Jeremiah 11
Барт бохор
1Ярми-ЯхӀуга Везачу Элера кхаьчна болу хаам хӀара бу: 2«Аса бинчу бертан тӀедожоршка ла а догӀий, уьш ЯхӀудан халкъе а, Ярушалаймехь бехаш болчаьрга а дӀаала. 3Цаьрга дӀаала: „Иштта боху Исраилан Везачу Дала: хӀокху бертан тӀедожоршка ла ца доьгӀначу хӀора стагана неӀалт хир ду. 4Оцу бертан тӀедожорш Аса шун дайшна тӀедехкина, Аса уьш эчиг лалош йолу пеш санна хиллачу Мисар-махкара арабохучу хенахь. Аса цаьрга аьллера: ‘Соьга ла а догӀий, Аса шуьца бинчу бертан тӀедожорш кхочуш а де, Аса шуна тӀедехкинчуьнга хьаьжжина. ТӀаккха шу Сан къам хир ду, Со шун Дела а хир ву. 5ТӀаккха хьалха шун дайшна Айса йина йолу чӀагӀо кхочушйийр яра Аса – Аса шуьрех а, мазах а дуьзна долу токхе латта лур дара царна’. Ткъа оцу лаьтта тӀехь шу хӀинца дехаш ду“». Ткъа аса жоп делира: «Амин, Веза Эла!» 6Везачу Эло соьга элира: «Дерриг а хӀара Сан дешнаш ЯхӀуд-махкарчу гӀаланашкахь а, Ярушалайман урамашкахь а дӀакхайкхаде: „Аса шуьца бинчу бертан тӀедожоршка ла а догӀа, уьш кхочуш а де. 7Мисар-махкара Аса шун дай арабаьхначу хенахь дуьйна, хӀара де тӀекхаччалц Аса шун дайшка юх-юха а дӀахьедар дора: ‘ЛадогӀа Соьга’, – бохуш. 8Амма шун дайша Соьга ла а ца дугӀура, Со тергал а ца вора. Мелхо а, шайн вочу дегнийн аьрхалле хьаьжжина лелара уьш. Аса царна тӀедиллина и барт кхочушбе аьлла, амма цара иза кхочуш ца дина. Цундела Аса массо а хӀокху бертан таӀзарш царна тӀехьажийра“». 9Везачу Эло соьга элира: «Суна хууш ду ЯхӀуд-махкара халкъ а, Ярушалайман бахархой а вовшашца къайлаха барт беш хиларх лаьцна. 10Айса аьллачуьнга ладогӀарх дӀакъихкинчу шайн дайша летийначу къиношка юхабирзира уьш. Кхечу деланашна тӀаьхьа а хӀиттина, царна Ӏамал йора цара. Исраилан а, ЯхӀудан а тӀаьхьенаша Аса шайн дайшца бина барт бохийра. 11Цундела иштта боху Веза Эла волчу Аса: „Аса кестта царна бохам боккхур бу, уьш цунах кӀелхьар а бовлалур бац. Ткъа уьш Соьга кхайкха буьйлабелча, Суна хезар а дац. 12ТӀаккха ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь а, Ярушалаймехь а бехаш берш шаьш хаза хьожа йогӀу сегӀаз дагочу деланашка кхойкхур бу, амма бохам баьккхича, хӀокхаьрга цхьана а тайпана кӀелхьарбахалур бац уьш. 13Хьайн гӀаланаш мел ю, деланаш а бу хьан, ЯхӀудан халкъ, ткъа Ярушалаймехь хьан урамаш мел ду, дегаза харцдела волчу оцу БаӀална сагӀа доккху меттигаш кечйина ахь“. 14Ярми-ЯхӀу, оцу нехан дуьхьа доӀанаш ма де, церан дуьхьа Соьга хӀумма а ма деха, хӀунда аьлча цара, шайна бохам баьлча, Соьга кхайкхахь Суна дӀахезар дац». 15Везачу Эло халкъе элира: «Суна дезаш долчу къомо дуккха а къинош летийна, цундела хӀун бакъо ю церан, Сан цӀенна юххехь хила? Суна сагӀина лерина долу жижиг а цара шайна дӀадоккху. Делахь а, Аса царна таӀзар дечу хенахь, даккхийден бахьана хир ма дац церан! 16Веза Эла волчу Аса Сан къам долчу хьох лаьцна аьллера, хьо хазачу кепара болу стоьмаш тӀехь а болуш лаьттачу сийначу зайтдиттах тера бу. Ткъа хӀинца, доккхачу дарцан гӀовгӀанца, Аса цунна цӀе латор ю, цуьнан гаьннаш цхьана а пайденна а хир дац. 17И дитт массо а ницкъийн Везачу Эло доьгӀна ду. Цо ма-аллара, и бохамаш хьуна тӀе кхачаран бахьана Исраилан а, ЯхӀудан а тӀаьхьенаша дина долу зуламаш ду. БаӀална сагӀанаш а дохуш, цара Со оьгӀазвахийтина».Ярми-ЯхӀуна дуьхьал бартбар
18Везачу Эло суна схьадиллира цхьаболчу вочу нахана дагадеънарг, суна иза хаийтархьама. 19Со хьалха урс хьакха буьгуш болу жима Ӏахар санна вара: суна ца хаьара цара сайна дуьхьал лелош дерг. Цара сох лаьцна бохура: «Дитт а, цо кхиийнарг а хӀаллакдан деза вай. Дийначеран лаьтта тӀера иза дӀаваккха веза вай, дуьнен чохь цуьнан цӀе кхин ца яккхийта». 20Массо а ницкъийн Веза Эла, Ахь нийсонца кхел йо, адамийн дегнаш а, хьекъал а зоь. Суна Ахьа царна бекхам беш ган лаьара, хӀунда аьлча сан гӀуллакх Аса Хьан кара дӀаделла. 21ТӀаккха Веза Эла со вен гӀерташ болчу Ӏанатот-гӀаларчу цхьаболчу божарех лаьцна вистхилира соьга. Цара соьга аьллера: «Везачу Элан цӀарах кхайкхамаш ма бе, оха вуьйр ву хьо». 22Цундела массо ницкъийн Везачу Эло элира: «Аса царна таӀзар дийр ду. Церан кегий нах туьро бойур бу, ткъа кӀентий а, зудабераш а мацалла лийр ду. 23Аса бохам бийр бу Ӏанатот-гӀаларчу оцу божаршна, царна бекхам бечу дийнахь. Царах цхьа а стаг дийна вуьсур вац».
Copyright information for
CheCAC2012