‏ Isaiah 61

КӀелхьардовларх болу хаза кхаъ

1 aХьалдолчу Элан Са дагца ду Сан,
хӀунда аьлча Везачу Эло Со къобалвина
мискачарна хаза кхаъ кхайкхо.
Цо хьажийна Со дог доьхначарна дарба дан,
йийсархошна паргӀатдовлар кхайкхо,
тутмакхаш набахтера арабаха,
2 bВезачу Эло диканца леладо шо а,
вайн Делан бекхаман де а кхайкхо,
гӀайгӀанехь мел болчеран догъэца,
3Цийонехь гӀайгӀа ечарна хазахетар тилла –
чиман метта, царна таж лур ду,
белхаран метта, самукъадалар лур ду,
эшначу синан метта – хастаман духар.
Царах эр ду нийсонан нежнаш,
Шен исбаьхьалла дӀагайтархьама,
Везачу Эло доьгӀна долу.
4Цара шира херцораш юхаметтахӀиттор ю,
тоххара дуьйна йохийна меттигаш тойийр ю.
Дуккха а тӀаьхьенашкара дуьйна яссийна
лаьтташ йолу гӀаланаш карлайохур ю цара.

5Кхечу мехкашкарчу наха шун жаш дажор ду.
Хийра нах хир бу шун латта лелош а, кемсаш кхиош а.
6Ткъа шух Везачу Элан динан дай эр ду,
вайн Далла гӀуллакх деш берш аьлла, цӀе йоккхур ю.
Халкъийн хьоло кхобур ду шу,
церан дозаллех аш куралла йийр ю.
7Шун юьхьӀаьржачу хӀоттаран метта
лаьттан шозза дакъа лур ду шуна.
Шу сийсаздахаран метта
шайга кхаьчначух даккхийдеш хир ду шу.
Иштта, шун махкахь шозза дакъа лур ду шуна,
гуттаренна а долу хазахетар хир ду шун.

8«ХӀунда аьлча Суна, Везачу Элана, нийса кхелъяр деза, ницкъбарца долу талор ца деза.
Тешаме а волуш, Ас совгӀат лур ду царна,
гуттаренна болу барт а бийр бу цаьрца.
9Царах схьабевлларш къаьмнашна юкъахь бевзаш хир бу,
ткъа церан тӀаьхье халкъашна юкъахь евзаш хир ю.
Уьш мел гуш болчарна хуур ду,
Везачу Эло декъалдина халкъ иза дуйла».

10 cСайн Везачу Элах йоккхаеш хир ю со,
сан са хир ду сайн Делах доккхадеш.
Цо кӀелхьардаккхаран бедарш юьйхина суна тӀе,
Цо нийсонан оба суна тӀе хьулйина,
зудаялочо динан дайн чалба коьрта тӀе тиллича санна а,
нускало жовхӀаршца ша хазъян санна а.
Лаьтто шен ялта кхиоре терра а,
бешо стоьмаш хьалабахаре терра а,
Везачу Эло нийсо кхуьуьйтур а ю,
массо а халкъашна хьалха
Шена хастамаш бойтур а бу.
11

Copyright information for CheCAC2012