‏ Isaiah 57

ЦӀушна Ӏамалъеш берш бехке бар

1Делан лаамехь верг хӀаллакьхуьлу, ткъа цхьанна а дагах ца кхета иза. Далла тешаме нах бахарна тӀера дӀабоху, амма цхьа а ца кхета – Делан лаамехь верг дӀакхолхуьйту, цунна зулам ца хилийтархьама. 2Нийсачу новкъахула лелларш паргӀатоне кхочур бу, царна синтем карор бу шайн Ӏожаллин меттахь.

3«Амма шу – тӀедуьйла кхуза, зуда-бозбунчин бераш, нахаца лелачу стеган а, кхахьпанан а хӀу! 4Шу хьанах кхаьрдаш ду? Хьанах доьлу шу, мотт ара а бохуш? Зуламан бераш а, аьшпаш буьттучийн тӀаьхье а яц шу? 5Нежнашна юкъахь а, хӀора луьстачу дитта кӀелахь а цӀушца боьзна болчу хьарамчу лаамех дуьзна ду шу. Татолашна йистехь а, тархашна кӀелахь а берашна арсаш хьоькхуш ду шу. 6Хьан дакъа татолийн шерачу тӀулгаш юкъахь ду. Уьш хьан кхаж бу. ЦӀуш лоруш болчу оцу тӀулгашна чагӀаран а, кӀен а сагӀанаш доху ахь. Оцунна реза хуьлийла дуй Со? 7Лекхачу а, хьалабаьккхинчу а лам тӀе хӀоттабо ахь хьайн маьнга, цига хьалайолу хьо сагӀа даккха. 8НеӀарна а, гурана а тӀехьа хӀиттайо ахь цӀуйн билгалонаш. Сох дӀа а йоьрзий, ерзина а йолий, метта йолу хьо. Хьайца дӀабийшинчаьрца барт бо ахь цаьргара мах баккха. Цаьрга а хьоьжуш, хьайн хьарамчу лаамах там хуьлу хьуна. 9Хаза хьожа йогӀу хьакхар а эцна, хьо Мулка-цӀунна тӀе йогӀу. Ахь хьайн хьакхарш алсамдоху. Хьайн геланчаш генна дӀабохуьйту ахь – ур-атталла эхарте кхаччалц уьш буьссуьйтуш. 10Бехха некъ барна, хьо кӀадло, амма ахь ца олу: „Дог дохийла а дац!“Хьан гӀора юха а меттахӀутту, цундела хьуна гӀелъялар ца хаало.

11Хьо хьанах кхераелла сел чӀогӀа, тешаме ца хиллал а, Со, виц а вина, хьайн дага чохь ца виттал а? Со вехха вист а ца хуьлуш Ӏерна, дуй те хьан Сох цакхерар? 12Ас хьан нийсо а, хьан гӀуллакхаш а дӀагойтур ду хьуна – царах хьуна пайда бер бац. 13Ахь, гӀо доьхуш, орца даьккхича, хьан цӀуйн жӀугано кӀелхьарйоккхур юй те хьо? Уьш массо а мохо дӀахьур бу, хӀоно дӀасабохур бу. Ткъа Сох тешначунна латта а кхочур ду, Сан беза лам цуьнан дола а бер бу».

Дог доьхначух къахетар

14Везачу Эло элира: «Хьалаайина некъ богӀа! Кеч а бе, дӀа а нисбе некъ. ДӀаяккха Сан халкъана хьалхара дуьхьало».

15ХӀунда аьлча иштта боху Лекхачо а, Лакхаваьккхинчо а, абаденналц Вехаш Волчо а – Везаниг ю Цуьнан цӀе: «Со лекхачу а, езачу а меттехь Ӏаш ву. Дог доьхнарш а, синца муьтӀахь берш а бу Соьца. Ас синца муьтӀахь болчеран са метта а далор ду, дог доьхначеран дог метта а далор ду. 16Со даим а хир вац шу бехке деш а, шуна оьгӀазъоьхуш а. Со иштта хилча, муьлхха а са Суна хьалха гӀеллур дара, Ӏаь а тухуш, Ас мел кхоьллинарг лаьттар дацара. 17Халкъан къилахь йолу сутаралла бахьанехь, Со оьгӀаз а оьхура, цунна таӀзар а дора Аса, Сайн юьхь къайла а йоккхура, эргӀад а вуьйлура, амма иза, Сох дӀа а дирзина, шен даго хаьржинчу новкъахула дӀадахара.

18Суна гина цуьнан некъаш, амма Ас тодийр ду иза. Ас иза дӀа а лелор ду, халкъах гӀайгӀа ечарна синтем а бийр бу. 19 aНехан баганашкахь Суна лерина болу хастам кхуллур бу Ас. Уггар дика машар лур бу Ас генарчарна а, уллорачарна а, – боху Везачу Эло. – Ас тодийр ду халкъ. 20Ӏеса нах ловзабаьлла хӀорд санна бу. И хӀорд дӀа ца тоь, цуьнан хиша сазз а, хатт а аратуьйсу. 21 bӀесачарна машар хир бац», – боху сан Дала.
Copyright information for CheCAC2012