‏ Isaiah 6

Дала ЕшаӀ-ЯхӀу пайхамар хила тӀекхайкхар

1 aӀузи-ЯхӀу-паччахь веллачу шарахь лекхачу а, айаделлачу а Ӏаршна тӀехь охьахиъна Ӏаш волу Хьалдолу Эла гира суна. Цуьнан обанан йистоша дерриг а Делан цӀа хьаладуьзнера. 2Цунна тӀехула лаьттара сирап-маликаш
Сирап-маликаш – ялх тӀам болу стигалшкара хӀума.
. Церан хӀораннан а ялх тӀам бара: шинца цара юьхь дӀакъовлура, шинца когаш къайлабохура, ткъа шинца тӀема довлура уьш.
3 cВовшашка кхойкхуш, бохура цара: «Веза ву, веза ву, веза ву
массо а ницкъийн Веза Эла!
Дерриг а латта Цуьнан сийлаллех дуьзна ду!»

4 dЦеран аьзнаша Делан цӀийнан неӀсагӀанаш егайора, ткъа цӀа кӀуьрах хьаладуьзира.

5Ас элира: «Къа ду сан! ХӀаллакьхили со! Сан бага цӀена яц, цӀена баганаш йоцучу халкъана юкъахь Ӏаш а ву со, ткъа сан бӀаьргашна гина Паччахь, массо а ницкъийн Веза Эла».

6ТӀаккха цхьа сирап-малик суна тӀедеара. Морзахца сагӀа доккхучу кхерчара схьаэцна, богуш болу кӀега бара цуьнан карахь. 7КӀега сан бетах а Ӏоьттина, цо элира: «ХӀара хьан бетах хьакхабелла, хӀинца хьан бехк дӀа а баьккхина, хьан къиношна гечдина».

8Юха суна Хьалдолчу Элан аз хезира. Цо бохура: «Мила вахийта Ас? Мила гӀур ву Вайн дуьхьа?»

ТӀаккха ас элира: «Со кийча ву! Со вахийтахьа».

9 eЦо элира: «Ваха а гӀой, ала оцу халкъе: „Хезар ду шуна, амма кхетар дац шу. Хьоьжур ду шу, амма маьӀна къастор дац аша“. 10Оцу нехан дегнаш чӀагӀде, лергаш къорде, бӀаьргаш дӀакъовла, церан бӀаьргашна са ца гайта а, лергашна ца хазийта а, дегнаш тӀаьхьа ца кхиийта а. Цара иза динехьара, уьш Суна тӀе а боьрзур бара, царна дарба а дийр дара».

11Ас элира: «Дукхачу ханна хир дуй иза, Хьалдолу Эла?»

Цо жоп делира: «ГӀаланаш ясса а елла, бахархой а боцуш йиссалц, адамаш доцуш цӀенош диссалц, хӀара латта дерриг а дассадаллалц.
12Веза Эла волчу Аса адамаш кхузара генна дӀадуьгуьйтур ду, тӀаккха хӀара латта чӀогӀа дассалур ду. 13Адамийн уьтталгӀа дакъа лаьтта тӀехь дисахь а, мохк юха а багийна хир бу. Амма ножах, хадийча, лаьттахь юьхк йисаре терра, цу халкъан йисначух деза хӀу хир ду».
Copyright information for CheCAC2012