‏ Isaiah 59

Къинош леторна халкъ бехкедар

1Хьажал, Везачу Элан куьг шу кӀелхьар ца даххал доца дац. Цуьнан лерг шу ца хаззал къевлина дац. 2Амма шун харцонаша шуна а, шун Далла а юккъе херо ялийтина. Аша летийначу къиноша Цуьнан юьхь шуьгахьара дӀаерзийтина, ткъа цу бахьаненна Цунна шу ца хеза! 3ХӀунда аьлча шун куьйгаш цӀийно бехдина ду, шун пӀелгаш – къиноша. Шун баганаша харцдерг дуьйцу, шун матто зуламениг дуьйцу.

4Бакъдолчуьнгахьа цхьаммо а аз ца айдо, нийсонца гӀуллакх цхьаммо а ца къастадо. Даьссачу дешнех а доьзна, цара харцдерг дуьйцу, зуламе хӀума дола а дой, бохам боккху. 5Лаьхьанан хӀоаш тевна дохкий а Ӏа, маша а бузу цара. Церан хӀоаш диънарг лийр ву, нагахь уьш дохадахь, царна чуьра лаьхьа арабер бу. 6Церан бедаршна маша пайденна бац, шаьш динарг тӀедухалур дац цаьрга. Церан гӀуллакхаш харцонан гӀуллакхаш ду, ницкъбар ду цара лелош дерг. 7 aЗуламна тӀебовду церан когаш, бехк боцучун цӀий Ӏано сихло уьш. Ӏеса ю церан ойланаш, дохор а, хӀаллакьхилар а ду церан некъаш тӀехь. 8Машаран некъ царна ца бевза, нийсо яц уьш лелачохь. Церан некъаш ситтина ду, царна тӀехула воьдучунна цхьанна а машар ца бевза.

Халкъо шен къинойх даре дар

9Цундела нийса кхел яр ду вайна генахь, нийсо вайна тӀе ца кхочу. Вай серлоне сатуьйсу, амма бода тӀебогӀу, сирлачу къагаре хьоьжу, амма Ӏаьржачу боданехь лела. 10БӀаьрзенаш санна, пен а лоьцуш, бӀаьргаш доцуш санна, мича доьлху а ца хууш лела вай. Дийнан делкъехь тийсало, маьркӀажхан йолуш санна. Ондачарна юкъахь, делларш санна ду вай. 11Черчий санна, Ӏоьху вай, кхокхарчаша санна, узарш до. Нийса кхел яре хьоьжу вай, амма иза яц, кӀелхьардовларе сатуьйсу, амма иза вайна генахь ду.

12ХӀунда аьлча Хьуна хьалха тхан зуламаш дукха ду, тхан къиноша тхуна дуьхьал тоьшалла до. Оха дина зуламаш тхоьца ду, тхайн харцонаш тхуна евза. 13Веза Эла волчу Хьуна дуьхьал а девлла, Хьо Ӏехийра оха. Тхайн Делах дӀадирзира тхо. Ницкъбарх а, аьрхаллах а лаьцна дуьйцу оха. Тхайн дегнашкахь кхоьллина харц дешнаш арадовлуьйту оха. 14Бакъдерг лелор юхатеттина ду, ткъа нийсо генахь лаьтташ ю, хӀунда аьлча билггала дерг урамашкахь тасаделира, ткъа хьаналла чу ца ян елира. 15Билггала дерг цхьанхьа а карош дац, ткъа зуламна гена ваьллачунна бохам хуьлу.

Везачу Эло Шен халкъ кӀелхьардаккха кечдо

Везачу Элана гира иза, ткъа Цунна тамехь дацара нийсо цахилар.
16 bЦунна гира цхьа а цахилар, Иза цецвелира гӀо доккхуш цхьа а цахиларх. Цуьнан Шен куьйго болх бира уьш кӀелхьарбохуш, Цуьнан нийсоно гӀо дора Цунна. 17 cЦо Шена тӀе, гӀагӀ санна, бакъдерг диллира, Шен коьрта тӀе кӀелхьардаккхаран гӀем а тиллира, бекхаман оба, бедар санна, тӀеоьллира, дог иракарахӀотторца Шен дегӀ хьулдира. 18Цара динчуьнга хьаьжжина, Цо Шена дуьхьалбевллачарна дералла гойтур ю, мостагӀашна бекхам бийр бу, хӀордан йистерчу халкъашна а царна доггӀург дӀалур ду. 19Малхбузехь Везачу Элан цӀарах нах кхералур бу, ткъа малхбалехь – Цуьнан сийлаллех. Сиха догӀу хи санна, схьавогӀур ву Иза, Везачу Элан хӀоно дӀаэккхош волу.

20 d«Цийонна а, зулам лелорна тӀера дӀайирзинчу Якъубан тӀаьхьенах болчарна а ПаргӀатбохург вогӀур ву, – боху Везачу Эло. – 21Сох лаьцна аьлча, цаьрца болу Сан барт хӀара бу, – боху Везачу Эло. – Сан Са а, хьуна тӀехь долу, Сан дешнаш а, Ас хьан бага дехкина долу, хьан багара а, хьан берийн а, церан тӀаьхьенийн а багара хӀинца дуьйна абаденналц дӀадевр дац», – боху Везачу Эло.
Copyright information for CheCAC2012