Isaiah 66
Къаьмнашна тӀехь Везачу Эло кхелъяр
1 aВезачу Эло иштта боху: «Стигал Сан Ӏарш ю, ткъа латта Сан когийн кӀело ю. Аша мичахь дийр ду Суна цӀа? Сан садоӀу меттиг а мичахь хир ю? 2И дерриг а Сан куьйго кхоьллина дац? И дерриг а иштта хилла дӀахӀоьттина дацара? – боху Везачу Эло. – Ша кӀезиг хетачуьнга а, дог доьхна волчуьнга а, Сан дашна вегавеш волчуьнга а Сан ларам бу. 3Амма сту сагӀина буьйш верг Суна хьалха адам дуьйш верг санна ву. СагӀина Ӏахар боккхуш верг жӀаьлин ворта кагъеш верг санна ву. КӀен сагӀа доккхуш верг хьакхин цӀий сагӀина даьккхинарг санна ву. Хаза хьожа йогӀу хӀума ягош верг цӀунна Ӏибадат дийриг санна ву. Шайн некъаш а хаьржина, шаьш лелочу дегазчу гӀуллакхех царна там хиларе терра, 4Со а хир ву цаьрца шога. Уьш кхоьруш дерг доуьйтур ду Ас царна тӀе, хӀунда аьлча Со кхайкхира, амма жоп луш стаг вацара, Ас къамел дира, амма цхьаммо а ла ца дуьйгӀира. Цара Суна хьалха зуламениг дора, Суна цадезарг а хоржура». 5Везачу Элан даше ладогӀа, Цуьнан дашах бегош берш: «Сан цӀе бахьана долуш, шу ца дезачу а, дӀалоьхкучу а шун вежарша боху: „Везачу Эло Шен сийлалла гойтийла, тӀаккха тхо хьовсур ду шун самукъадаларе“. Амма уьш юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу. 6ЛадогӀа! ГӀалара схьахезаш гӀовгӀа ю, Делан цӀа чуьра аз ду хезаш. Иза Шен мостагӀашна бекхам беш волчу Везачу Элан аз ду. 7 bБеро хьийза а яле, зудчо бер дина, цунна лазарш а хилале, цо кӀант вина. 8Хьанна хезна ишттаниг? Хьанна гина ишттаниг? Цхьана дийнахь пачхьалкх кхоллаеллий? Цхьана сахьтехь къам кхолладеллий? Амма лазарша хьийзо йолаялале, Цийоно шен кӀентий бина. 9Бер дуьнен тӀе долу хан тӀе а кхачийтина, иза ца хуьлуьйтуш Ӏийр вуй Со? – боху Везачу Эло. – Я бер дан ницкъ а белла, ненан цӀа дӀакъовлур дуй Ас?» – боху хьан Везачу Эло. 10Даккхийдейша Ярушалаймаца, цунах самукъадалий хилийша,иза езаш долу шу массо а!
Даккхийдейша цуьнца хӀинца
шу массо а, цунах доьлхуш хилларш!
11Цуьнан синтемечу некхах шу,
дакха а декхна, Ӏаьбна хир ду.
ЧӀогӀа мала а муьйлуш, цуьнан
даккхийчу накхойх зовкх хьоьгур ду.
12ХӀунда аьлча Везачу Эло иштта боху: «Ас машар хоьцур бу шуна тӀе, догӀу хи санна, халкъийн хьал схьахоьцур ду, хи тӀедаьлча догӀу татол санна. Шу декхар а ду, карахь а лелор ду, голаш тӀехь хьоьстур а ду. 13Нанас беран догъоьцуш санна, Ас шун догъоьцур ду. Ярушалаймехь догъэцна хир ду шун. 14Шуна гур ду иза, тӀаккха шун дегнаш даккхийдеш хир ду. Заза даьккхина къона дитташ санна хир ду шу. Везачу Элан куьйгана Шен ялхой бевзар бу, амма Шен мостагӀашна оьгӀазгӀур ву Иза». 15Веза Эла цӀергахь вогӀур ву. Цуьнан гӀудалкхаш, йилбазмох санна, хир ю. Цо Шен оьгӀазалла дераллица тӀеюттур ю, ткъа Шен къемат – цӀеран алунашца. 16ХӀунда аьлча Везачу Эло цӀерца а, Шен туьраца а массо а адамна тӀехь кхел йийр ю. Цо хӀаллакбина дуккха а хир бу. 17«Езачу бошмашкахь цхьаъ вукхунна тӀаьххье шаьш базбеш а, цӀанбеш а берш а, хьакхин жижиг а, маьттаза хӀуманаш а, дехкий а дуурш а массо а лийр бу, – боху Везачу Эло. – 18Сох лаьцна аьлча, церан гӀуллакхаш а, ойланаш а бахьана долуш, Ас массо а къаьмнаш а, меттанаш а гулдийр йолу хан тӀекхаьчна. Схьа а баьхкина, Сан сийлалла гур ю царна. 19Царна юкъахь тамашийна билгало а йина, дийна бисинчарах цхьаберш Сох лаьцна ца хезначу а, Сан сийлалла ца гиначу а къаьмнашна тӀе бохуьйтур бу Ас: Таршаш тӀе а, пӀулахошна а, шайн говзачу Ӏад кхуссучаьрца болчу лудамхошна а тӀе, Тубална а, Яванна а тӀе, генахь долчу хӀордан йистерачу халкъашна а тӀе. Оцу халкъашна юкъахь Сан сийлалла кхайкхор ю цара. 20Массо а халкъашна юкъара берриг а шун вежарий схьабалор бу цара Везачу Элана совгӀатна говрашна тӀехь а, гӀудалкхаш чохь а, ворданашна тӀехь а, бӀарзанашна а, эмкалшна а тӀехь Сан безачу лам тӀе, Ярушалайме, – боху Везачу Эло, – исраилхоша Везачу Элан цӀийне цӀеначу пхьегӀи чохь совгӀат ма-дарра. 21Царах схьаоьцур бу Ас динан дай а, левихой а бан нах», – боху Везачу Эло. 22 c«Ас кхуллур йолу керла стигал а, керла латта а, гуттар а Суна хьалха лаьттар долуш ма-хиллара, – боху Везачу Эло, – иштта шун тӀаьхье а, цӀе а даим юьсур ю. 23Цхьана баттера вукху батте а, цхьана шоьтан дийнера вукху шоьтан дийне а долуш, массо а адам Суна хьалха суждане догӀур ду, – боху Везачу Эло. – 24 dАрабевлча, царна Суна дуьхьалбевллачу нехан декъий гур ду: уьш бууш болу нӀаьна а лийр бац, уьш багош йолу цӀе дӀа а йойур яц. Массо а адамна дегаза хетар бу уьш».
Copyright information for
CheCAC2012