Jeremiah 1
1ХӀара дешнаш Бен-Яманан тайпанан лаьтта тӀехь лаьтташ йолчу Ӏанатот-гӀаларчу динан дайх цхьаъ волчу а, Хьалкхи-ЯхӀун кӀентех волчу а Ярми-ЯхӀун ду. 2 aЯрми-ЯхӀуга Везачу Элан дош кхечира, яхӀудхойн паччахь Аминан кӀант Юши-ЯхӀу волчу хенахь. Иза дара Юши-ЯхӀу паччахьаллехь волу кхойтталгӀа шо. 3 bВезачу Элан дош Ярми-ЯхӀуга иштта кхочура яхӀудхойн паччахь Юши-ЯхӀун кӀант ЯхӀу-Якхам паччахь волчу хенахь дуьйна, Юши-ЯхӀун кӀанта ЦӀадукъ-ЯхӀус паччахьалла дечу цхьайтталгӀачу шеран пхоьалгӀачу батта тӀекхаччалц. Оцу хенахь Ярушалайман халкъ йийсаре дӀадигира.Везачу Эло Ярми-ЯхӀу тӀекхойкху
4Соьга, Ярми-ЯхӀуга, Везачу Элан дош кхечира: 5«Суна хьо вевзаш вара, ненан кийрахь Айса хьо кхоллале а, Аса хьо дӀакъастийнера, хьо дуьнен чу валале а. Ас хьо къаьмнашна пайхамар хила дӀахӀоттийра». 6ТӀаккха аса элира: «Хьалдолу Эла! Суна ца хаьа муха ала деза, со хӀинца а дукха жима ма ву». 7Амма Везачу Эло суна жоп делира: «Ма ала: „Со дукха жима ву“. Аса хьо дӀа мел хьажийначу метте гӀур ву хьо. Аса хьайна тӀедиллинарг дӀа а эр ду ахьа. 8Кхера ма кхера царах: Со массо а хенахь хьоьца хир ву, хьо кӀелхьарваккхархьама». Иштта боху Везачу Эло. 9Шен куьг дӀа а дахийтина, иза сан бетах хьакхадалийтира Везачу Эло. Цо элира: «ХӀинца Сайн дешнаш хьан бага дехки Ас. 10Билггал хаа ду хьуна, тахана Аса хьо дӀахӀоттий халкъашка а, пачхьалкхашка а Сан цӀарах вистхила. Ахьа дӀахьедийр ду, уьш орамашца бухдаьхна а, дохийна а хир ду аьлла, уьш хӀаллакдина а, дӀадаьхна а хир ду аьлла, уьш юхаметтахӀиттийна а, юхадоьгӀна а хир ду аьлла». 11ТӀаккха Везачу Элан дош кхечира соьга: «ХӀун го хьуна, Ярми-ЯхӀу?» Аса жоп делира: «Суна бӀаьлланган га го». 12Везачу Эло элира: «Хьуна гуш дерг нийса ду. Сайн бӀаьргашца хьожуш ву Со Сайн дош билггал кхочушхилийта». 13Юха а Везачу Элан дош кхечира соьга: «Ярми-ЯхӀу, хӀун го хьуна?» Аса жоп делира: «Суна кхехкаш болу яй го, къилбаседехьара жимма агӀор таьӀна болу». 14Везачу Эло соьга элира: «Къилбаседехьара беана болу боккха бохам оцу мехкан массо а бахархошна тӀехъоьхур бу. 15Аса кестта къилбаседехьара йолчу пачхьалкхашкара къаьмнаш схьакхойкхур ду, – боху Везачу Эло. – Цара, схьа а даьхкина, шайн паччахьийн гӀанташ Ярушалайман кевнашна уллохь охьахӀиттор ду. ГӀалин пенашна а, иштта ЯхӀуд-махкарчу массо а гӀаланашна а тӀелетар ду уьш. 16Айса дӀахьейина кхел кхочушйийр ю Аса Сайн къомана тӀехь, цара мел лелийна вониг бахьана долуш. Суна букъ а берзийна, кхечу деланашна сагӀанаш а дохуш, шайн куьйгашца кхоьллинчунна Ӏибадат дора цара. 17Ткъа ахьа, Ярми-ЯхӀу, хьайн гӀодаюкъ а ехкий, хьала а гӀаттий, Аса хьайга мел аьлларг цаьрга дӀадийца. Оцу нахах ма кхера, Соьга хьо царна хьалха ца кхеравайтархьама. 18Аса хьо хӀинца чӀагӀйина гӀала санна, аьчка бӀогӀам санна, йоьза пен санна, хӀокху лаьтта тӀехь дӀахӀоттийна. ЯхӀудан халкъан паччахьашна а, цуьнан тхьамданашна а, динан дайшна а, массо а кху лаьттарчу халкъана а дуьхьал хьо латталур ву. 19Уьш массо а хьуна дуьхьал хир бу, амма цаьрга хьо эшалур вац, хӀунда аьлча Со хьоьца ву, – боху Везачу Эло, – Аса хьо кӀелхьар а воккхур ву».
Copyright information for
CheCAC2012