‏ Jeremiah 17

ЯхӀудхоша латийна къа а, цунна догӀу таӀзар а

1Везачу Эло боху: «ЯхӀудан халкъан къа аьчка уьрсаца дӀаяздина ду тӀулгах динчу нехан дегнашна тӀехь. Церан къа мокхазца хедийча санна ду сагӀа доккхучу кхерчийн маӀаш тӀехь. 2Церан берашна массо а ханна дагаоьху шаьш кечйина йолу сагӀа доккху меттигаш а, Ашера-далла лерина болу шайн дечиган бӀогӀамаш а. Ма „хаза“дӀахӀиттийна бу уьш баьццарчу дитташна уллохь а, лекхачу гунаш тӀехь а, 3лаьмнаш тӀехь а, аренашкахь а! Шун хьал а, массо а хазнаш а Аса цхьа а мах боцуш мостагӀашна дӀалур ду. Иза массо а меттехь аша летийна къинош бахьана долуш хир ду. 4Аса шу, мостагӀийн лолле дӀа а делла, шайна бевзаш боцучу махка дӀадохуьйтур ду, хӀунда аьлча аша Сан оьгӀазаллин цӀе самаяьккхина. И цӀе массо а ханна йогур йолуш ю».

Нахах тешар а, Делах тешар а

5Иштта боху Везачу Эло: «НеӀалт хир ду, кхечу стагах а тешаш,
цунах шена гӀортор а йина,
шен дог Везачу Элана уллора
дӀадаьккхина лелаш волчунна.
6Иза яьссачу аренгахь йолу колл санна хир ву.
Диканиг хилча а, цунна иза гур дац.
Яьссачу аренгара екъачу меттигашкахь а,
адамаш ца дехачу лаьттахь а Ӏийр ву иза.

7Декъала хир ву Везачу Элах тешаш верг а,
шен тӀетовжа меттиг – Веза Эла ерг а.
8 aИ стаг, хин татол долчохь дӀадоьгӀна долчу,
шен орамаш хина уллохь хецна долу дитт санна хир ву.
Цунна ца хаало йовхо тӀееача.
Цуьнан гӀа баьццара лаьтта.
Иза йокъанах а ца кхоьру,
шена тӀе стом ца латош а ца хуьлу.

9Мекара ду адаман дог,
чӀогӀа телхина а ду иза.
Цунна чохь дерг цхьанна а ца хаьа.
10 bАмма Веза Эла волу Со
цуьнан даг чохь дерг хаа йиш йолуш ву,
цуьнан тешар зен йиш йолуш а ву,
цу нахана царна доггӀург дӀадалархьама».

11Моша кхечу олхазарша дина долчу
хӀоаш тӀе тевна даккха охьахоу.
Иштта ву хьарам хьал гулдина волу стаг.
Шен дахар юккъе даьлча, иза и хьал дита дезаш а хир ву,
шен дахар чекхдолучу хенахь юьхьӀаьржачу а хӀуттур ву.

12Далла лерина долу оха дина деза цӀа
дуьххьара дуьйна хьалаайина йолу Ӏарш санна ду.

13Веза Эла, Хьо Исраилан сатуьйсийла ю.
Хьо витинарш юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу.
Хьох дӀабевллачеран цӀераш эхарте дӀаязйина ю,
хӀунда аьлча шайна цӀеначу хин хьоста
хилла лаьттина волу Веза Эла цара витина.

Ярми-ЯхӀун доӀа

14Дарба дехьа суна, Веза Эла, тӀаккха со толур вара. КӀелхьарваккхахьа со, Веза Эла, со кӀелхьарвер вара. Хьо ву аса хастамаш беш Верг. 15Цара соьга боху: «Мичахь ду Везачу Эло хир ду аьлларг? Цо аьлларг кхочушхуьлийла!»

16Царна вониг дан Аса Хьо сихвина вацара
Грекийн гочдар тӀехь: Царна вониг дан Аса Хьо сихвина вацара. Ӏебархойн тептар тӀехь: Хьох дӀа а ваьлла, Со Хьан Ӏу хиллачуьра сихвелла вацара.
, бохаман де тӀекхачаре сатесна а вацара. Хьуна иза хууш ма ду. Сан багара даьлла дош Хьуна хьалха дӀадиллина ма ду.
17Ма хилахьа суна кхераме, де эшначу дийнахь Хьо сан тӀетовжийла ма ю. 18ЮьхьӀаьржачу хӀиттабехьа сан мостагӀий, ткъа со юьхькӀайчохь хилийтахьа. Човхабехьа уьш, ткъа со паргӀат хилийтахьа. Царна тӀе бохаман де тӀедаийтахьа, уьш кхоччуш хӀаллакбехьа.

Далла лерина шоьтан де ларарх лаьцна

19Везачу Эло соьга элира: «Ваха а гӀой, Ярушалаймерчу халкъан ков долчохь дӀахӀотта, яхӀудхойн паччахьаш чу-ара буьйлучу меттехь. Иштта Ярушалайман массо а кевнаш долчу кхача хьажа. 20Цигарчу халкъе хаам бе: „ЛадогӀа Везачу Эло бохучуьнга, яхӀудхойн паччахьаш а, ЯхӀуд-махкара дерриг халкъ а, гӀалин кевнийн неӀаршкахула чу мел богӀу Ярушалайман бахархой а! 21 dИштта боху шуьга Везачу Эло: ‘Шайн синош лардархьама, шоьтан садоӀучу дийнахь Ярушалайман кевнаш чухула цхьа а тайпана мохь дехьа-сехьа ма баккха. 22 eИштта шайн хӀусамашкара шоьтан дийнахь мохь ара а ма баккха, цхьа а тайпана белхаш а ма бе. Аса шайн дайшна тӀе-ма-диллара, шоьтан де аша Суна лерина хилийта деза. 23Амма шун дайша Соьга ла ца дуьйгӀира, Со тергал а ца вира. Бухахьа а бевлла, Соьга ладогӀа а, Аса уьш нисбар а ца лаьара царна.

24Нагахь санна аша Аса хӀинца бохучуьнга ла ца догӀахь, – боху Везачу Эло, – хӀокху гӀалин кевнашкахула шоьтан дийнахь мохь чу ца кхоьхьуш шу сацахь, и де аша цхьа а тайпана болх ца беш Суна лерина ца хилийтахь, 25тӀаккха кху гӀалин кевнаш чухула Дауд-паччахьан тӀаьхьенах схьабевлла паччахьаш а, элий а Ярушалайман кевнах чекхбевр бу. Уьш а, церан тхьамданаш а шайн гӀудалкхаш тӀехь а, говрашна тӀехь а богӀур бу, ЯхӀудан халкъаца а, Ярушалайман бахархошца а цхьаьна. Ткъа Ярушалайм абаденналц лаьттар ю. 26ЯхӀуд-махкарчу массо а гӀаланашкара а, Ярушалайм-гӀалина гонахарчу ярташкара а, Бен-Яманан тайпанан махкара а, малхбузерчу акъарера а, лаьмнашкара а, ЯхӀуд-мехкан къилбехьара а дийнаташ дагоран сагӀанаш, кӀен сагӀанаш, хаза хьожа йогӀучу хӀуманийн сагӀанаш, баркаллин сагӀанаш Делан цӀа долчу схьадахьар ду. 27Нагахь санна шу, шоьтан дийнахь Ярушалайман кевнаш чухула маххьаш чу а кхоьхьуш, и де Суна лерина а ца хуьлуьйтуш, аша Соьга ла ца догӀахь, Аса Ярушалайман кевнашкахь цӀе латор ю. Аса кху гӀалахь мел йолу гӀепаш ягийна дӀайохур ю, ткъа цхьаннен а иза дӀаяйа йиш хир яц’“».
Copyright information for CheCAC2012