‏ Isaiah 9

ВогӀур волу Паччахь

1 aХьалхалерчу заманахь Забул-мехкан а, Наптал-мехкан а латтанаш сийсаздахийтина хиларе терра, тӀейогӀуш йолчу хенахь хӀордйистера некъ шена тӀехь болу мохк – Йордан-хил дехьа болу мохк а, кхечу къаьмнех болчу нехан болу Галилай-мохк а – сий дина хир бу.

2 bБоданехь леллачу халкъана
йоккха серло гира!
Ӏожаллин ӀиндагӀехь болчу махкахь
Ӏийначу нахана серло къеггина дӀахӀоьттира!
3Веза Эла, Ахь дебийна и халкъ,
Ахь алсамдаьккхина цуьнан хазахетар.
Хьуна хьалха, ялта чудерзош санна,
хӀонс йоькъуш санна, самукъадолуш ду иза.
4ХӀунда аьлча Ахь кагдина дӀадаьккхина
цунна хало йина долу дукъ а,
цуьнан белшаш тӀе йиттина Ӏаса а,
цунна ницкъ бинчун гӀаж а,
маданхойн эскар Ахь эша-ма-дарра.
5ТӀом бинчу тӀемалойн ерриг а мачаш
яго цӀерга тосур ю.
ТӀамехь цӀийх юьзна ерриг а бедарш
цӀеро дӀакхоллур ю.
6ХӀунда аьлча вайна бер дина –
кӀант велла вайна.
Олалла хир ду Цуьнан белшаш тӀехь.
Цунна цӀе туьллур ю:
Тамашийна Хьехамча, Нуьцкъала Дела,
Гуттар а волу Да, Машаран Эла.
7 cЦуьнан олалла дӀасадаьржаш хир ду,
цу чохь машар даим лаьтташ хир бу.
Даудан тӀаьхьенах волу паччахь санна цо
шен пачхьалкхана тӀехь куьйгалла дийр ду.
И пачхьалкх дӀа а хӀоттийна,
цунна тӀехь паччахьалла дийр ду цо
нийсонца а, диканца а,
хӀинца дуьйна абаденналц.
Массо а ницкъийн Везачу Элан
эмгаралло кхочушдийр ду иза.

Исраилан курачу къомана таӀзар дар

8Хьалдолчу Эло таӀзар до Якъубан тӀаьхьенна, исраилхошна хуьлу и таӀзар. 9Цунах лаьцна хуур ду берриге а исраилхошна – Эпрайман тайпанна а, Шамран-гӀалин бахархошна а. Цу наха кураллица а, ца башарца а боху: 10«Кибарчигаш охьаэгна, ткъа оха хьаькхна тӀулг хьалабуттур бу. Инжиран дитташ охьадетта, ткъа оха тоьлла долу кхин дитташ дугӀур ду».

11Рицанан мостагӀий Везачу Эло Исраилан халкъана дуьхьалбехира, ткъа Исраилан мостагӀий иракарахӀиттийра Рицанна тӀелата. 12Арамхой малхбалера тӀелетира, пӀелаштамхой малхбузера тӀегӀоьртира, ткъа схьайиллинчу батошца цара Исраилан мохк дӀакхаьллира. Иза иштта делахь а, Везачу Элан оьгӀазалла дӀа ца яьлла, Цуьнан куьг кхидӀа а халкъана тӀехула дӀакховдийна ду, таӀзар дархьама.

13Амма халкъ шена Йиттина Волчунна тӀе ца дирзина, массо а ницкъийн Веза Эла ца лехна цо. 14Везачу Эло Исраилан халкъан корта а, цӀога а дӀахадор ду, хурма-диттан га а, эрз а цхьана дийнахь дӀабоккхур бу. 15Воккханиг а, цӀе яхана верг а, – иза корта бу, харцо Ӏамош волу пайхамар – иза цӀога ду. 16Тхьамданаша и халкъ нийсачу новкъахула ца дуьгу, цара дӀабуьгурш туьлуьйтуш бу. 17Цу халкъа юкъара кегийрачу нахах воккхавийр вац Веза Эла, байх а, бисина Ӏачу зударех а къинхетам бийр бац Цо, хӀунда аьлча уьш берриш а Ӏесанаш а, зуламхой а бу, церан баганаша сонталла юьйцу. Иза иштта делахь а, Везачу Элан оьгӀазалла дӀа ца яьлла, Цуьнан куьг кхидӀа а халкъана тӀехула дӀакховдийна ду, таӀзар дархьама.

18Харцо цӀерах тера ю, цо, марсйолуш, коканан а, кӀохцалан а коьллаш ягайо, юха луьстачу хьуьна юккъе кхочу иза, кӀур стигала хьала а болуьйтуш. 19Массо а ницкъийн Везачу Элан дералло махках цӀе тосу, ткъа халкъ цӀеро дӀакхоллу. Стаг шен ваша кӀелхьарваккха а ца хьожу. 20Нах, аьтту агӀор кхевдича а, меца буьсур бу, аьрру агӀор кхевдича а, меца буьсур бу. ХӀора а шен гергарчунна тӀелетар ву. Маннашан тайпано Эпрайман тайпанна дуьхьал тӀом бийр бу, Эпрайма Маннашана дуьхьал, юха и ши тайпа ЯхӀудана дуьхьал летар ду. Иза иштта делахь а, Везачу Элан оьгӀазалла дӀа ца яьлла, Цуьнан куьг кхидӀа а халкъана тӀехула дӀакховдийна ду, таӀзар дархьама.21

Copyright information for CheCAC2012