aКицанаш 3:34 (Грекийн).

‏ James 4

ХӀара дуьне дезар

1Къийсамаш а, девнаш а мичара ду шун? Шун меженашкахь вовшашца тӀом бечу а, дуьненан хӀума тӀех дезачу а лаамех схьадуьйлуш дуй те уьш? 2ХӀума деза шуна, амма иза ца хуьлу шуна. Адам дел чӀогӀа хьагӀ хуьлу шуьца, амма дезачуьнга ца кхачало шу. Вовшашца а къуьйсу, девнаш а доху аша, амма дезарг ца хуьлу шуна, хӀунда аьлча аша, Деле доьхуш, доӀа ца до. 3Дехча а, ца хуьлу шуна иза, хӀунда аьлча аша дикачу хӀуманна ца доьхуш, дуьненан хӀума тӀех дезачу шайн лаамийн дуьхьа доьху. 4Тешам боцурш! ХӀара дуьне дезар Делаца мостагӀалла хилар дуйла ца хаьа шуна? Дуьненах шена доттагӀа хила лууш верг Делан мостагӀа хуьлу. 5Шуна моьтту хир ду Делан Йозанашкахь эрна аьлла: «Дала вайна чохь Ӏан деллачу Синна вай Шен хила лаьа»? 6 aАмма Дала кхин а доккха дика дина вайна. Цундела аьлла ду: «Дела курачарна дуьхьал ву,
амма ша кӀезиг хеташ Ӏаш болчарна Шен дика ло Цо».

7Цундела Далла муьтӀахь хила, иблисана дуьхьалдовла, тӀаккха иза шух додур ду. 8Далла улло гӀо, Иза а шуна улло вогӀур ву. Къинош летийнарш, шайн куьйгаш дила, шалхончаш, шайн дегнаш цӀанде. 9Халахета, делха, тийжа. Шун деларх делхар хуьлийла, хазахетарх сингаттам хуьлийла. 10Везачу Элана муьтӀахь хила, Цо ойур ду шу.

Вежаршна кхел ярх лардар

11Вежарий, лен ма ле вовшашна. Шен ваша вон вуьйцуш, я цунна кхел еш волчо Делан хьехамна кхел а йо, иза вон а буьйцу. Нагахь хьо Делан хьехамна кхел еш велахь, хьо иза кхочушбеш вац, ткъа цуьнан кхелахо ву. 12Хьехам Белларг а, Кхелахо а цхьаъ ву, Цо кӀелхьарваккха а, хӀаллакван а тарло. Ткъа хьо мила ву кхечунна кхел ян?

Дозаллаш дарх лардар

13Ткъа хӀинца аша ладогӀалаш, хӀара къамел дийраш: «Тахана я кхана оцу гӀала а дахана, цигахь цхьана шарахь Ӏийр ду вай, мах а лелийна, пайда бийр бу вай». 14Шуна ца хаьа, кхана хӀун хир ду. ХӀун ду шун дахар? КӀеззигчу ханна деана а, юха дӀадолу а дохк ду иза. 15«Везачу Элана лаа а лиъна, вай дийна дисахь, хӀара я кхин дийр ду вай», – аларан метта, 16шу дозаллаш деш ду, шаьш дегала долу дела. Ткъа муьлхха а иштта дозалла вониг ду.

17Цундела, дан дезаш долу диканиг а хууш, и ца деш волчунна къа хир ду.
Copyright information for CheCAC2012