‏ Isaiah 7

Ахьаз-паччахьна лерина болу хаам

1 aӀузи-ЯхӀун кӀентан Йовтаман кӀант Ахьаз ЯхӀуд-мехкан паччахь а волуш, Рицан Арам-мехкан
Арам-мохк – иза хӀинцалерчу Сири-мехкан цхьа дакъа хилла.
паччахь а волуш, ткъа Рамли-ЯхӀун кӀант Пикхахьи Исраил-мехкан паччахь а волуш, тӀом баьлла. Рицан а, Пикхахьи а тӀамца Ярушалайм-гӀалина тӀелетира, амма цаьрга иза схьа ца яккхаелира.

2Даудан тӀаьхьенах волчу Ахьаз-паччахье хаам кхечира, арамхой эпраймхошца
Эпраймхой – къилбаседера пачхьалкх йолчу Исраил-мехкан уггар доккха тайпа Эпрайман тайпа дара.
цхьаьнакхетта аьлла. И кхаъ хезча, паччахь а, цуьнан нах а кхерабелира, мохо ластийна хьуьнхара дитташ санна, бегийра уьш.

3Везачу Эло ЕшаӀ-ЯхӀуга элира: «Хьо а, хьан кӀант Шиар-Яшаб
Шиар-Яшаб – и цӀе «нахах бисинарш бен юхабоьрзур бац» маьӀна долуш ю (Деша 10:20-22).
а Ахьазана дуьхьал гӀо. Лакхарчу Ӏома чуьра хи охьадогӀучохь, хӀуманаш юьттучеран аренга боьдучу новкъа вала ший а.
4Ахьазе ала: „Ларло, амма синтеме хила, кхера а ма кхера, хьайн дог а ма дохаде, и сийсина догуш долу ши дечиг бахьана долуш – Рицан шен арамхошца а, Рамли-ЯхӀун кӀант а оьгӀазвахана дела. 5Арамхой а, эпраймхой а, Рамли-ЯхӀун кӀант а хьуна зулам дан гӀерташ бу, цара боху: 6‘ЯхӀуд-махкана тӀе а летта, иза, кхера а бина, тӀамца схьа а баьккхина, Табиалан кӀант цигахь паччахь хӀоттор ву вай’.

7Амма Хьалдолчу Эло боху: ‘И хӀума лаьттар дац,
и гӀуллакх кхочушхир дац,
8хӀунда аьлча Араман олахо Дамасакх-гӀала ю,
ткъа Дамасакхан олахо Рицан бен вац.
Кхин кхузткъе пхи шо даьлча, эпраймхой,
шаьш бохийна хиларна, кхин къам хир дац.
9Эпрайм-мехкан олахо Шамран-гӀала ю,
ткъа Шамранан олахо Рамли-ЯхӀун кӀант бен вац.
Нагахь санна шу ца тешахь,
шу чӀагӀдина хир дац’“».

Делан билгало: Ӏимануал

10Везачу Эло Ахьазе кхин цкъа иштта хаам бира: 11«Хьайн Везачу Делера хьайна цхьа билгало еха. И билгало лаьтта бухара я лакхарчу стигалара хила мегаш ю».

12Ахьаза элира: «Ас йоьхур яц цхьа а билгало, Веза Эла зуьйр вац ас».

13ТӀаккха ЕшаӀ-ЯхӀус элира: «ЛадогӀа соьга, Дауд-паччахьан тӀаьхьенах берш! Нахана шаьш ен халонаш а ца тоьуш, сан Далла халонаш ян дохку шу? 14 eХьалдолчу Эло Ша лур ю шуна билгало: „ЙоӀа, берах а хилла, кӀант вийр ву, цуьнан цӀе Ӏимануал
Ӏимануал – кху цӀеран маьӀна «Дела тхоьца ву» бохург ду.
туьллур ю.
15Цо кӀалд а, моз а дуур ду, вониг дӀататта а, диканиг тӀеэца а Ӏаммалц. 16И бер вониг дӀататта а, диканиг тӀеэца а Ӏамале, шу кхоьруш волчу шина паччахьан мехкаш дассийна хир ду.

17Амма Везачу Эло хьуна а, хьан халкъана а, хьан ден цӀенна а тӀе Эпрайман къам ЯхӀудан къомах дӀакъаьстинчу хенахь дуьйна ца хилла денош хӀиттор ду – Цо Ашур-мехкан паччахь шуна тӀе лотуьйтур ву.

18Цу дийнахь Везачу Эло шок тухур ю, Мисар-махкахь уггар генахь йолчу хин Ӏоврашкара мозий
Мозий... накхармозий – уьш эскарш ду бохург ду.
а, Ашур-махкахь долу накхармозий а схьакхайкхархьама.
19Схьа а даьхкина, боьранашка а, тархийн кӀаьгнашка а, кӀохцалш мел долчу коьллаш тӀе а, ерриг а руьйтанаш тӀе а охьаховшур ду уьш.

20Оцу дийнахь Хьалдолчу Эло Эпрат-хина дехьара тӀелаьцначу уьрсаца – Ашурхойн паччахьца – шун коьрта а, когашна а тӀера чоьш дӀадошур ду, ур-атталла маж а дӀайоккхур ю.

21Цу хенахь стаге цхьа шинар а, ши уьстагӀ а бен кхабалур бац, 22амма цара луш йолу шура шортта хиларна, цо кӀалд юур ю. Кху лаьтта тӀехь бисначара массара а кӀалддий, моззий дуур ду.

23Иштта хӀума а хир ду цу хенахь: эзар дато шекхал ахча мах болу эзар кемсийн таьлланг хьалайолучу меттехь коканан а, кӀохцалан а коьллаш евр ю. 24Ӏедаш а, пхерчий а эцна, лелар бу цига нах, хӀунда аьлча дерриг а цу лаьтта тӀехь коканан а, кӀохцалан а коьллаш хир ю. 25Хьалха охуш лелийначу цхьана а лам тӀе вахалур вац, цигарчу коканийн а, кӀохцалийн а коьллех кхерарна. Цига стерчий дӀалохкур ду, кегийрачу дохно хьоьшур ду коканаш“».
Copyright information for CheCAC2012