Isaiah 56
Массо а халкъашна долу кӀелхьардовлар
1Везачу Эло иштта боху: «Бакъдерг лар а де, нийсо а лелае, хӀунда аьлча Сан кӀелхьардахар гергакхаьчна, Сан нийсо кестта гучуйоккхур ю. 2Декъала ву Далла лерина шоьтан де, иза сийсаз а ца доккхуш, лардеш верг а, шен куьг муьлххачу а вочу балхах лардеш верг а. Декъала ву иштта лелаш волу стаг а, иза кхочушдан схьалаьцна адам а». 3Везачу Элана тӀаьхьахӀоьттина волчу кхечу къоман стага ма олийла: «Везачу Эло со билггал Шен халкъах дӀакъастор ву». ВаьӀна волчо а ма олийла: «Со дакъаделла дитт бен дац». 4Везачу Эло иштта боху: «Сан шоьтан денош лоручу а, Суна лууш дерг хоржучу а, Соьца бина барт ларбечу а баьӀначарна 5Сайн цӀа чохь а, цуьнан пенаш юккъехь а дагадоуьйтийла дӀахӀоттор ю Аса, ткъа нехан кӀентий а, мехкарий а дуьнен чу бовлучул а дика хир ю иза. Абаденналц йолу а, хедар йоцу а цӀе лур ю Ас царна». 6Везачу Элана гӀуллакх дан а, Цуьнан цӀе еза а, Цуьнан ялхой хила а Цунна тӀаьхьахӀиттина болу, шоьтан денош лардеш а, Соьца бина барт чӀогӀа лоруш а болу кхечу къаьмнех берш 7 aбуьгур бу Ас Сайн безачу лам тӀе. ДоӀанаш дечу Сайн цӀа чохь хазахетар дийр ду Ас царна. СагӀа доккхучу Сан кхерча тӀехь дохуш долу дийнаташ дагоран а, кхидолу а церан сагӀанаш тӀеоьцур ду Ас, хӀунда аьлча Сан цӀа доӀанаш ден цӀа олуш хир ду, массо а къаьмнашна лерина долу. 8ДӀасабаьржина болу исраилхой схьагулбеш волчу Хьалдолчу Эло боху: «Гулбинчарна тӀе кхин а гулбийр бу Ас».Исраилхойн тхьамданаш бехке бар
9Аренан массо а акхарой, схьаюьйла! Хьуьнан массо а акхарой, схьаюьйла, дӀадаа! 10Исраилхойн хехой бӀаьрзе а, хӀумма а ца хууш а бу, уьш берриш а мотт ца хуу жӀаьлеш ду, лата а ца хууш, Ӏахка а Ӏохкуш, гӀенаш а гуш, набъяр а дезаш. 11Уьш Ӏебар доцу а, сутара а жӀаьлеш ду. Уьш кхетам боцу Ӏуй бу: массо а шен новкъа дӀавирзина ву, хӀора а шена пайда лоьхуш ву. 12«Схьадуьйла, – боху цара, – суна чагӀар карор ду! Маларца дехар ду вай! Кхана а тахана хилларг хир ду, кхин сов а».
Copyright information for
CheCAC2012