Isaiah 60
Ярушалайман хинйолу сийлалла
1«ГӀаттахьа, серлаялахьа, Ярушалайм, хьан серло схьа ма еана,Везачу Элан сийлалла хьуна тӀехула хьала ма яьлла!
2Хьажал, бодано латта дӀахьулдийр ду,
халкъаш а Ӏаьржачу боданна кӀел гӀур ду,
амма хьуна тӀехула Веза Эла садаржаран серлонехь гӀоттур ву,
Цуьнан сийлалла хир ю хьуна тӀехь.
3Хьан серлонна тӀе халкъаш догӀур ду,
паччахьаш – хьан садаржаран сирлаллина тӀе.
4Хьайн корта хьала а айий, гонах хьажа:
уьш массо а, гул а белла, хьуна тӀебогӀуш бу.
Хьан кӀентий генара схьабогӀуш бу,
карахь хьан мехкарий а бахьаш.
5ТӀаккха, хьайна иза гича, хазахетар ду хьуна,
хьан дог, тохаделла, шорлур ду.
ХӀордан хьал хьан карадогӀур ду,
халкъийн долахь дерг хьуна тӀе доьрзур ду.
6Эмкалийн ковранаша дӀалоцур ду хьан латта,
къона эмкалш хир ю Маданера а, Ӏейпера а яьхкина.
Уьш ерриш а Шеба-махкара, деши а, хаза хьожа йогӀу хьакхарш а дахьаш, йогӀур ю.
Везачу Элан сийлахь гӀуллакхаш кхайкхор ду схьабаьхкинчу наха.
7Къедархойн дерриге а жаш хьо йолчохь схьагулдийр ду,
набуятихойн коьмаша хьан гӀуллакх дийр ду.
СагӀа доккху Сан кхерча тӀехь тамехь долу сагӀа хир ду царах,
иштта Сайн исбаьхьаллин цӀийнан сийдийр ду Ас.
8Мархаш санна а, шайн баннаш
тӀе доьлху кхокхарчий санна а,
тӀемаяьлла йоьдург хӀун ю?
9Иштта, Соьга хьоьжуш хӀордан йистера халкъаш ду,
ткъа царал хьалха Таршашан хӀордкеманаш ду,
генара шун кӀентий цӀа балош догӀуш долу.
Цара дахьаш дети а, деши а ду
Везачу Элан, хьан Делан,
Исраилан халкъан Везачу Делан дуьхьа,
хӀунда аьлча Цо хьан сий айина.
10Кхечу мехкашкарчу наха хьан пенаш дуттур ду,
церан паччахьаша хьуна гӀуллакх дийр ду.
Со оьгӀазвахча, Ас таӀзар дора хьуна,
амма хӀинца Сайн дикаллица
хьоьца къинхетаме хир ву Со.
11 aХьан кевнаш гуттар а диллина хир ду,
уьш дийнахь а, буса а дӀакъовлур дац,
халкъийн хьал хьуна чудаийта а,
церан паччахьаш схьабалабайта а.
12Ткъа хьуна гӀуллакх ца до
пачхьалкхаш а, халкъаш а
чекхдовллалц хӀаллакдийр ду.
13Ливанун-махкара сийлахь дитташ –
зоьзан а, базанан а, баганан а цхьаьний –
хьуна схьадахьар ду.
Цаьрца хаздийр ду Сан деза цӀа,
тӀаккха Ас сийдийр ду Сайн когийн меттиган.
14 bХьуна гӀело йиначеран кӀентий,
муьтӀахь хиларца хьо йолчу а баьхкина,
хьан когашка охьаоьгур бу.
Хьох ца бешаш хиллачара
хьох эр ду Везачу Элан гӀала а,
Исраилан халкъан Везачу Делан Цийон а.
15Хьо дӀатесна а, ца езаш а,
цхьа а хьуна чухула чекх а ца волуш хиларан метта,
Ас йийр ю хьох гуттаренна а исбаьхьалла а,
тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка хазахетар а долу гӀала.
16Халкъаша а, паччахьаша а юзор ю хьо,
нанас дакхош долу бер санна.
Хьуна хуур ду Веза Эла волу Со, хьо КӀелхьарйоккхург а,
хьо мах баларца ПаргӀатйоккхург а, Якъубан Нуьцкъалниг а вуйла.
17ЦӀастанан метта, Ас деши дахьар ду хьуна,
эчиган метта, дети а, дечиган метта, цӀаста а,
тӀулгийн метта, эчиг а дахьар ду.
Машар хир бу хьан куьйгалхо,
нийсо хир ю хьан тӀехьожург.
18Ницкъбар кхин хир дац хьан лаьтта тӀехь,
дохор а, хӀаллакдар а – хьан дозанашкахь.
Хьайн пенех ахь КӀелхьарвалар эр ду,
ткъа хьайн кевнах – Хастам.
19 cХьуна дийнахь серло луш малх а кхин хир бац,
батто буьйсанна шен нур а лепор дац,
хӀунда аьлча Веза Эла хир ву хьуна гуттар а серло луш,
хьан Дела хир ву хьуна исбаьхьалла хилла лаьтташ.
20Хьан малх цкъа а дӀабузур бац,
бутт кхин къайла а бер бац,
хӀунда аьлча Веза Эла хир ву хьуна гуттар а серло луш.
Хьан баланийн денош чекхдевр ду.
21Дерриг а хьан халкъ, нийсонца а лелаш,
абаденналц лаьттан дола деш хир ду.
И халкъ Ас доьгӀна синтар ду,
Сан куьйгийн болх бу,
Сан исбаьхьалла хьалаяккха кхоьллина ду.
22КӀезигчух эзар адам схьадер ду,
уггар гӀийлачух – онда халкъ.
Со ву Веза Эла.
Шен хеннахь Ас сихдийр ду иза хилийта».
Copyright information for
CheCAC2012