‏ James 3

Шайн меттан дола де

1Сан вежарий! Шуна юкъара кӀеззиг нах бен ма хила хьехархой. Шуна хаьа, вайна еш йолу кхел мел чӀогӀа хир ю, 2хӀунда аьлча вай массара а къинош дукха летадо. Дашаца цкъа а къа ца латош верг кхачаме стаг ву, цуьнга шен дерриг дегӀан дола дало. 3Вай говрийн бага гаьллаш йохку, уьш вайга ладугӀуш хилийта, тӀаккха церан догӀмаш леладо вай. 4Масала, хӀордкеманаш а, мел даккхий уьш делахь а, ондачу мехаша лелош делахь а, жимачу тӀомаца дӀадохуьйту хӀордахочо шена луъучу. 5Иштта, матто а, кӀезиг меже елахь а, доккхачу гӀуллакхашна тӀехь куралла йо.

Хьажал, жимачу цӀаро мел йоккха хьун ягайо!
6Мотт а цӀе ю. Иза дегӀан вукху меженашна юкъахь вон дуьне санна бу. Матто дерриг дегӀ а бехдо, вайн дахаран некъ хьала а латабо. Ткъа ша жоьжахатин цӀарах хьалалеташ бу иза. 7Муьлхха а экха а, олхазар а, текхарг а, хӀордан дийнат а стага караӀамадан тарло (баккъалла а, уьш караӀамийна ду). 8Амма адамашка цхьаьнгге а мотт кара ца Ӏамало, иза саца ца луш долу вон ду. Мотт Ӏожаллин дӀовшах буьзна бу. 9 aЦуьнца Веза Эла а, Да а декъалво вай, цуьнца Делан сибатехь кхоьллинчу адамна неӀалт а олу вай. 10Цхьана багара схьадолу декъалвар а, неӀалт алар а. Иштта хила йиш яц, сан вежарий. 11Цхьана хьостанах схьадер дуй мерза а, къаьхьа а хи? 12Сан вежарий, инжиран дитта тӀе зайт-диттан стоьмаш а латор бац, кемсийн таьлланга тӀе инжираш а латор яц. Иштта дуьрачу хьостано мерза хи лур дац.

Лакхара долу хьекъалалла

13Ша хьекъал а, кхетам а болуш волчо шен оьздачу леларца а, хьекъалера схьадолчу эсалаллехь динчу гӀуллакхашца а гайта ца деза иза? 14Амма шун даг чохь къаьхьа хьагӀ а, шена пайда лехар а делахь, дозаллаш ма де, бакъдолчунна дуьхьал харцо ма лелае. 15Иза лакхара долу хьекъалалла дац, амма дуьненан, синан, жинийн хьекъалалла ду. 16ХӀунда аьлча хьагӀ а, шена пайда лехар а долчохь низам дохор а, мел долу вониг а ду. 17Амма лакхара долу хьекъалалла, цкъа-делахь, цӀена ду, цул тӀаьхьа, машаре а, оьзда а, къинхетамах а, дикачу стоьмех а дуьзна а, озабезам боцуш а, шалхо йоцуш а ду. 18Барт кхуллуш болчара бертахь дийначу хӀух нийсонан ялта схьадолу.
Copyright information for CheCAC2012