‏ James 1

1 aДелан а, Цо леррина къобалвинчу Ӏийса-Элан а лай волчу Якъубера дуьнен чухула дӀасадаьржинчу шийтта тайпане
Шийтта тайпане – Якъуба боху, Ӏийсах тешнарш мостагӀаша массанхьа дӀасадаржийна хиллачу Исраилан халкъан шийтта тайпанах тера бу.
маршалла ду.

Делах тешар а, хьекъалалла а

2Сан вежарий, доккха хазахетар санна ларалаш тайп-тайпана зераш шайна тӀе мосазза хӀуьтту. 3Шуна-м хаьа шайн тешар зерах чекхдаларо собар кхиош дуйла. 4И собар кхачаме хилла дӀахӀотта деза, шу, цхьа а дерт а доцуш, дуьззина кхачамалла долуш хилийта. 5Амма шуна юкъахь цхьанна хьекъалалла ца тоахь, цо иза Деле деха деза. Ша луш дерг атта а, бехкаш ца дохуш а луш волчу Цо иза массарна а лур ду. 6Амма иза тешарца а, шеко йоцуш а деха деза, хӀунда аьлча шеко йолуш верг мохо ловзочу тулгӀенах тера ву. 7Иштта волчу стага, Везачу Элера цхьаъ тӀеоьцур ду алий, дог а ма даха. 8Шалха ойланаш йолу стаг ма ву иза, ша дечу хӀуманна тӀехь чӀагӀо а йоцуш.

Къоьлла а, хьал а

9Таро йоцу динан ваша синан лакхарчу хьолах воккхавеван веза, 10 cткъа таро йолуш верг синан лахарчу хьолах воккхавеван веза, хӀунда аьлча иза дӀавер ву дуьнен чуьра, бецан зезаг санна. 11Малх хьала а гӀоттий, йовхо йогӀу. Йовхоно буц якъайо, бецан зезаг дужу, хазалла а дӀайолу. Иштта хьалдолу стаг а, шен гӀуллакхаш а деш, дӀаволу.

Зер а, хӀума марздалар а

12Декъалвина ву зенашна садеттарг, хӀунда аьлча иза зийначул тӀаьхьа, ял санна, хедар доцучу дахаран таж лур ду цунна Ша везачарна иза лур ду аьллачу Везачу Эло. 13Ша зуьйш волчу хенахь стага ма баха: «Дала со зуьйш ву». Вочу хӀуманца Дела зелур вац, ткъа Цо Ша цхьа а ца зоь. 14Амма хӀора а шен харц лаамаша зуьйш ву, цара иза, Ӏеха а вой, дӀалоцу. 15Стаг харц лаамца цхьаьнакхеттачул тӀаьхьа, цу харц лаамо къа кхуллу, ткъа къино, кхачаме схьа а кхаьчна, Ӏожалла кхуллу.

16Шаьш Ӏеха ма дайта, сан хьомсара вежарий. 17Муьлхха а дика а, кхачаме а совгӀат лакхара, стигалан серлонаш кхоьллинчу Дегара догӀу. Иза, уьду мархаш санна, хийцалуш вац. 18Шен лаамца, бакъдолчу кхоаца кхоьллина Цо вай, Ша кхоьллинчарна юкъахь вай лараме
Лараме – кхузахь Якъуба Ӏийсах тешаш берш дуьххьара схьаэцначу ялтех тарбо, хьалха жуьгташа Везачу Элана сагӀина луш долу ялта санна.
хилийта.

ЛадогӀар а, кхочушдар а

19Сан хьомсара вежарий, муьлхха а стаг ладогӀарна сихвала веза, ткъа шен хабарна а, оьгӀазаллина а собаре хила веза, 20хӀунда аьлча адаман оьгӀазалло стаг Далла хьалха бакъ ца хуьлуьйту. 21Цундела муьлхха а хьарам хӀума а, вон мел лелар а дӀадаккха. Далла муьтӀахь а хуьлуш, шайга кховдийна а, шаьш кӀелхьардаха тарлуш долу а Делан дош тӀеэца.

22Делан дош кхочушдеш болчарах хилалаш, цуьнга ладугӀурш бен а ца хилла, шаьш Ӏехочарах тар а ца луш. 23ХӀунда аьлча, Делан даше ла а дугӀуш, иза кхочуш ца деш волу стаг шен билггал йолчу юьхье куьзгана чу хьоьжучух тера ву. 24Шега а хьаьжна, иза юьстахволу, ткъа цу сохьта шен юьхьсибат цунна дицло. 25Амма Делан кхачаме болчу а, паргӀато лучу а хьехаме леррина а хьожуш, цуьнан кхидӀа а тидам а беш, вицлуш волу ладогӀархо а воцуш, и хьехам кхочушбийриг ша мел дечу гӀуллакхашна тӀехь декъалвина хир ву.

26Нагахь цхьаммо, ша суьпа а хеташ, шен маттана дуьрста ца йоллахь, цо ша-шен Ӏехаво, цуьнан суьпа хилар а даьсса ду. 27Да волчу Далла хьалха цӀена а, бехдалаза а суьпалла иштта ду: байшна а, бисина Ӏачу зударшна а гӀо дар а, дуьнен чохь долчу вочуьнга ша бех ца вайтар а.
Copyright information for CheCAC2012