‏ Isaiah 63

Бекхаман де

1 aИ Эдомера вогӀург мила ву? Мила ву иза, цӀен оба а юьйхина, Бацарера вогӀург? Мила ву иза сел сийлахь верг оцу Шен духарца, берриг а Шен ницкъаца сел онда верг?

«Со ву иза, нийсонца олуш верг, адамаш кӀелхьардаха нуьцкъала а волуш».

2Хьан бедарш цӀен хӀунда ю, муттдоккхургахь кемсаш хьешначийн санна?

3 b«Со цхьаъ бен вацара кемсаш хьуьйчохь, халкъашна юкъара цхьа а вацара Соьца. Ас Сайн оьгӀазаллица хьийшира уьш, Сайн дераллица этира уьш. Церан цӀий Сан обанна тӀе детталора, иштта Сайн бедар бехйина Ас. 4Бекхаман де Сан даг чохь дара, Ас чӀир екхаран шо тӀекхаьчна. 5 cСо хьийжира, амма гӀоьнча вацара. Со цецвелира, гӀо лоцуш стаг ца хиларна. Амма Сан куьйго гӀо дира Суна, Сан дералло Суна накъосталла дира. 6Сайн оьгӀазаллица Ас къаьмнаш хьаьшира. Сайн дераллица уьш даха а дина, церан цӀий лаьтта охьадоьттира Ас».

Дела Исраилан халкъаца дика хилар

7Ас хьахор ду Везачу Элан безаме гӀуллакхаш а,
Цунна хастам бан хьакъ долу гӀуллакхаш а.
Тхоьца Ша къинхетаме хиларна а,
Шен хедар боцу безам боккха хиларна а,
Везачу Эло тхуна мел динарг хьахор ду ас,
Исраилан халкъана Цо мел дина диканиг а.

8Цо элира: «Иза Сан халкъ ду, мекарлонца лелар доцу бераш ду уьш». ТӀаккха Иза церан КӀелхьардоккхург хилира. 9Цара мел хьегначу баланашкахь, Цо а бала хьегна. Цуьнан уллорачу малико кӀелхьарбаьхна уьш. Шен безамца а, къинхетамца а Цо паргӀатбаьхна уьш. Цо, схьа а эцна, дерриге а ширачу заманашкахь лелийна уьш. 10Амма цара, дуьхьал а бевлла, халахетар дира Цуьнан Дезачу Синна. Цундела Цунах церан мостагӀа хилира: Иза Ша цаьрца тӀом беш дара.

11ТӀаккха Цуьнан къомана Муса а, цуьнца болу нах а баьхна хьалхалера денош дагадаьхкира: «Мичахь ву Шен уьстагӀий Ӏуйшца хӀордах дехьадаьхнарг? Мичахь ву Мусана чу Шен Деза Са диллинарг? 12 dМичахь ву Мусана аьтту куьйгахь хила Шен исбаьхьа а, нуьцкъала а куьг дахийтинарг, халкъана хьалха хи дӀасадекънарг, абаденналц Шен цӀе гӀараяккхархьама? 13Мичахь ву уьш Ӏаннашкахула дӀабигнарг?»

Шерачу арахула дӀаюьгу говр санна бара уьш, тийса а ца луш, дӀабоьлхуш.
14ТогӀи чу буссу бажа санна, Везачу Элан Сино садаӀа буьгуш бара уьш. Иштта Хьайн халкъ дӀадуьгура Ахь, Хьайн сийлахь цӀе гӀараяккхархьама.

Къинхетам бар а, гӀо дар а доьхуш долу доӀа

15Стигалара охьахьажахьа, Хьайн деза а, сийлаллин а долчу цӀа чуьра схьахьажахьа: Хьан леррина хилар а, ницкъ а мичахь бу? Хьан боккха гӀайгӀа а, ницкъ а мичахь бу? Хьан эсалалла а, тхоьга болу къинхетам а сецна бу. 16Хьо-м тхан Да ву, ИбрахӀимна тхо ца довзахь а, Исраилан халкъо тхо къобал ца дахь а. Хьо ву, Веза Эла, тхан Да, тоххара дуьйна а Хьан цӀе «Тхан ПаргӀатдохург» ю. 17Хьайн некъаш тӀера тхо гал хӀунда довлийтира Ахь, Веза Эла? Хьайна хьалха ларамах дуьзна ца хиллал чӀогӀа тхан дегнаш чӀагӀ хӀунда далийтира? Юхаверзахьа тхо долчу Хьайн ялхойн дуьхьа – Хьайн долахь долчу къоман тайпанийн дуьхьа.

18КӀеззигчу хенахь бен Хьан халкъан долахь ца хилира Хьан еза меттиг. Ткъа хӀинца тхан мостагӀаша хьаьшира Хьан деза цӀа. Ахь тхан дола цкъа а ца дича санна, Хьан цӀе тхоьца ца йоьзча санна хилла дӀахӀиттира тхо.19

Copyright information for CheCAC2012