‏ Isaiah 58

Бакъдолчу марха кхабарх лаьцна

1Везачу Эло боху: «ЧӀоггӀа мохь хьакха, сеца ма сеца. Хьайн аз айде, коьман маӀах тардеш. Сан халкъана цуьнан зуламаш а, Якъубан тӀаьхьенна цуьнан къинош а дӀахаийта. 2Цара хӀора дийнахь лоьху Со. Сан некъаш довза а лууш долуш санна а, нийсонца лелаш долуш санна а, шен Делан лаамаш дӀа ца тосуш долуш санна а долу халкъ ду иза. Цара нийсонца гӀуллакх къасторах хоьтту Соьга, Далла гергакхача лууш санна а бу уьш».

3Наха хоьтту: «Оха марха кхобу, Хьуна хӀунда ца го иза? Тхо кӀезиг хилар гойту оха, цуьнан тидам хӀунда ца бо Ахь?»

Везачу Эло боху цаьрга: «Шаьш марха кхобучу дийнахь шайн лаам кхочушбо аш, кхечарна а хала белхаш бар тӀедуьллу.
4Марха а кхобуш, аш девнаш доху, эгӀа а оьгӀу, иштта буйнаш детташ лета. Лакхахь шайн аз хазийтархьама, ца кхобу аш цу хенахь марха. 5Иштта дуй те Суна лууш долу марха, стага шена ницкъ бен а, маргӀало санна, шен корта охьатаӀабен а, шена кӀел сингаттаман бедарш а, чим а туьйсу де? Цунах олу ахь марха долу а, Везачу Элана дезаш долу а де?

6ХӀара ду Суна лууш долу марха: харцонан гӀоьмаш дӀаяха, дезачу дуькъан машшаш дӀадаста, Ӏазапехь берш паргӀатбаха, муьлхха а дукъ дохаде, 7 aмецачуьнца хьайн бепиг декъа, бевлла лела миска нах хьайн цӀа чу бига, верзинчунна тӀе бедар юха, хьайн гергарчух дӀа ма лачкъа.

8ТӀаккха хьан серло, сахуьлучу хенахь санна, гучуер ю, хьан товалар сихха хир ду, хьан нийсо хьуна хьалхаяьлла дӀагӀур ю, Везачу Элан сийлалла а тӀаьхьадогӀур ду хьуна. 9Ахь кхайкхича, Везачу Элана хезар ду, ахь орца даьккхича, Цо эр ду: „Со кхузахь ву!“

Ахь хьо волчуьра Ӏазап латтор дӀа а даккхахь, пӀелг айарца стаг бехкеван а, стаг сийсазвеш долу къамел а сацадахь,
10доллучу синца мецачунна яа хӀума а лахь, гӀело ловш волчун дог а эцахь, тӀаккха хьан серло кхетар ю боданехь, хьан бода делкъе санна хир бу. 11Веза Эла гуттар а хьан тхьамда хир ву. Цо, йокъа хӀоьттича, хьуна оьшург латтор ду, хьан даьӀахкаш чӀагӀйийр ю, тӀаккха хьо хих Ӏабийна беш санна а, цкъа а хи ца кхачош долу хьоста санна а хир ву. 12Хьан халкъо юхаметтахӀиттор ю шира херцораш, юха а дӀахӀиттор ду дуккха а тӀаьхьенаша дитина цӀенойн баххаш. Хьох пенаш тодеш верг а, херцийна урамаш, цигахь Ӏархьама, юхаметтахӀиттош верг а эр ду».

Шоьтан де лардарна совгӀатдар

13«Нагахь шоьтан дийнан дуьхьа, хьайна дан тамехь хета гӀуллакхаш а ца деш, Сан дезачу дийнахь куьг-ког ахь лардахь, шоьтан дийнах зовкх хьоьгу а, Везачу Элан деза а де ахь алахь, иза лоруш, цу дийнахь гуттара а айхьа деш долу гӀуллакхаш а ца деш, хьайна тамехь дерг а ца лоьхуш, эрна хабарш а ца дуьйцуш, хьо хилахь, 14хьуна Везачу Элаца хиларан хазахетар карор ду. Ас хьо лаьттан лакхенашка хьалавоккхур ву, Якъубана, хьан дена кхаьчна болчу махке зовкх хьоьгуьйтур ду». Хаа ду шуна, Везачу Эло аьлла ду иза.
Copyright information for CheCAC2012