James 5
Хьалдолчарна дӀахьедар
1ЛадогӀалаш аша, хьалдолчара: делхалаш, тийжалаш, хӀунда аьлча бохамаш бу шуна тӀехӀуьттуш. 2 aШун хьал, телхина, дӀадаьлла, шун духарш нецано диина. 3Шун деши а, дети а мекхадоьлла. Церан мекха шуна дуьхьал тоьшалла деш хир ю, цо, цӀаро санна, дагор ду шун дилха. Ткъа аша дуьненан тӀаьххьарчу деношкахь шайна хазна гулйина. 4 bШун аренаш лелийначу белхалойн ял ю кхойкхуш, аша, дӀа ца луш, сацийна йолу. Ялта чудерзочеран тийжар массо а ницкъийн Везачу Элан лергашка кхаьчна ду. 5Шу, хьал а долуш, даьхна дуьнен тӀехь, зовкх а хьоьгуш. Шаьш дарстийна аша, сагӀа даккха кечдина бежанаш санна. 6Аша, кхел а йина, бехк боцурш байира. Цаьрга шуна дуьхьало ца яло.Собар а, доӀа а
7Вежарий, собаре хилалаш, Веза Эла схьаваллалц. Латта лелош волчо безачу стоьме сатуьйсийла хаьий шуна? Иза собарца хьоьжу хьалхара а, тӀаьхьара а догӀа даре. 8Иштта шу а чӀогӀа собаре хилалаш, шайн дегнаш чӀагӀделаш, хӀунда аьлча Веза Эла вар гергакхочуш ду. 9Вовшашна аьрзнаш ма делаш, вежарий, шайна кхел ца яйтархьама, хӀунда аьлча Кхелахо неӀарехь лаьтташ ву. 10Баланаш а ловш, собаре хиларан масална Везачу Элан цӀарах дуьйцуш хилла болу пайхамарш схьаэца, сан вежарий. 11 cСобарца баланаш хьегнарш декъалбинарш лору вай. Шуна хезна Аюба лайначу халонех лаьцна. Ткъа Везачу Эло цунна эххар а динарг а хаьа шуна, хӀунда аьлча Веза Эла чӀогӀа къинхетаме а, стагах дог лозуш а ву. 12 dУггар хьалха, сан вежарий, стигалх а, лаьттах а, я кхечу хӀуманах а чӀагӀонаш ма елаш, амма шун «хӀаъ» «хӀаъ» хила деза, «хӀан-хӀа» «хӀан-хӀа» хила деза, шу бехке ца хилийтархьама. 13Шух цхьаъ бала хьоьгуш велахь, цо доӀа дан деза, самукъадаьлла велахь, хастам баран йиш лакха еза. 14 eШух цхьаъ цомгуш велахь, цо Ӏийсах тешачийн тобанан куьйгалхой кхайкха беза. Цара доӀа дан деза цунна тӀехь, Везачу Элан дуьхьа цомгушчунна деза даьтта а хьокхуш. 15Тешаран доӀано цомгушниг товийр ву, Везачу Эло иза когаш тӀе хӀоттор ву. Нагахь цо къинош летийнехь, цунна гечдийр ду. 16Шайгара даьллачу къинойх лаьцна даре а деш, вовшех лаций доӀа де, шайна гӀоле хилийта: Делан лаамехь волчо динчу доӀано дуккха а дан тарло, цуьнгахула ницкъ баларна. 17 fЭли-ЯхӀу вай санна стаг вара. Цо, догӀа ма даийта аьлла, чӀогӀа доӀа дича, кхаа шарахь а, ялх баттахь а лаьтта тӀе догӀа ца деара. 18 gЮха цо доӀа дича, стигалара догӀа а деара, лаьтто шен стом а белира. 19Вежарий, нагахь шух бакъдолчун новкъара ваьлларг цхьаммо нисвахь, 20 hцунна дӀахаийла, харц новкъара къа латийнарг нийсачу новкъа ваьккхинчо лечуьра са кӀелхьар а доккхур ду, дуккха а къинош дӀа а къовлур ду.
Copyright information for
CheCAC2012