‏ Jeremiah 16

Ярми-ЯхӀун дахарна болу Делан лаам

1Везачу Элан дош кхечира соьга: 2«Ахьа зуда яло мегар дац, ма хилийта хьайн кӀентий а, зудабераш а хӀокху махкахь. 3Иштта боху Веза Эла волчу Аса хӀокху махкахь бина болчу кӀентех а, йоӀарех а лаьцна, цу берийн дайх а, нанойх а лаьцна: 4И нах Ӏожаллин уьнех лийр бу. Церан декъашна воьлхуш цхьа а хир вац, уьш цхьанна а метте дӀа а бухкур бац. Церан декъий лаьтта тӀехь, кхо санна, Ӏохкуш хир ду. И нах мостагӀийн тарраша а, мацалло а хӀаллакбийр бу, ткъа церан декъий олхазарша а, акхароша а дуур ду».

5Цундела иштта боху Везачу Эло: «Тезет долчу керта ма гӀолахь, цигахь кадам а ма белахь, хӀунда аьлча Аса и къам машарца кхин декъалдийр дац, – боху Везачу Эло, – царна Сан безам а, къинхетам а кхин гойтур бац. 6Махкахь цӀе яхана болу нах а, къен нах а хӀокху лаьтта тӀехь лийр бу. Цхьаммо а уьш дӀа а бухкур бац, цхьа а стаг царна воьлхур а вац. Белларш дагахь латто, цхьаммо а шен дилха хедор дац, ткъа цхьаммо а коьртара месаш лоргур яц церан дуьхьа. 7Беллачарна боьлхуш болчу нахана цхьаммо а яа хӀума а яхьар яц, церан догъэцархьама. Цхьаммо а кад кховдор бац цаьрга, шайн да я нана яларна церан догъэцархьама.

8Иштта церан тойне а ма гӀолахь, цаьрца дууш, молуш сакъерархьама». 9 aИсраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Кестта Аса сацор ду кхузара самукъане аьзнаш а, зударий балош болчеран а, нускалийн а аьзнаш а. Иза шу дехачу заманахь хир долуш ду».

10«Ярми-ЯхӀу, ахьа яхӀудхошка хӀара дӀадийцича, цара хьайга: „ХӀунда хӀоттийна тхоьга Везачу Эло хӀара боккха бала, тхоьгара хӀун даьлла, Везачу Элана хьалха хӀун къинош летийна оха?“аьлла, хаттахь, 11ахьа жоп дала деза: „И шуна хилларг дӀаяханчу заманашкахь шун дай Сох дӀаберзар бахьана долуш хилла, – боху Везачу Эло. – Кхечу деланашна тӀаьхьа а хӀиттина, царна Ӏамал а йора, царна суждане а оьхура уьш. Со дӀа а теттина, цара Сан товрат-хьехамаш лар ца бора. 12Амма аша шайн дайшачул а чӀогӀа дукха къинош летийна. Шух хӀорра а шен вочу деган аьрхаллица лелаш ву, амма Соьга ла ца дугӀу аша. 13Цундела Аса шу, кху лаьтта тӀера дӀа а кхиссина, шуна а, я шун дайшна а девзаш доцучу махка дӀадохуьйтур ду. Цигахь лелар ду шу дийнахь а, буса а кхечу деланашна Ӏамал еш, ткъа Аса шух къинхетам бийр бац“».

Йийсарера юхадерзар

14«Делахь а, кестта тӀекхочур ю цхьа зама, – боху Везачу Эло, – Исраилан халкъ Мисар-махкара арадаьккхинчу дийна волчу Везачу Элах адамаша кхин чӀагӀо йийр йоцу. 15Мелхо а Исраилан халкъ къилбаседехьарачу махкара а, массо а Ша уьш дӀабахийтина долчу латтанашкара а юхадерзийначу дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йийр ю цара. Церан дайшна деллачу лаьтта тӀе юхаберзор бу Аса уьш».

Хиндолу таӀзар

16«Кестта Аса дуккха а чӀерийлецархой хьажор бу цига, – боху Везачу Эло. – Цара и нах схьалоьцур бу. Цул тӀаьхьа Аса иччархой бохуьйтур бу, цаьрга и нах массо а лаьмнашкара а, гунаш тӀера а, тархашна юккъехь йолчу хераллашкара а дӀабахийта. 17Цара мел деш дерг Суна гуш ду. Цаьрга цхьа а хӀума Сох къайладаккхалур дац, церан къинош Сан бӀаьргаш хьалха лаьтташ ду. 18Уьш юхаметтахӀоттабале, цара лелийначу зуламашна а, цара летийначу къиношна а догӀург шозза дӀалур ду Аса оцу нахана, хӀунда аьлча, декъий санна, са доцучу шайн цӀушца цара Сан латта бехдина, шайн дегазчу харцделанех цара Сан долахь дерг дуьзна».

Ярми-ЯхӀус дина доӀа

19Веза Эла! Хьо ву сан ницкъ а, сан ондалла а, де доьхначу дийнахь сан дӀалечкъийла а! Хьо волчу догӀур ду къаьмнаш дуьненан массо а маьӀӀера. Цара эр ду: «Тхан дайн харцделанаш хилла, уьш царна Ӏамал еш а хилла. Амма цу цӀуша царна цхьа а тайпана гӀо ца дина. 20Йиш юй адамийн шайна деланаш кхолла? Уьш куьйга дина суьрташ ма ду, церан деланаш хила йиш а ма яц!»

21«Цундела Аса и нах Ӏамор бу. Аса гойтур ю царна Сайн нуьцкъалалла а, гӀора а. ТӀаккха хуур ду царна Со Веза Эла вуйла!»
Copyright information for CheCAC2012