‏ Jeremiah 10

Дела а, цӀуш а

1ЛадогӀа, исраилхой, Везачу Эло шайга бохуш долчуьнга. 2Иштта боху Везачу Эло: «Кхечу къаьмнийн некъашкахула ма лела,
стигаларчу билгалонех а ма кхера,
кхин къаьмнаш, уьш бахьана долуш Ӏадийна делахь а.
3Царна юкъахь лелаш долу динан Ӏадат эрна ду:
хьуьнхахь дитт схьа а хададой,
пхьеро агарца цунах кеп йоккху,
4Цунна тӀе дети а, деши а дуьллий,
хьостамашца дӀатуху,
охьа ца дожийта.
5И цӀуш кха тӀе дӀахӀиттош йолу мунданаш санна ю.
Уьш бист а ца хилало,
уьш карахь дӀасалелайо,
шаьш уьш лела ца ло дела.
Царах кхера ца оьшу,
хӀунда аьлча цаьрга вон далур дац,
амма цаьргара диканиг а дер дац».

6Веза Эла, вац Хьоьца нислур волуш цхьа а!
Хьо сийлахь-воккха ву,
Хьан цӀе а ю еза Хьан нуьцкъалаллица!
7 aХьуна хьалха ларамах ца вуьзна
мила хир ву, ва къаьмнийн Паччахь?
Хьоьга и ларам хила догӀуш ма ду!
Къаьмнийн массо а хьекъалчашна юкъахь
я церан массо а паччахьашна юкъахь
Хьоьца нислур волуш цхьа а вац!
8Уьш массо а кхетам боцуш а, сонта а бу.
Церан хьекъалалла эрна ду,
дечигах йинчу цӀушкара иза схьадаларна.
9Дуткъадина дети Таршашара деъна,
ткъа деши Упазара деъна, цӀушна тӀедилла.
И цӀуш бина бу дечиган пхьеро а,
дешин пхьеран куьйгаша а.
Церан духарш сийначу а, таьӀна-цӀечу а басахь ду.
Уьш массо а говзачу белхалоша йина хӀуманаш ю.
10Амма Веза Эла бакъволу Делан бен вац.
Иза дийна волу Дела а, даима волу Паччахь а ву.
Иза оьгӀазвахча, латта дегош хуьлу,
Цуьнан оьгӀазалла къаьмнашка ла а ца ло.

11(Аша, наха, иштта дӀаала цаьрга: «Цу цӀуша стигалш а, латта а ца кхоьллина, уьш лаьтта тӀера а, стигалшна бухара а дӀаяьхна хир ю».)

Дела хаставаран йиш

12Шен нуьцкъалаллица Цо дуьне кхоьллина,
Шен хьекъалаллица иза чӀагӀдина,
Шен хьекъалца лаьтта тӀехула стигалш яржийна.
13Цо къекъийтича, стигалан хиша гӀовгӀа йо.
Дуьненан йистошкара Цо мархаш хьалаайайо.
ДогӀанаш а догӀуш, Цо хаьштигаш до,
Шен чӀоьнашна чуьра мох а арабоккху.
14ХӀора стаг сонта а, хьекъал доцуш а ву.
ХӀора куьпчи ша винчу цӀуно юьхьӀаьржачу хӀоттаво.
Цо лалийна суьрташ харцдерг бен дац,
церан кийрахь Ӏаь а, са а дац.
15Церан цхьа а тайпана мах бац,
уьш беламна йина ю.
Кхел ечу хенахь
уьш тӀепаза йовр ю.
16Амма Якъубан тӀаьхьенан Дела иштта вац,
хӀунда аьлча Иза массо а хӀуманан Кхоллархо ву,
ткъа Исраилан къам Цуьнан долахь дерг ду.
Цуьнан цӀе – массо а ницкъийн Веза Эла ю.

Схьакхочуш долу хӀаллакьхилар

17Шайн массо а хӀума схьагулде, Ярушалайман бахархой. Кестта гӀалина го бийр бу! 18Везачу Эло боху: «ХӀокху лаьтта тӀера лаьллина дӀа а дахийтина, Аса хӀара къам цхьана готтачу метте чулоллур ду, шен лазар цунна хаадаллалц».

19Ярушалайм-гӀалано боху: «Ма бала бу соьгахь, хӀара лазарна!
И сан чов дукха хала ю.
Аса аьллера: „Иза цамгар бен яц,
со цунах толур ю“.
20Сан четар хӀаллакдина,
массо а цуьнан тӀергаш дӀаяьхна.
Сан бахархой со йолчуьра дӀабахана,
уьш кхузахь кхин бац.
Четар дӀахӀоттош суна гӀо дан стаг а вац,
иштта четаран шаршуш дӀатоха стаг а вац».

21Вайн Ӏуйшкахь кхетам кӀезиг бу –
уьш Везачу Элах дага ца бовлу.
Цундела царна тӀера беркат дӀадирзина,
церан массо а жа дӀасадаьржина.
22ЛадогӀа хӀокху схьайогӀучу гӀовгӀане!
Мохк бегош санна йолу гӀовгӀа
къилбаседерчу махкара схьакхочу!
Цуьнан эскаро ЯхӀудан гӀаланех яьсса аре йийр ю,
царах чангӀалкхийн баннаш хир ду.

23Суна хаьа, Веза Эла,
адаман карахь доцийла цуьнан дахар,
цуьнан карахь дац шен некъ билгалбаккхар.
24Нисвехьа со, Веза Эла,
амма Хьайн нийсонца бен иза ма дехьа.
ОьгӀаз а вахана, суна таӀзар ма дехьа,
сох хӀумма а воцург ца хилийтархьама.
25Хьайн дералла охьаӀанаехьа
Хьо вовзаза долчу къаьмнашна тӀе,
Хьайга ца кхойкхучу халкъашна тӀе.
Цара Якъубан тӀаьхье дӀакхаьллира,
цаста а цестина, и къам дӀа а кхаьллина,
иза Ӏаш болу мохк бассийна цара.
Copyright information for CheCAC2012