Isaiah 62
1Цийонан дуьхьа дӀасоцур вац со,Ярушалайман дуьхьа тийна Ӏийр вац,
цуьнан нийсо, Ӏуьйренан серло санна, гӀатталц,
цуьнан кӀелхьаръялар, хаьштиг санна, серлаяллалц.
2Халкъашна хьан нийсо гур ю,
массо а паччахьашна – хьан сийлалла.
Хьуна керла цӀе туьллур ю,
Везачу Элан багара схьаер ю и цӀе.
3Везачу Элан карахь сийлаллин таж хир ду хьо,
хьайн Делан кераюккъехь паччахьийн чалба хир ю.
4Кхин эр дац хьох «Йитинарг»,
я хьан лаьттах кхин эр дац «ДӀатесна дерг».
Хьан цӀе хир ю «Дала цунах зовкх хьоьгу»,
ткъа хьан лаьттах «Долахь дерг» эр ду,
Везачу Эло хьох зовкх хьоьгур долу дела,
хьан лаьттан Цо дола дийр долу дела.
5Жимачу стага йоӀстаг ма-яллора,
хьан кӀенташа хьан дола дийр ду.
Зудаялош верг шен нускалх воккхавеш ма-хиллара,
иштта хьан Дела а хьох воккхавеш хир ву.
6Хьан пенаш тӀехь хехой хӀиттор бу Ас, Ярушалайм.
Уьш дийнахь а, буса а тийна хир бац.
Шу, Везачу Эле кхойкхуш дерш,
дист а ца хуьлуш ма Ӏелаш.
7Цуьнга са ма даӀийта, Цо Ярушалайм юхаметтахӀоттаяллалц,
цунах Цо дуьненан сийлалла яллалц.
8Везачу Эло чӀагӀо йина
Шен аьтту куьйгах а, Шен нуьцкъалчу пхьаьрсах а:
«Хьан ялта кхин лур дац Ас хьан мостагӀашна кхачанна,
кхечу къаьмнийн наха хьан чагӀар а мер дац,
ахь шена тӀехь болх бина долу.
9Кемсаш кхиочара юур ю уьш,
Везачу Элана хастам бийр бу цара.
Кемсаш лахьочара мер ду чагӀар
Сан дезачу цӀийнан керташкахь».
10Схьадуьйла, кевнах чекхдовла!
Халкъана некъ кечбе!
Хьалаайина бе и некъ!
Оьшуш доцу тӀулгаш дӀадаха!
Хьалаайа байракх къаьмнашна!
11 aВезачу Эло кхайкхадо дуьненан йистошка кхаччалц:
«ДӀаала Цийонан йоӀе:
„Хьажал, хьо КӀелхьарйоккхург ву вогӀуш!
Хьажал, хьо КӀелхьарйоккхург ву вогӀуш!
Цуьнан совгӀат а Цуьнца ду,
Цуьнан ял а Цунна хьалха йогӀуш ю“».
12«Везачу Эло паргӀатдаьккхина, деза халкъ» эр ду царах,
ткъа хьох «Лехна йолу а, дӀатесна йоцу а гӀала» эр ду.
Copyright information for
CheCAC2012