Isaiah 65
Дала къарцалучарна таӀзар дар
1 a«Сох лаьцна ца хоьттучарна Со вовзийтина Аса, Со ца лехначарна Со карийна. Сайн цӀаре доӀанца кхойкхуш доцчу халкъе: „Со кхузахь ву! Хьуна гӀо дан кийча ву!“– баьхна Ас. 2 bДийнахь сарралц Сайн куьйгаш вочу новкъахула шайн лаамашца леллачу къар ца лучу халкъе а кховдийна, Ӏийна Со. 3Даим цу халкъо юьхь-дуьххьал сийсазво Со, езачу бошмашкахь сагӀанаш а дохуш, кибарчигех кечйиначу меттигашна тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀума а ягош, 4къуббанаш юкъахь а Ӏаш, къайлахчу меттигашкахь буьйсанаш а йохуш. Цара хьакхин жижиг а доу, хьарамчу кхачанах йина чорпа а ю церан еш чохь. 5Цара боху кхечаьрга: „Совца, суна тӀе ма дуьйла, со дукха веза ву шуна хьалха!“Уьш Ас хьожа йоккхуш болу кӀур бу, дерриг а дийнахь йогуш йолу цӀе ю. 6ХӀара ду Суна хьалха яздина дерг: „Со вист ца хуьлуш Ӏийр вац, Ас бекхам бийр бу. Ас дӀалур ду царна 7цара а, церан дайша а летийнчу къиношна доггӀуш дерг, – боху Везачу Эло. – Цара лаьмнаш тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀума ягайора, гунаш тӀехь Со сийсазвохура. Цара хьалха лелийначу гӀуллакхашна доггӀург Ас токхур ду царна“». 8Иштта боху Везачу Эло: «Кемсийн хорханехь мутта долчу хенахь олу: „Йоха ма е иза, цхьадолу диканиг цунна чохь хила мега дела“. Изза дийр ду Ас Сайн ялхойн дуьхьа, массо а хӀаллак ца вархьама. 9Якъубах Ас тӀаьхье хуьлуьйтур ю, ЯхӀудан тайпанах Сан лаьмнаш кхочунверг схьаволуьйтур ву Ас. Ас хаьржинчеран долахь хир бу уьш, Сан ялхой Ӏийр бу цигахь. 10 cСуна уллохь хилар лоьхуш долчу Сан халкъан дуьхьа уьстагӀийн дежийла хир ю Шарон-аре, ткъа бежано садоӀу меттиг хир ю Ӏахур-тогӀи. 11Ткъа шу, Со дӀа а тесна, Сан беза лам биц а бина, Гада-цӀунна ▼▼Гада – иза аьттонан харцдела ву.
кхача кечбеш дерш а, Мени-цӀунна ▼▼Мени – иза кхолламан харцдела ву.
чагӀаран кад луш дерш а, 12Ас туьра кӀел дохуьйтур ду. Шу массо а дойур ду, хӀунда аьлча Ас кхайкхича, аша жоп ца делира, Ас къамел дича, аша ла ца дуьйгӀира. Суна зуламе хеташ дерг а деш, Суна цадезарг хоржуш а дара шу». 13Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: «Сан ялхоша юур ю, ткъа шу меца Ӏийр ду, Сан ялхоша мер ду, ткъа шу хьогах хир ду, 14Сан ялхой самукъадоккхуш хир бу, ткъа шу эхьехь хир ду, Сан ялхоша эшарш лоькхур ю, дегнаш чохь хазахетар хиларна, ткъа аша маьхьарий хьоькхур ду, дегнаш чохь сингаттам хиларна, шу доьлхур ду, синош эшна хиларна. 15Аш йитина хир йолу цӀе неӀалт кхайкхош долчу хенахь лелош хир ю Ас хаьржинчу халкъо. Хьалдолчу Эло хӀаллакдийр ду шу, ткъа Шен ялхошна кхин цӀе туьллур ю Цо. 16Лаьтта тӀехь шена декъалвар доьхуш волчо бакъдолчун Дала ша декъалвар доьхур ду. Лаьтта тӀехь дуй бууш волчо а бакъдолчун Делах дуй буур бу, хӀунда аьлча хьалхалера сингаттамаш бицбина а, Сан бӀаьргашна хьалхара къайлабаьхна а хир бу». Керла кхоьллинарг
17 f«Хьажал! Ас керла стигал а, керла латта а ду кхуллуш, ткъа хьалхалернаш дага а догӀур дац, даг тӀехь а хир дац. 18Ас кхуллуш долчух самукъадаьлла а, даккхийдеш а хир ду шу гуттар а, хӀунда аьлча Ас кхуллуш йолу Ярушалаймах самукъадалар а хир ду, цуьнан халкъах хазахетар а хир ду. 19 gЯрушалаймах хазахеташ а, цуьнан халкъах самукъадаьлла а хир ву Со. Цу гӀали чохь кхин хезар дац белхар а, тийжам а. 20Цу чохь цхьадолчу деношкахь бен ца даьхна аганара бер хир дац, иштта шен денош кхачдалаза воккха стаг а хир вац. БӀе шо кхаьчна стаг велча, иза жима стаг ву моьттур ду. БӀе шо кхаьчна къинош летийнарг веллехьара, цунна неӀалт кхайкхийна моьттур дара. 21Уьш, цӀенош а деш, царна чохь Ӏийр бу, кемсийн бошмаш а югӀуш, церан стоьмаш бууш хир бу. 22Цара кхечарна чохь Ӏан цӀенош а дийр дац, кхечара царна тӀера кемсаш яа кемсийн бошмаш а югӀур яц. Сан халкъан денош, диттан денош санна, хир ду. Ас хаьржинчара еххачу хенахь шайн куьйгашца динчух пайда оьцур бу. 23Цара эрна къа а хьоьгур дац, шайна баланна бераш а дийр дац, хӀунда аьлча уьш а, цаьрца цхьаьна церан тӀаьхьенаш а Везачу Эло декъалдина халкъ хир ду. 24Цара кхайкхале, Ас жоп лур ду. Уьш къамел деш хир бу, ткъа Суна хӀинцале хезар ду. 25 hБорз а, Ӏахар а цхьаьна бежаш хир бу, лоьмо, старо санна, докъар дуур ду, ткъа лаьхьанна кхача латта хир ду. Цара зен а дийр дац, бохам а бийр бац берриг а Сан безачу лам тӀехь», – боху Везачу Эло.
Copyright information for
CheCAC2012