Isaiah 8
ЕшаӀ-ЯхӀун кӀант билгало хилар
1Везачу Эло соьга элира: «Поппаран йоккха экъа схьа а эций, йозанан гӀирсаца къаьсташ дӀаязде цу тӀехь: „МахӀир-Шалал-Хьаш-Баз ▼▼МахӀир-Шалал-Хьаш-Баз – иза «хӀонсе сихвалар, къолане марзвалар» бохург ду.
“». 2Ас тешаме волу ши теш лецира сайна: динан да волу УръяхӀу а, Юбарах-ЯхӀун кӀант Закри-ЯхӀу а. 3Шегахь Делера хаам болуш йолчу зудчух кхийтира со. Цо, доьзалхочух а хилла, кӀант вира. Везачу Эло соьга элира: «Цуьнан цӀе МахӀир-Шалал-Хьаш-Баз тилла, 4хӀунда аьлча цу кӀантана „сан да“, „сан нана“ала Ӏамале, Дамасакх-гӀалин хьал а, Шамран-гӀалин хӀонс а Ашур-мехкан паччахьна хьалха̄хула дӀахьур ду». Ашур-мехкан паччахь тӀелатар
5Везачу Эло кхин а цкъа соьга къамел дира: 6«ХӀара халкъ тийна догӀучу Шилон-хих ца дашарна, Рицанах а, Рамли-ЯхӀун а кӀантах а доккхадерна, 7Везачу Эло буьрса а, доккха а Эпрат-хи хоьцур ду цунна тӀе – иза берриг а шен ницкъаца волу Ашур-мехкан паччахь хир ву. И хи, шен дерриге а хоршара ара а даьлла, массо а бердаш тӀе дер ду. 8ЯхӀуд-махкахула дӀа а дахана, иза хьала а буьзна, лаккха хьаладер ду иза, лога кӀел кхаччалц. Ӏимануал, Хьан латта мел ду дӀасадаьржар ду иза, дӀасадахийтинчу тӀемашца санна!» 9МостагӀалла леладе, халкъаш, ткъа дог доьхна хила. Генара мехкаш, ладогӀалаш! ТӀамана кечам бе, ткъа дог доьхна хила! ХӀаъ, кечам бе, амма хаа ду шуна, шу дог доьхна хир ма ду! 10Дага хӀуманаш леца, амма уьш нислур дац. Дош ала, амма иза кхочушдийр дац, хӀунда аьлча тхоьца Дела ву!Везачу Элах тешна Ӏаш хиларе кхайкхар
11Суна тӀе онда куьг а диллина, цу халкъан новкъахула лелар суна дехка а доьхкуш, Везачу Эло соьга иштта элира: 12 b«Цу халкъо къайлаха барт бар мел ду бохучух къайлаха барт бар ду ма баха, иза кхоьручу хӀуманах ма кхера, ткъа Ӏадийна ма хила. 13Массо а ницкъийн Веза Эла шайн Веза Дела бен ма лара, Цуьнга бен ларамах дуьзна ма хила, Цунна хьалха бен Ӏадийна ма хила! 14 cИза шун еза меттиг хир ю. Амма Исраилан шина пачхьалкхана Цунах нах тасаболуьйтун болу тӀулг а, уьш охьаоьгун болу тарх а хир ю, ткъа Ярушалайман бахархошна Цунах речӀа а, гур а хир бу. 15Царах дукхахберш таса а белла, охьа а эгар бу, хӀаллак а хир бу, речӀанна юкъа а нисбелла, схьа а лоьцур бу». 16ХӀара тоьшаллин тептар, дӀа а хьарчадай, дӀадехка. ХӀара хьехаман тептар мухӀарца дӀа а къовла. Сан мурдаша иза лардойла. 17 dЯкъубан тӀаьхьенах Шен юьхь къайлаяьккхинчу Везачу Эле хьоьжуш хир ву со, Цунах дегайовхо йолуш хир ву со. 18 eХӀара со а ву, Везачу Эло суна делла бераш а ду. Цийон-лам тӀехь Ӏаш волчу массо а ницкъийн Везачу Эло исраилхошна тоьшаллина а, билгалонна а дахкийтина ду тхо. 19Шуьга иштта эр ду: «Шабар-шибар деш болчу жинашца тайначех а, эвлаяэх а дагадийла. Халкъ шен деланех дагадала дезаш дац ткъа? Дийначийн дуьхьа беллачех дага ца довлу ткъа?» 20Сан хьехамна а, тоьшаллина а догӀучуьнга бен ла ма догӀа. Оцу наха дуьйцург Делан дашца ма ца догӀу – церан Делан нур дац! 21Къизачу Ӏазапехь а, меца а болуш, лаьтта тӀехула лелар бу и нах. Мацалла хӀоьттинчу хенахь, дар а белла, шайн паччахьна а, Далла а луьйр бу уьш. 22Стигала а, лаьтта а хьовсур бу уьш, бала а, бода а гур бу царна, буькъачу бодане кхиссина хир бу уьш. Амма хӀинца ша чӀагӀбеллачу меттехь гуттар а хир бац бода.
Copyright information for
CheCAC2012