‏ Jeremiah 13

Дуткъачу кӀадих дина доьхка

1ХӀара ду Везачу Эло Соьга аьлларг: «ГӀой, хьайна дуткъачу кӀадих дина доьхка эца, хьайн гӀодаюкъах дӀа а дехкий, иза хих ларде». 2Везачу Эло ма-аллара, доьхка а эцна, иза сайна дӀадихкира аса. 3ШолгӀа а Везачу Элан дош кхечира соьга: 4«Хьайн гӀодаюккъехь долу айхьа эцна долу доьхка схьа а эций, Эпрат-хин йисте гӀо. Цигахь тархашна юккъехь болчу кӀогана чохь къайладаккха». 5Аса Эпрат-хи тӀе а вахана, Везачу Эло ма-аллара, сайн доьхка къайладаьккхира.

6ТӀаьхьо Везачу Эло соьга элира: «Эпрат-хи тӀе а гӀой, Аса хьайга къайладаккхийтина долу доьхка схьаэца». 7Аса, Эпрат-хи тӀе а вахана, сайн доьхка схьа а лехна, хьалха иза къайладаьккхинчу меттигера схьадаьккхира. Амма и доьхка лелон йиш йолуш дацара – иза телхина дӀадаьллера.

8ТӀаккха соьга юха а Везачу Элан дош кхечира: 9«Веза Эла волчу Аса иштта боху: Оццу тайпана Аса йохор ю ЯхӀудан куралла а, Ярушалайман йоккха куралла а. 10ХӀара вон халкъ Сан дешнашка ладогӀарх дӀакъаьхкина. Уьш, шайн аьрхачу дегнаша бохург а деш, кхечу деланашна тӀаьхьахӀутту, царна Ӏамал а еш, суждане а оьхуш. Цундела и къам хӀокху доьхкарх терра хир ду – уьш цхьанна а хӀуманна пайденна боцуш бина дӀахӀиттор бу. 11Адаман гӀодаюккъехь доьхка чӀогӀа дӀадехкаре терра, Аса Исраилан а, ЯхӀудан а ерриге а тӀаьхье Сайна чӀогӀа улло ялийнера, – боху Везачу Эло, – царах Сайн къам дархьама, уьш Сан сийлалла а, дозалла а, хазалла а хилла дӀахӀиттийтархьама. Амма цара Соьга ла ца дуьйгӀира».

ЧагӀаран кхабанаш

12«Ярми-ЯхӀу, халкъе дӀаала: „Исраилан Везачу Дала боху: ‘ХӀора чагӀаран кхаба чагӀарх юьзна хила еза’. Ткъа цара хьоьга эр ду: ‘Тхуна ца хаьа те хӀора чагӀаран кхаба чагӀарх юьзна хила езийла?’“ 13ТӀаккха ахьа цаьрга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Аса ваххал чагӀарца вузор ву хӀора кху лаьтта тӀехь вехаш волу стаг – Даудан тӀаьхьенах болу паччахьаш а, динан дай а, пайхамарш а, иштта Ярушалаймехь вехаш мел волу стаг а. 14Кхабанаш санна, вовшахтухур бу Аса уьш – кӀентий шайн дайшца цхьаьна, – боху Везачу Эло. – Сайн къинхетамалле а, я къахетаре а, я кхооре а уьш хӀаллак ца беш, Со сацавойтур вац Аса’“».

Ярми-ЯхӀус кураллех лаьцна аьлларг

15Ла а догӀий, тергам бе! Кура ма хила, хӀунда аьлча
вистхуьлуш верг Веза Эла ву.
16Шайн Везачу Делан сий де,
Цо бода тӀебаийтале,
маьркӀажехь долчу гунаш тӀехь
шайн когаш тийсабалале.
Аша серлоне сатуьйсу,
амма Цо цунах Ӏаьржа бода бийр бу.
17Нагахь аша Везачу Эле ла ца догӀахь,
со къайла а ваьлла, воьлхур ву,
шун куралла бахьана долуш.
Сан белхар къаьхьа хир ду,
Сан бӀаьргаш хих буьзна хир бу,
Везачу Элан жа йийсаре дӀадигна хиларна.

18Везачу Эло соьга элира: «ДӀаала паччахье а, паччахьан нене а, шайн паччахьан гӀанташна тӀера охьабисса, хӀунда аьлча церан кортошна тӀера сийлаллин таьжнаш охьаэгна. 19НегӀаб олучу яьссачу арара йолу гӀаланаш дӀакъевлина ю, уьш схьаелла стаг а вац. ЯхӀудан дерриг а къам йийсаре дӀадуьгуш ду».

20Хьажал Ярушалайм, хьайн бӀаьргаш дӀахьажабай: къилбаседехьара хьан мостагӀий тӀебогӀуш бу! Ӏалашдан хьоьга дӀаделла адамийн жа мичахь ду? Ахьа дозалла деш долу уьстагӀий мичахь ду? 21ХӀун эр ду ахьа, ахьа айхьа Ӏамийна болу бартхой Везачу Эло хьуна тӀехь хьаькамалла дан дӀахӀиттийча? Цундела лоцур юй те хьо лазарша, берах хьийзош йолу зуда санна? 22Ахьа хьайга хаттар дан мега: «ХӀунда беана суна тӀе хӀара бала?» – аьлла. Дагар ца даллал дукха къинош летийна ахьа хьайх. Цундела хьан кучан юх яьттӀа ю, когаш берзина а бу. 23Хийцалур дуй хушахочуьнга шен чкъор, я цӀоькъе дӀадахалур дуй шена тӀера томмагӀаш? Иштта вонаш дан Ӏемина долчу шуьга далур дуй дика хӀума? 24Везачу Эло боху: «Аса дӀасадаржор ду шу, яьссачу аренгарчу мохо дӀасаяржош йолу кегаш санна. 25Иштта кхаж баьлла хьан, Аса хьуна билгалбаьккхина кхоллам бу иза, – боху Везачу Эло, – Со виц а вина, харцделанех хьо тешна Ӏаш хиларна. 26Аса-айса хьан кучан юх хьан юьхь тӀе хьалатосур ю, хьан бехке меттиг массарна а дӀагайта. 27Суна гина хьан боьха лелар а, говр санна, хьо оре еана хилар а, гунаш тӀехь а, аренашкахь а ахь лелийна хьан кхахьпалла а. Суна гина хьан дегаза цӀушна Ӏамалъяр. Ма бала богӀур бу хьуна тӀе, Ярушалайм. Ма кестта цӀанъелла дӀахӀуттур яц хьо».
Copyright information for CheCAC2012