‏ Jeremiah 14

Йокъа а, харцпайхамарш а

1ХӀара дош Везачу Элера Ярми-ЯхӀуга йокъа бахьана долуш кхечира: 2«ЯхӀуд-мохк боьлхуш бу,
цуьнан гӀаланаш маргӀалъюлу.
Церан нах, тийжаш, Ӏохкуш бу,
Ярушалаймера орца ду доккхуш.
3Хьолахоша шайн ялхой хи дан бохуьйту.
Уьш гӀунаш тӀе бахча,
царна хи ца карадо.
Яьссачу кхабанашца уьш юхабоьрзу.
Дог а доьхна, юьхьӀаьржачу а хӀиттина,
цара шайн кортош къайладоху.
4ДогӀа ца дарна,
латта лилхина,
латталелорхой дог доьхна лаьтта,
цара кортош тӀе хӀума туьллу.
5Ур-атталла арахь болчу сено а,
ша йина йолу кӀорни юьту,
цунна яла буц йоцу дела.
6Акха варраш а ду ерзинчу лакхенашкахь лаьтташ,
чангӀалкхаша санна, шайн мерех хӀаваъ чууьйзуш.
Церан бӀаьргаш кхоьлина бу,
яа буц цахилар бахьана долуш».
7Тхан къиноша тхуна дуьхьал тоьшалла дахь а,
ва Веза Эла, Хьайн цӀеран дуьхьа гӀо дехьа тхуна.
Тхан ямарта хилар дукхазза а хилла.
Хьуна дуьхьал къинош летийна оха.
8Хьо Исраилан халкъан сатийсам хилла лаьтта,
Хьо бохамах тхо кӀелхьардохург ву.
Ткъа хӀунда ву Хьо тхуна хийра стаг санна,
буьйса яккха бен чуван воцу некъахо санна?
9ХӀунда ву Хьо цецваьлла волу стаг санна?
Хьо цхьа а кӀелхьарваккха ницкъ боцучу
тӀемалочух тера ву.
Амма Хьо, Веза Эла, тхуна юкъахь ву,
Хьан цӀе тхуна тӀехь лаьтташ ю.
Ма дитахьа тхо Хьайгара гӀо доцуш!

10ХӀара боху Везачу Эло оцу халкъах лаьцна: «Цу нахана дукхадеза Сох къехкар, шайн когаш ца сацало цаьрга. Цундела Аса уьш тӀе ца оьцу. Цара летийна къинош Суна дагахь лаьттар ду. Цара летийначу зуламашна Аса царна таӀзар дийр ду».

11Везачу Эло элира соьга: «Оцу халкъан диканна доӀанаш ма де. 12Цара марханаш кхабахь а, цара орца даккхаре ладугӀур долуш вац Со. Дийнаташ дагоран я кӀен сагӀанаш цара Суна дахахь а, Аса уьш тӀеоьцур бац. Мелхо а, туьраца, мацаллица, Ӏожаллин уьнца хӀаллакбийр бу Аса уьш».

13ТӀаккха аса элира: «Ва Хьалдолу Эла! ЯхӀудан халкъе пайхамарша олуш ду, Ахьа цаьрга иштта аьлла бохуш: „Нахана мостагӀийн тарраш гур дац, цара мацалла хьоьгур яц. Аса машар латтор бу хӀокху лаьтта тӀехь“».

14ТӀаккха Везачу Эло соьга элира: «Цу пайхамарша Сан цӀарах бинарш харцкхайкхамаш бу. Уьш Аса баийтина а, къобалбина а бац, Аса цаьрга хӀумма а ца элира. Цара бо хаамаш харцсуьрташна а, даьссачу паьлнашна а, шайн дегнийн Ӏехорна а тӀехь лаьтташ бу. 15Цундела Веза Эла волчу Аса Сайн цӀарах хаамаш беш болчу цу харцпайхамарех лаьцна боху: уьш Аса баийтина бац. Цара Соьгара долуш санна боху, хӀокху лаьтта тӀе, герз карахь а долуш, мостагӀий богӀур бац, иштта кхузахь мацалла а хӀуттур яц. Ткъа и пайхамарш тур а, мацалла а бахьана долуш лийр бу. 16Церан кхайкхамашка ладоьгӀнарш Ярушалайман урамашкахь дӀасакхиссина хир бу, туьро а, мацалло а хӀаллак а бина. Уьш дӀабохка стаг а хир вац: я церан зударий а, я кӀентий а, я зудабераш а. Цара лелийначу вонна догӀу таӀзар Аса дийр ду царна.

17ХӀара Сан дош цаьрга дӀакхачаде: „Дийнахь а, буьйсанна а, ца соцуш,
Сан бӀаьргаш хих бузийла, хӀунда аьлча
Сан хьомечу къомана чов йина
Сан йоӀстаг йолчунна боккха бохам баьлла.
18Аренга Со араваьлча,
туьро хӀаллакбинарш го Суна,
гӀала Со чувеача,
мацалло кӀелбитинарш а го.
Пайхамарш а, динан дай а бу
лаьттахула кхетам дӀабаьлла лелаш“».

Везачу Эле до дехар

19Веза Эла, кхоччуш дӀатеттина те Ахьа ЯхӀудан халкъ?
Баккъал а дог даьлла те Хьан Цийонах?
Ма чӀогӀа ю-кх Ахьа тхан дагна йина чевнаш,
ма дац-кх царна дан дарба.
Оха барт хиларе сатийсинера,
амма дика хӀума цхьа а гучу ца долу,
тхаьш тодаларе сатийсинера,
амма кхин а доьхнарг тӀекхочу.
20Веза Эла, оха мукӀарло до
тхаьш лелийначу Ӏесачу гӀуллакхашна а,
тхайн дайша летийначу къиношна а.
Хьуна дуьхьал оха къа латийна.
21Веза Эла, Хьайн цӀеран дуьхьа, ма таттахьа тхо дӀа,
Хьайн сийлаллин Ӏарш сийсаз ма яккхахьа.
Тхоьца Ахьа бина болу барт
дагахь латта а бехьа, боха а ма бехьа.
22Къаьмнийн цӀуйн догӀа даийта ницкъ ма ца кхочу.
Ткъа стигалийн бац ницкъ Хьоьгара а доцуш догӀа даийта.
И деш верг Хьо ма ву, тхан Веза Дела!
Хьоьца ю тхан массо а дегайовхо,
хӀунда аьлча Ахьа деш ду и дерриг а.
Copyright information for CheCAC2012