Jeremiah 12
Ярми-ЯхӀус Деле арз до
1Веза Эла, аса гӀуллакхна Хьан кхеле кхайкхахь, Хьо массо а хенахь бакъ ву.Делахь а, харцонах лаьцна хатта лаьа суна:
Ӏесачеран аьтто хӀунда боккху церан некъашкахь?
Дерриг а тешаме боцу лелачеран синтем хӀунда хуьлу?
2Ахь доьгӀна долчу диттех тера бу уьш.
Орамаш а хецна, хьала а кхиъна, цара стом ло.
Хьо массо а хенахь церан багахь ву,
амма церан дегнаш Хьуна гена ду.
3Ткъа со Хьуна вевзаш ву.
Хьуна со гуш ву, Веза Эла,
сан дог Хьайца муха ду а хаьа Хьуна.
Дайа дезаш долу уьстагӀий санна, дӀакхехьа уьш!
Байаран де тӀекхаччалц дӀакъастабехьа уьш!
4Мел ханна хир ду хӀара латта дакъийна,
мел ханна хир ю хӀора кха тӀехь буц якъаелла?
Цигахь Ӏаш болчеран Ӏесалла бахьана долуш,
олхазарш а, акхарой а хӀаллакьхуьлуш ю.
Цу тӀе а наха боху:
«Далла ца хаьа тхан чаккхе муха хир ю».
5Везачу Эло элира: «Ярми-ЯхӀу, гӀаш болчаьрца хьодуш а хьо кӀадвелла хилча, говрахь болчаьрца муха къовсалур ву хьо?
Шерачу аренгахь а хьо тасалуш хилча,
Йордан-хин йистерачу боьлакашкахь хӀун дийр ду ахьа?
6Ур-атталла хьан гергарчара, –
хьан ден цӀийнах болчара, –
ур-атталла уьш хьуна ямарта хилла.
Цара хьуна дуьхьал мохь бетта.
Ма теша царах,
уьш хьайга эсала бистхилахь а».
Везачу Элан Шен халкъ бахьана долуш сингаттаме хилар
7«Аса Со чохь Ӏаш долу къам дитина,Сайн долахь долу халкъ дӀатеттина.
Сайна уггар дукха дезаш дерг
церан мостагӀийн кара дӀаделла.
8Сан долахь долу къам Суна дуьхьалдаьлла.
Хьуьнхахь долчу лоьмо санна,
цо Суна дуьхьал гӀигӀ до.
Цундела Суна иза ца деза.
9Сан къам акхачу олхазарх тарделла,
гонах ломъаьрзунаша дӀасаийзош долчу.
ДӀа а гӀой, аренан акхарой схьагулъе!
Схьаялае уьш, иза дӀакхаллархьама.
10Дуккха а болчу Ӏуйша Сан кемсийн беш хӀаллакйина,
Сан долахь дерг когашца хьийшина.
Сан хьоме латта цара
яьсса аре йина дӀахӀоттийна.
11И латта цара доха ма дина,
хӀинца иза дакъийна а, дассийна а ду.
Берриг мохк а яьсса аре ю,
цунна дола дан стаг а вац.
12Яьссачу аренгахь йолчу массо а ерзинчу лакхенашкахула
мостагӀий схьабаьхкина, хӀуманаш хӀаллакьярхьама.
Везачу Элан туьро нах дӀакхоллу,
мехкан цхьана йистера вукху йисте кхаччалц.
Цхьа а машарехь Ӏаш вац.
13Наха кӀа дӀадийна, амма лаьтта тӀера коканаш схьадаьхна.
Цара къахьегна, амма цунах пайда ца эцна.
Цара гулдинчу ялто шаьш юьхьӀаьржачу хӀиттабо,
Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахана хилар бахьана долуш».
Исраилхойн лулахошна Везачу Эло дина долу ваӀда
14Везачу Эло иштта боху: «Аса дуьйцур ду хьуна исраилхойн лулахошна Айса ден дерг. И нах чӀогӀа вон нах бу, уьш Аса исраилхошна делла долчу латтанашна тӀелетта. Аса уьш шайн мехкашкара аракхуьссур бу, царна юккъера ЯхӀудан тӀаьхье схьайоккхур ю. 15Амма уьш орамашца дӀабаьхначул тӀаьхьа, Аса царах кхин а къинхетам бийр бу. ХӀора къам Аса шен-шен махка а, лаьтта а тӀе схьадалор ду. 16Сан къоман некъаш цара баккъалла а Ӏамош делахь, дийна волчу Везачу Элах цара дуй бууш хилахь (дӀаяханчу заманахь цара Сан халкъ БаӀалах дуй баа Ӏаморе терра), тӀаккха церан, Сан къомана юкъахь а Ӏаш, аьтто хир бу. 17Амма оцу къаьмнаша Аса бохучуьнга ла ца догӀахь, уьш, шайн орамашца дӀа а баьхна, хӀаллакбийр бу Аса», – боху Везачу Эло.
Copyright information for
CheCAC2012