Isaiah 64
1Стигалш а этӀийна, хьо чувоссахьара! Лаьмнаш дегор дара Хьуна хьалха. 2ЧӀешах цӀе латийча санна а, цӀеро хи кхехкийча санна а, Хьан мостагӀашна Хьан цӀе йовзийта, Хьуна хьалха къаьмнаш дегадайта! 3Тхо хьоьжуш доцу а, ларамах дузуьйтуш долу а гӀуллакхаш Ахь дича, Хьо чу а воьссира, лаьмнаш Хьуна хьалха дега а дира. 4 aАзалера дуьйна лергана а ца хезнера, цхьанна хаа ца велира, бӀаьргана а ца гинера кхин Дела, Хьо воцург, Шега хьоьжуш болчеран дуьхьа леладеш волу. 5Самукъадаларца бакъдерг кхочушдеш волчунна а, Хьан некъаш дагахь латтош волчунна а гӀо дан вогӀу Хьо. Амма Хьо оьгӀазвахара тхуна, хӀунда аьлча тхо дукха хенахь дуьйна къинош летош дара. Тхо кӀелхьар муха девр ду? 6Далла хьалха тхо дерриш а бехвелла стаг санна хилла дӀахӀиттина, оха мел дина бакъахьара гӀуллакхаш дегаза горгамаш санна ду. Тхо массо а, гӀа санна, маргӀалдулу, тхан къиноша, мохо санна, дӀахьо тхо. 7ДоӀанехь Хьоьга кхойкхуш я Хьох катоха гӀерташ цхьа а вац. Цундела Хьайн юьхь тхох къайлаяьккхина Ахь, тхайн къинош бахьанехь тхо хӀаллакьхила а дуьтуш. 8Амма, Веза Эла, Хьо тхан Да ву. Тхо поппар бу, ткъа Хьо куьпчи ву – тхо массо а Ахь кхоьллина ду. 9Веза Эла, ма гӀохьа оьгӀаз барам боцуш, абаденналц тхан къинош дагахь а ма латтадехьа. Схьахьажахьа: тхо массо а Хьан халкъ ма ду. 10Хьан езачу гӀаланех яьсса аре хилла. Цийонах яьсса аре хилла, Ярушалайм яссаелла. 11ЦӀергахь дагийна ду тхо долчохь хилла Делан цӀа, тхан дайша шена чохь Хьо хестийна а, деза а, исбаьхьа а долу. Оха лерина а, езна а ерриг а меттигаш хӀинца йохийна Ӏохкуш ю. 12Веза Эла, и дерриг а хиллачул тӀаьхьа а ӀадӀийр ву Хьо? Вист ца хуьлуш а, тхуна барам боцуш таӀзар деш а хир ву Хьо?
Copyright information for
CheCAC2012