шуна хьалха эшарш лоькхур ю,
аренашкарчу дитташа шайн тӀараш деттар ду.
13Коканийн метта, зоьзан дитт хьаладер ду.
КӀохцалийн метта, миртан дитт хьалагӀур ду.
И дерриг а хир ду Веза Эла дагаваийтарна а,
гуттаренна йолчу а, дӀаер йоцучу а билгалонна а».
Copyright information for
CheCAC2012