Jeremiah 15
ЯхӀудан халкъана тӀебогӀу бохам
1 aВезачу Эло соьга элира: «Муса-пайхамар а, Шамъал-пайхамар а ЯхӀудан халкъан дуьхьа Суна хьалха дехарш деш хилча а, Аса цу халкъах къинхетам бийр бацара. ДӀалахкахьа Со волчуьра и нах, дӀабахийтахьа уьш. 2 bЦара „Тхо стенга гӀур ду?“аьлла, хаттар дан тарло хьоьга. ТӀаккха цаьрга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Ӏожаллина леринаргӀожаллина гӀур ву,
туьро вен леринарг
туьрана гӀур ву,
мацаллех вала леринарг
мацаллина гӀур ву,
ткъа йийсаре вигийта леринарг
йийсаре гӀур ву.
3Деа тайпана таӀзар дийр ду Аса царна, – боху Везачу Эло, – уьш байъийта тур а, церан декъий дӀасаийзадайта жӀаьлеш а, стигалара олхазарш а, къиза акхарой а церан декъий даийта. 4 cДуьненан массо а кхечу пачхьалкхашна ирча масал дина дӀахӀоттор ю Аса Ярушалайм, яхӀудхойн паччахь волчу Хьузакх-ЯхӀун кӀанта Маннаша динарг бахьана долуш. 5Цхьаммо а хьох къинхетам бийр бац, Ярушалайм, цхьа а стаг, дог доьхна, воьлхур вац,
я хьоьгахь хӀун хьал ду аьлла, хоттур а дац.
6Со вити ахь, Ярушалайм, –
боху Везачу Эло, –
ткъа ахьа Суна букъ берзий.
Цундела Аса таӀзар дийр ду хьуна,
хьо хӀаллак а йийр ю.
Со кӀадвелла къинхетамаш бан.
7КӀа мохехь цӀандаре терра, Аса уьш
оцу мехкан массо а гӀаланашкара аракхуьссур бу.
Сан къоман бераш дӀа а даьхна,
Аса уьш хӀаллакбийр ма бу,
шайн харцачу новкъах уьш дӀа ца бирзина дела.
8ХӀордан йистерачу гӀамарал а
дукха хир бу бисина болу зударий.
Делкъахенахь хӀаллакдийриг вохуьйтур ву Аса
церан къонахойн наношна дуьхьал.
ЦӀеххьана тосур бу Аса
царна тӀе кхерам а, къемат а.
9ВорхӀ кӀант винарг ю са ийзош Ӏуьллуш.
Цуьнан малх, де суьйренга а далале, чубуьзна,
ткъа иза юьхьӀаьржачу а хӀоьттина, Ӏуьллуш ю.
МостагӀийн таррашка Аса хӀаллакбойтур бу
цунах дийна бисинарш’, – боху Везачу Эло“».
Ярми-ЯхӀу юха а Везачу Эле вистхилар
10Дагахьбаллам бу суна, сан нана, ахьа со дуьнен чу ваккхарна: со ву массо а мохк бехке бан безаш верг. Аса цкъа а нахера декхар а ца даьккхина, я юхалург а ца делла, амма массара а сардамаш кхайкхош верг со ву. 11Везачу Эло жоп делира: «Аса хьо дикачу Ӏалашонна билггал паргӀатвоккхур ву. Бохам тӀе а беана, бала тӀехӀоьттинчу дийнахь Аса хьан мостагӀашка хьоьга дехарш дойтур ду. 12Эчиге я йоьзе дохалур дуй те къилбаседехьара долу эчиг? 13ЯхӀудан хьал а, хазнаш а Аса цхьа а мах боцуш мостагӀашна дӀалур ю. Иза массо а меттехь цара летийна къинош бахьана долуш хир ду. 14Аса уьш, мостагӀийн лолле дӀа а белла, шайна бевзаш боцучу махка дӀабохуьйтур бу. Сан дералло цӀе латор ю, ткъа оцу цӀеро уьш дӀакхоллур бу». 15Веза Эла, Хьо сох кхеташ ма ву. Дагаваийтахьа Хьайна со, гӀо дехьа. Сан дуьхьа бекхам бехьа сан мостагӀашна. Цара со веллал чӀогӀа собаре ма хила цаьрца. Хьуна хууш ма ду, со Хьан дуьхьа хьийзош вуйла! 16Хьан дешнаш соьга схьакхечира, аса уьш сайн кийрахь дӀадехкина. Оцу дешнаша со ирс долуш вина, сан дага чохь самукъадалар а кхоьллина, хӀунда аьлча со Хьан долахь ма ву, массо а ницкъийн волу Веза Дела! 17Со цкъа а ца хилла боьлуш, сакъоьруш болчу нахана юкъахь. Хьан куьйга кӀелахь а Ӏаш, суна уллохь цхьа а вацара, ткъа нахана долчу эргӀадвийларх Ахь вуьзира со. 18ХӀунда бу те хӀара лазам хедар боцу, хӀунда ца йоьрзу те сан чов дӀа? Веза Эла, Хьо соьца Ӏехош долу татол санна хир ву? Хьо соьца цатешаме йолу Ӏовраш санна хир ву? 19Везачу Эло элира: «Нагахь санна хьо Суна тӀе юхаверзахь, Аса юхаметтахӀоттор ву хьо, кхидӀа а хьоьга Сайна хьалха гӀуллакх дайтархьама. Нагахь санна ахь дуьйцург мехала делахь, нагахь санна иза эрна дацахь, хьо кхин а Сан туркх хир ву. И нах хьуна тӀе оьхуш хир бу, амма хьо царна тӀе ваха ца веза. 20Оцу нахана хьалха Аса хьо мокхазан берд санна вийр ву. Уьш хьуна дуьхьал бевр бу, амма хьо цаьрга эшалур вац, хӀунда аьлча Со хьоьца ву, хьо паргӀатваккха а, кӀелхьарваккха а, – боху Везачу Эло. – 21Аса кӀелхьарвоккхур ву хьо вочу нехан карара а, иштта паргӀатвер ву хьо къизачу нехан карара а».
Copyright information for
CheCAC2012