‏ Jeremiah 18

Ярми-ЯхӀу куьпчичун цӀахь

1Ярми-ЯхӀуга Везачу Элан хӀара дош кхечира: 2«Куьпчи волчу цӀа гӀо, цигахь Сайн дош кхочуьйтур ду хьоьга». 3Со куьпчи волчу чу вахача, иза шен чарха тӀехь болх беш вара. 4Цо еш йолу поппаран пхьегӀа йоьхна дӀаелира, цуьнан карахь йоллушехь. Эццахь цу куьпчичо шен куьйгашца шена луучу кепара кхин пхьегӀа йира оцу поппарх.

5ТӀаккха Везачу Элера хаам кхечира соьга: 6«Исраилан тӀаьхье, цу пхьеро диннарг Соьга а шух далур дац те? – боху Везачу Эло. – Хьо Сан карахь куьпчичун поппар санна ма ю, Исраилан тӀаьхье. 7Нагахь санна цхьана хенахь цхьа къам я пачхьалкх орамашца дӀа а яьккхина, йоха а йина, хӀаллакйина хир ю аьлла, Аса дӀахьедар дахь, 8амма и къам ша лелийначу вонах дӀадерзахь, тӀаккха Аса, дохко а ваьлла, Айса царна лерина бохам бийр бац. 9Нагахь санна вукху хенахь цхьа къам я пачхьалкх, юхаметтахӀоттар а деш, орамашца иза дӀадогӀа деза аьлла, Аса дӀахьедар дахь, 10амма оцу къомо, Суна хьалха вониг а лелош, Соьга ла ца догӀахь, тӀаккха Аса, дохко а ваьлла, Айса дагалаьцна диканиг царна дийр дац. 11Цундела дӀаала ЯхӀудан халкъе а, Ярушалайман бахархошка а: „Везачу Эло боху, Ша шуна дуьхьал вониг дан а, шуна бохам бан а кечлуш ву. Цундела шаьш мел лелош долу вон хӀуманаш а дитий, шаьш лела некъаш нисде“. 12Амма халкъо эр ду: „Цу хӀумане са а ма тийса. Оха тхайна луъург дийр ду. ХӀора стага шен вочу, аьрхачу даго боххург дийр ду“».

Наха Веза Эла дӀататтар

13Цундела иштта боху Везачу Эло: «Кхечу халкъашна юкъахь хаттал,
цкъа а хезний царна кхунах тера долу хӀума дуьйцуш?
Инзаре ирча хӀума дина
йоӀстаг санна долчу Исраилан халкъо.
14Цкъа а Ливанун-лаьмнийн басенийн тархех ло къайладолий те?
Цкъа а соций те генарчу оцу лаьмнашкара охьаоьхуш долу шийла хиш?
15Сан халкъана-м Со вицвелла.
Эрначу цӀушна сагӀанаш доху цара.
Цундела когаш тийсалуш лелаш бу уьш
шаьш дӀакхоьхьуш долчу некъаш тӀехь.
Шайн дайн ширачу некъаш тӀера дӀабевлла уьш,
нийса доцучу паначу некъаш тӀе бовлархьама.
16Сан халкъан мохк бассийна хир бу,
гуттаренна а цунах кхаьрдар бу.
Махка тӀехула лелаш мел верг,
инзар а ваьлла, корта лестош хир ву.
17Малхбалехьарчу мохо санна,
дӀасадаржор ду Аса и халкъ цуьнан мостагӀашна хьалха.
Царна бохам тӀекхаьчначу дийнахь,
Сайн юьхь ца гойтуш, букъ берзор бу Аса царна».

Ярми-ЯхӀуна дуьхьал бартбар

18ТӀаккха цхьаболчара элира: «Дуьйло, Ярми-ЯхӀуна дуьхьал барт бийр бу вай! Товрат-хьехам тхуна Ӏамочу динан дайн а, хьехамаш бечу хьекъалчийн а, Делера болу хаам бечу пайхамарийн а цатоар цкъа а хир дац. Вало, Ярми-ЯхӀуна дуьхьал бехкаш далор ду вай, цуьнан дешнаш тергал а дийр дац вай».

19ЛадогӀахьа, Веза Эла, аса бохучуьнга, сан мостагӀаша бохург дӀахазахьа. 20Дан дезий те диканна дуьхьал вониг? Делахь а цара ор даьккхина, со вейтархьама. Дагадаийтахьа со Хьайна хьалха лаьтташ хилар, церан дуьхьа Хьуна диканиг дуьйцуш, Хьоьга Хьайн дералла царна тӀера дӀаяккхийтархьама. 21Цундела хӀоттаехьа церан берашна мацалла, довзийтахьа царна тур а. Церан зударий берех бовлийла, иштта бисина а Ӏойла уьш. ХӀаллакбойла церан майранаш а, ткъа церан къонахой тӀамехь туьраца байийла. 22Тийжарш хезийла церан цӀенош чуьра, Ахьа цӀеххьана уьш болчу мостагӀий балийча, хӀунда аьлча цара суна кӀело йина, къайлаха сан когашна бухахь бойнаш а тесна. 23Амма Хьуна, Веза Эла, хууш ду цара суна дуьхьал бартбар. Уьш со вен гӀерташ бу. Цара летийна къинош дӀа ма дахахьа, цара динчу зуламашна геч ма дехьа. Хьуна хьалха уьш эшийна хуьлийла. Хьо оьгӀазвахханчохь дехьа царна таӀзар.
Copyright information for CheCAC2012