‏ James 2

Озабезамах лаьцна

1Сан вежарий! Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах, вайн сийлаллин Элах, а тешаш, озабезамца цхьаьнга ма хьажалаш. 2Нагахь шун гуламе, дашо мухӀар а доьллина, деза духар дуьйхина хьалдолу стаг веача а, беркъа духар дуьйхина къен стаг веача а, 3аша, деза духар дуьйхина волчу стаге а хьаьжна, цуьнга ала мега: «Кхузахь дика хир ду хьуна, охьахаа», ткъа къечуьнга ала мега: «Хьо хьуьлла дӀахӀотта, я кхуза, сан когашка, охьахаа». 4Иштта дича, шайна юкъахь къестамаш кхуллий те аша? Харц-ойланаш йолу кхелахой хуьлий те шух?

5ЛадогӀийша, сан хьомсара вежарий, дуьнен чуьра къен нах Дала ца хаьржина те? Тешарехь хьал долуш хилархьама а, Ша везачарна лур ду аьллачу олалле кхачийтархьама а Дала уьш ца хаьржина те? 6Ткъа аша къениг дӀатеттина. Хьалдолу нах бац шуна ницкъ беш берш, уьш бац шу кхеле ийзош берш? 7Шуна елла сийлахь цӀе сийсазъеш бац уьш?

8 aНагахь Делан Йозанашна тӀера болу паччахьан хьехам: «Хьайн уллораниг хьо санна веза», аша кхочушбахь, аша деш дерг нийса ду. 9Амма стаге озабезамца шу хьовсахь, аша къа латадо, товрат-хьехамо шу, зуламхой санна, бехкедо. 10Берриг а товрат-хьехамаш кхочуш а беш, цхьана хӀуманна тӀехь къалатийнарг массо а хӀуманна тӀехь а бехке хуьлу. 11 b«Нахаца ма лела», – Аьллачо аьлла: «Адам ма де», цундела, нагахь хьо нахаца лелаш вацахь, амма ахь адам дехь, хьо Дала тӀедиллинарг дохош волу зуламхо ву. 12ПаргӀато лучу хьехамашка хьаьжжина, Дала кхел ен йолчу наха санна, ала а ала, гӀуллакх а де. 13ХӀунда аьлча къинхетам боцу кхел хир ю шегара къинхетам ца гайтинчунна. Къинхетам кхелал а лакхара бу.

Тешар а, гӀуллакхаш дар а

14ХӀун пайда бу, сан вежарий, стага шен тешар ду баьхча, амма цо деш долчу гӀуллакхаша иза гойтуш ца хилча? Ишттачу тешаро кӀелхьарвоккхур вуй иза? 15Нагахь вешина я йишина тӀеюху хӀума а, кхача а эшахь, 16ткъа шух цхьаммо цаьрга алахь: «Маьрша дӀагӀо, дох а ло, дуззалц хӀума а яа», амма царна оьшург ца лахь, хӀун пайда бу цуьнан? 17Иштта ду тешар а, нагахь цуьнца цхьаьна деш гӀуллакхаш дацахь, иза делла ду.

18Амма цхьаммо ала тарло: «Хьан тешар ду, ткъа сан гӀуллакхаш ду». ГӀуллакхашца доцуш долу хьайн тешар гайта суна, ткъа аса гӀуллакхашца долу сайн тешар гойтур ду хьуна. 19Хьо теша Дела цхьаъ хиларх, иза дика ду. Ур-атталла жинаш а теша Иза хиларх – ткъа уьш кхерарна дегадо! 20Амма хаа лаьий хьуна, сонта стаг, гӀуллакхашца доцу тешар эрна дуйла? 21 cШен гӀуллакхашца Далла хьалха бакъхилла вац вайн да ИбрахӀим, шен кӀант Исхьакх сагӀа доккхучу меттиган тӀулгашна тӀе а виллина? 22Гой хьуна, цуьнан тешар гӀуллакхашца цхьаьнадогӀуш хилла, и гӀуллакхаш бахьана долуш и тешар кхачаме хилла. 23 dДелан Йозанашкахь аьлларг кхочушхилла: «ИбрахӀим тийшира Везачу Элах, цундела Цо иза Шена хьалха бакъвина лерира», цунах Делан доттагӀа элира. 24Гой шуна, стаг Далла хьалха бакъхуьлу шен гӀуллакхашца, тешарца хилла а ца Ӏаш.

25 eИштта, нахаца лела Рахьаб ша дина гӀуллакх бахьана долуш Далла хьалха бакъхилла, бахкийтина нах тӀе а лаьцна, уьш кхечу новкъахула дӀа а хьовсийна. 26Цундела, шена чохь са доцу дегӀ делла ма-хиллара, гӀуллакхашца доцу тешар а делла ду.
Copyright information for CheCAC2012